ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Элдиева Марет. Цхьа доIа.


Элдиева Марет

Цхьа доIа

-Воккха Дада, хьо цхьанхьа ваха гIерта?

-ХIаъ.

-Воккха Дада, мича гIур ву хьо?

-Дала пурба лахь, Макка а, Мединате а, хьаж кхочушда…

Жимачу кIанта леррина тергалво воккха стаг…

-Воккха Дада, хьо цига доIа дан воьдуш ву?...Ахь цигахь хIун доьхур ду Деле, Воккха Дада?...Воккха Дада. .. ХIан, Воккха Дада? Цигахь Деле хIун деха воьдуш ву хьо?... ХIан, Воккха Дада?

-ХIунда хоьтту ахь, Дуду?

-Цигахь дехнарг Дала ло бохура бабас… сан а ма дара хьуна цигахь чIогIа-чIогIа деха дезаш хIума... ХIан, Воккха Дада?

Жимма соцунгIа а йина, кIанта юха а хаьттира: «Воккха Дада, дуй хьан цигахь деха дезаш хIумма а?» Воккхачу стага кIант маравоьллира: «ХIун дара, Дуду, хьан цигахь деха дезаш?» Шен Iаьржа боккха ши бIаьрг воккхачу стагана тIе бугIуш, кIанта элира: «Цкъа ахь алахьа, хьайн цигахь деха дезаш хIума ду-дац? Хьуна луург а, сайна луург а деха йиш ма ю сан, Дала мукъ лахь».

Леррина воккхачу стаге хьоьжуш волу кIант, цхьа чIогIа самукъадаьлла, кIажваххана велавелира. ТIаккха, воккхачу стеган вортанах а хьаьрчина, цунна обанаш ехира, цул тIаьхьа дийцира луург. «Воккха Дада, хьо дIа ма-кхаьччинехь, цхьа а гIовгIа йоцчу а валий, хьайна Дудус а, Тамаша а тIедиллинера алий, Деле дIа а хоуьйтуш… вайн Деле… тхойшиннен дай, наний цхьана дахийта алий, дехахьа…».

КIентан хьажар – сатийсаман хIорд хилла, воккхачу стеган кхетаме кхечира… Кхохкийна, ладугIуш Iара иза кIанте… Нийсса бIаьргаш чу ца хьаьжча, ша дуьйцург ца хазарна кхоьруш санна, хIокхунна тIера бIаьрг ца боккхуш, кхидIа а дуьйцура Дудус: «Цхьа жимма бен дов ца даьлла цу шиннан… дадас цIа яло мегар ма дара нана… ца ялайо-кх… нана а хуьлу езаеш, цIа ян ца лаьа бохуш… суний, Тамашний ма лаьа… Тамаш жима ма ю… цуьнан къа ма ду… ХьастагIа тхойша нана йолчуьра цIа догIуш, иза йилхира хьуна…Воккха Дада… хьасталуш, делахь… и цхьа доIа… виц ма лолахь, Воккха Дада»,- шадерг дийца сихвеллера кIант.

Шершшина воккхачу стеган карара охьа а воьссина, ведда дехьачу вахара, «Тамаш! Тамаш!» - бохуш йишига а кхойкхуш… Воккха стаг ойлане ваьллера. Цунна дагаеара шен нана. ЦIера дIадохор а, доьзал, да кхелхина, бисча, нанас биттина лол а, нана кхелхича, цуьнан гIевланга хиъна, ша воьлхуш яьккхина буьйса а… Дехьачохь Дудуй, Тамашший а дара къамелаш деш.

«Тамаш! Воккха Дадас ша дийр ду боху доIа… охI- вай, ма дика а ду… хIинца-м нана схьайогIур яра. Тамаш! Вайшимма нанас делла ахча Воккха Дадина лой?». ЙоьIаца барт-м хала бан безаш бацара. ХIара шиъ кест-кеста Iара вовшаххьаьрчий, шабарш деш, нана схьаяло цхьанна дагадаре сатуьйсуш, гIенахь делхаран къурдаш а деш… Тамаша жимма ойла йира. «Кампеташ?»- аьлла хаьттира.

ТIаккха сихха ша- шена жоп делира: «ХIумма а дац. Кампеташ-м ца оьшура, нана схьаеъчхьана. Дуду! Ва, Дела, ма дика ду… Сихха дIалохьа цунна ахча». Тамаш неIарехьа сецира, кIант ведда тIевахара ойлане ваьллачу воккхачу стагана. Цуьнан ойла юкъахъяьккхира кIентан озо.

«Воккха Дада!» - коча хаьрчира Дуду. Жимма Iийна, лохха, элира: «Воккха Дада, нанас кампеташ эца делла ахча ду… и хьуна ло…охашимма… хьажал…»- кIанта схьакховдийра хьерчийна, беркъадоьлла пхеа туьманан кехат. Жима Дуду ца кхетара Воккха Дадас сихха ахча схьа стенна ца оьцу.

