Кинофилмаш а, концерташ а, спортан гайтамаш а, мукъамаш, исбаьхьалла, ткъа иштта литературин цхьаьнакхетарш – иштта ду пIераскан дийнахь мухIажарийн де-буьйса билгалдоккхуш йоллучу Австрехь биначу белхан цхьа дакъа.
Дагардинчул совнаха кхин а дуккха а дра „МухIажарийн еха буьйса“ акцийн могIаршлахь меттигерчу бахархоша, уггаре а хьалха царалахь адамийн бакъонашларйархоша а, мухIажаршца болх баран а, дика даран а цхьаьнакхетараллин белхахоша а, ткъа иштта шаьш мухIажарша а динарг.
Иштта, масала, Цхьаьнакхеттачу къаьмнийн мухIажарийн гIуллакхах йолчу хьукматан векалца Вернер Матильдица цхьаьнакхетар хилира Венерчу Цхьаьнакхеттачу къаьмнийн юкъараллин гIишлонехь.
Цу зудчо, дуккхаъчу шерашкахь доллучу дуьнентIерчу мухIажарийн баланаш дика бевзаш а, и баланаш лахбархьама къахьоьгуш а йолчу, дийцира цхьаьнакхетаре гулбеллачаьрга, дуьненчохь 65 миллион мухIажар ву бохург хаамийн гIирсашкахь дийцаре дечу хенахь, дукхахболчу нахана цу терахьна тIехьа еккъа цхьа еса статистика бен ца го, амма цу 65 миллионах хIора а адам ду, шен кхоллам а, шен лазам а, шен сатийсамаш а болуш, ше са дадийна, дийна виса а, ваха а лаамца махках я цIийнах дала дезна долу, бохуш.
Ша Шемахь цигахь тIеман а, мацаллин а баланаш ловчу нахаца динчу къамелех а, цара шега дийцинчух а, цигахь шена девзинчу адамех а лаьцна дийцира цо. Амма пIераскан сарахь, Венехь, мухIажаршна леринчу цхьаьнакхетарехь шена вуно мехала ду,
Австрехь кху тIаьхьарчу шина шарчохь бIеннаш эзарнаш мухIажаршна гIо деш, царна орцах бевллачу меттигерчу бахархошна, меттигерчу юкъараллин жигархошна, мухIажарийн кхолламехь дакъалаьцначу хIора а гIодархочунна шегара баркалла алар, элира хьукматхочо, хIунда аьлча, могIарерчу наха иштта адамалла ца гайтинехь, бекъа цхьана Iедалан ницкъаца цу чолхечу киртиках пачхьалкхе чекхйала дуккхаъ халох хир дара, аьлла.
Вернер Матильда: „Тахана со кхузахь иштта баркалла алархьама а ю. Оццул дукха адамаш ду кху махкахь оццул дукха дика белхаш беш. Кхуза схьа мел оьхучу мухажаршна гIо до цара, гIелдалар доцуш, шаьш ца кхоош къахьоьгу цара. ЧIогIа мехала ду цу нахе вай Дела реза хуьйла шуна алар“.
Венерчу хьалхарчу кIоштахь, Карлсплат майданахь „мухIажарийн еха буьйса“ акцина лерина митинг дIаяхьира мигранташца болх бечу гIодархоша. Шаьш мухIажарш а, меттигерчу парламентан депутаташ а, юкъараллин жигархой а бара цигахь дакъалоцуш.
Австрерчу „СОС -адам“ дикадаран цхьаьнакхетараллин векал йолчу Стойка Сандрас а элира шен къамелехь уггаре а боккхах болу болх Австрехь мухIажарш тIелацарехь а, уьш дIатарбарехь а шайна тIелаьцна хилларш могIарера нах, гIодархой бар, аьлла.
Стойка Сандра: „Дукха хIума Iалашдина гIодархоша. МухIажаршна Австрехь шаьшка марша догIийла ала нах буйла гайтина цара. Царна церан адамийн сий юха а дерзийна цара. Мел дукха халонаш шайн белха тIехь Iиттаеллехь а, гIодархойн вовшашца йолу уьйраш а, цара тIеоьхучарна белшашгIортор а де дийне мел долу а алсамдолуш ду. Ас чIогIа дозалла до Австрехь оццул дукха дика хIума деш хиларх. Вай, гIодархой, кхечарна масала а хилла дIахIиттина хиларх а. Баркалла шуна“.
Венерчу цхьа могIа кинотеатраша а, концертийн а, исбаьхьаллин гайтамийн кхерчаша а схьайиллинера пIераскан дийнахь-бусий шайн неIарш, мехаза мухIажаршна а, царна гIодархошна а чу дахка бакъо а луш. Иштта, Европехь тоьллачхе ларалучу Бургтеатро масех спектакал гайтира мухIажарийн денна лерина.
Шен белхашкахь мухIажаралла а, цIера вада везар а, хийралла а гойтуш волчу дуьненна а вевзаш волчу Китайра исбаьхьалхочун Ай ВейВейна исбаьхьаллин гайтаме кхача а таро хилира луучеран мехаза.