ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Бисултанов Апти. Беттаса лекхачу буьйсанан кIоргенехь...


беттаса лекхачу буьйсанан кIоргенехь
IиндагIа дазделча меттах ца валлал
Цхьалхачу ойлано барт хаттар кIордийна
Са маьрша дуьту сан цкъа новкъа валлал

беллачу доттагIийн IиндагIаш доьлхуче
тоьллачу мостагIийн гIаларташ довче
цкъа а малх ца гина мIаьргонаш йоьлхуче
со кхача хьаьгна ву дашна дош товче

хийла сатийсинчу доккхачу дезарна
эххар а хIара некъ юьхьара лоцуш
сан-м велха хIун дара ша дита дезарна
хIаваэхь лам техка Нохчийчоь йоцург

сан-м дита хIун дара цхьа ненан пекъар бен
хIусам бен серлонийн гIонжагIахь лаьтта
хIора а сан гIалат даггара декъалден
цхьа чурт бен ден кошан гIовлангахь лаьтта

ахь хIинца воьлху верг велхаве хьайн къина
хьевза верг хьовзаве дуьненан хазна
стиглара воьсина кошара кхайкхина
хьуна хIун бен яра сан гIийла назма

суна хIун бен дара аганан гIохкарш а
тутмакхан гIоьмаш а вихкина латто
суна хIун хьем бара цIе йоцу мохк каш я
борзана чурт ца тов дакъаза лаьтта

сел къаьхьа дуьне вай вовшашна довзарна
хьуна ду-кх тIаьххьара сан даредар а
декъаза хилла со хьан марзо йовзарна
декъала хилла со Нохчийчохь варна

Апти Бисултанов вина 1959 шарахь. Апти -- гоьваьлла нохчийн кхузаманахьлера байтанча ву. 1983 шарахь цо чекхъяккхира Нохч-ГIалгIайн пачхьалкхан университетан филологин факултет. Бисултановс арахецна цхьамогIа байтийн гулам. Масала, цуьнан «Ткъесан ӀиндагӀ» гуламана юкъайоьдуш ю шуьйрра евзаш йолу поэма «Хайбахехь язйинарг». 1992 шарахь цунна делира Нохчичоьнан Халкъан совгӀат. Апти Бисултанов 2002-чу шарахь дуьйна Ӏаш ву Берлинехь.

XS
SM
MD
LG