Иза ша мел долчух воккха стаг кхето гIерташ воллура: «Ас Тамаше а хаьттина… тхойшинна делла ма дара иза… иза а реза ю… кампеташ-м ца йиъча а хIумма а дацара… хIинца кхин башха еза а ца еза… вайн Устазора, Воккха Дада, цкъа а кампеташ ца яа реза ма ву со… дIаэцахьа хIара…», - бохуш, ахча цуьнан кара дилла гIертара и…Воккхачу стага кIентан куьг дIатоьттура, ахча схьа ца оьцуш… Дуду эххар а цхьана хIуманах кхетча санна, сецира…

ТIаккха, цхьа гIийла-гIийла элира: «Цхьа доIа… бен ма дац и… цхьа доIа…». КIентан бIаьргех хиш дуьйладелира… даккхий къурдаш деш, велхар сацо гIерташ, кегий буйнаш хьоькхура цо бIаьргех. Пхеа туьманан кехат а жимма дешнера.

«Э, велла вала со! Ма Iовдал корта а бу,- бохуш, воьхна хьаьвзира воккха стаг. ДIанехьа лаьтташ Тамаш а яра, хIокхаьрга хьоьжуш, юьхь тIехула охьауьдуш хаддаза бIаьрхиш а долуш. «Вай велла вала со… ма делхалаш… ВаллахI дийр ду… схьало ахча… кхин цхьа а доIа а дийр дац Дадас, и хьан цхьаъ доцург… сагIа хуьйла ахча а… чIогIа оьшуш ма дара Дадина… ма велха… кхин ма велхалахь… хьо кIант ма ву… велха мегар дац…кхин шу делхахь, дада а воьлхур ву…доIа дийр ду… дера ду… ахча Дадина луш дарий ахь… схьало… ». КIант къежира, юха шен ахчане а хьаьжна, вуьйхира: «Даш… да-ший-на…». «ХIумма а дац, Дадас хIинцца итуца дакъор ду…».

Шина берана ца гойтуш, шен бIаьргех даьлла хи дIадаьккхира воккхачу стага. Дуду ведда йишина тIевахана и хьоьстуш воллура: «Ма елха, Тамаш, Воккха Дадас доIа дича, нана схьайогIур ю… ма елха… ахча а дIаэцна…».

Воккхачу стагана юххе хьийзира ши бер сарралц. ЙоIа-м, шен кучан пхьош а хьокхуш, Воккха Дадин мачаш а цIанйира. КIант а хьийзара, ша муха там бийр бара, ца хууш. ЭхI, ма самукъадаьллера цушиннан! Ма даггара доккхадера и шиъ! Иштта хIорш дасахьийзаш, буьйса тIееара. Пхьор диъна девлча а, кIант хиъна Iара набарна бIаьргаш тIеуьххушехь, наб ца кхетийта гIерташ, ойлане ваьлла воккха стаг ларвеш. – Хьо дIа хIунда ца вуьжу, Дуду? – аьлла, шега воккхачу стага хаьттича, – хьоьца вуьжур ву, хьо ойла йина ваьлча аьлла, жоп делира кIанта.

Иштта вогIавелла Iийра, шена набкетталц. Набкхетта кIант шен метта охьа а виллина, воккха стаг лохха кхайкхира: «ХIей! Хезий хьуна?». Сехьаяьллачу йоккхачу стаге вистхилира: «Тахана цу шина беро лелийнарг гирий хьуна?» БIаьргех йовлакхан тIам а хьокхуш, «хIаъ» бахаран кепехь корта таIийра вукхо.

«Нагахь санна со могуш-маьрша Хьажийн ЦIера вухаверзахь, ас шина беран нана цIаялор ю… Амма… Хьанна хаьа, Iожалло мичахь лоцу… Делан кхиэл хIоьттина, сан цигахь кхалхар нислахь, и сан лаам кхочушбар - сан весет хиллийла хаийталахь сан верасе… Кхана новкъавала ца везахьара… и цIа ца ерзош гIур а вацара со.».

Вехха Iийра воккха стаг ойла еш. Ша-шена резавацара и шен синкхетам ца хиларна берийн дагахь долчунна тIекхиа, церан сингаттам ган. Юх-юха а хезара цо, доккха са доккхий: «Э-хIе-хIай, велла вала со делаI, Дудуйчулла хьекъал цакхачар…» олуш…

…Ша вижале, тIевахана, Дудуйга хьаьжира… набарха, Тамашна тIехула куьг даьккхина, иза маракъевлина, воьлуш, цхьа хабарш дуйцуш, воккхавеш, вара кIант…

XS
SM
MD
LG