Дукха хан ю нохчийн мотт буьззина чулоцуш дошамнаш оьшу а, уьш йоцу а. И кхачамбацар меттахIоттош шен агIор боккха болх а бина цо.
Ахьмад Бети стохка Нохчийчу вахара леррина и шен дошам оьшу нах, иза зорбане йоккхунйолу мехкан куьйгалхой лаха. Иштта кхечира Нохчийчоьнан Iилманийн академе а. Амма цул тIаьша шо даьлла, дац акамино авторе аьлла дош а...
Ахьмад Бетица цунах а, цуьнан дошамнах а лаьцна къамел хилира Маршо Радион.
Ахьмад тешна ву цкъа мацца а ша бинчу белхан Нохчийчоьнан балакхочург хиларх.