Садуев Аслан
КIезиг бац нохчийн мухIажирашлара эскаре баханарш. Туркойчохь шаьш 15-16 шо доккхучу юкъанна цара дешна церан ишколашкахь, царна дикка хаьа туркойн мотт а, церан истори а, Iадаташ а. Туркойн эскаре бахар а цара шайна тIехь долу декхар санна лору.
Иштачарех цхьаъ ву кхушара уггаре а хьалха туркойн эскаре вахна волу Терлоев Адам. Кху деношкахь эскарехь мукъа денош а делла, садаIа цIа веънера иза. Шен нана а, нохчийн мухIажарш а бехачу гIала.
Маршо Радио: Адам, мас шо дара хьан Хонкара схьавогIуш, хьаьнца вара хьо, хIун бахьна дара хьо цIераваккхаран?
Терлоев: "Со цIера араваьккхира сан 3-4 шо долуш. ТIом балар бахьна долуш. Тхан доьзал цкъа хьалха ГIажарехь Iийра 10 шарахь. Цул тIаьхьа, 2010чу шарахь, тхо туркойн махка схьадаьхкира.
Маршо Радио: Дешар а, болх бар а хилира хьан кхузахь?
Терлоев: "Деа шарахь КъорIан Iамийра ас. Белхаш а бира фабрикашкахь а, гIишлош ечохь а. -вуьшта аьлча, хьо, кхуза схьакхаьчначу дуьйна дIа доьшуш а, болх беш а мукъа Iийна вац-кх".
Маршо Радио: Кхушара эскаре ваха хан а кхаьчна, хьо эскаре вахна. Къайлавала йиш а яра хьан. Масала, цIа вахна а. Ткъа хьо хазахетарца эскаре вахара, хьайн лаамца. Хьан нана а яра хьо цига вахийта реза. ХIун бахьна дара цуьнан?
Терлоев: "Кхузахь хьала а кхиънера, хаза а хетара эскаре вахар, цигахь сайн декхар дIадала лаарна вахара".
Маршо Радио: Муха тIеийцира хьо цигахь, хьо нохчо ву аьлча, дукха цецбевла–м бацара эпсарш а, салтий а?
Терлоев: "ХIаъ, со нохчо вуйла хиъча, дуьххьара цец а бевллера. Цара забар ечуха хоьттура: - хьо муха кхаьчна кхуза? Хьо тхуна дуьхьала болучаьрца хила везаш ма вара, бохуш".
Маршо Радио: Дехьарчу Сирехь а, Иракъехь шайна дуьхьала болчу нохчашца хьо цахиларах цецбевлла бара хIорш?
Терлоев: "ХIаъа, хIаъа..."
Маршо Радио: Хьуна хьайна хала дарий цараха дIавола?
Терлоев: "Со атта вуьлира царах дIа, туркойн мотт а, Iадаташ а сайна шерра хаарна".
Маршо Радио: Оьрсийн эскарехь хене бевлачу салташа керла тIебалийначу къоначу салташна ницкъ бо. И тайпа ледара хIумнаш хуьлий туркойн эскарехь?
Терлоев: х"Хан-хIа, ишта хIумнаш ца хуьлу цигахь. Кхузахь йолчу армехь паргIат ду".
Маршо Радио: ТIаккха эпсарш муха бу хьоьца?
Терлоев: "Уьш а шайн вешица, накъостаца санна бу соьца".
Маршо Радио: Ткъа салтий?
Терлоев: "Уьш а со нохчо хиларна охьатаIо цагIерта, шайн гергарчу стагаца санна бу".
Маршо Радио: ТIаккха, мел ханна кхайкхина ву хьо эскаре?
Терлоев: "Пхи бутт дIа баьлла, кхин 7 бутт тIаьхьа бу".
Маршо Радио: Кест-кеста хьо цIа вар хуьлу-кх, тIаккха цунна хIун бахьна ду?
Терлоев: "Ахь дика хьайн зскаран декхар кхочушдича, хьуна эпсарша ши-кхо бутт массоза бели 5-10 мукъа денош ло".
Маршо Радио: Эскарехь муьлхачу даржехь ву хьо? Муьлха говзалла ю хьоьгахь?
Терлоев: "Со могIарера бIахо ву, дозанехь цхьана денна–буьйсанна юккъехь 12 сахьтехь гIароллехь хуьлу со".
Маршо Радио: Хьо нисвелла меттиг дозанехь ю. Шеманна а, Иракъна а уллохь. ТIаккха хьо дозанехь хиларе терра цхьацца кхерамаш хила тарло: дехьара, сехьара кхуссуш. И тайпа хIумнаш хаалой?
Терлоев: "Наггахь хуьлу и санна дерг а".
Маршо Радио: ТIаккха тахана дукха дуьйцуш ду-кх, нохчий цигахь дехьа-сехьа буьйлу, Хаттаи, Кобани а хьехош. Ткъа доза шаьш лардеш дехьа-сехьа волуш цхьа а нохчо лаьцний аш?
Терлоев: "Ца лаьцна цкъачунна".
Маршо Радио: Кхечу къомах берш лаьцний?
Терлоев: "Кхечу къомах берш лоьцу".
Маршо Радио: ТIаккха Iер-дахар муха ду хьан цигахь. юъчуьнца, молчуьнца, ахчанца?
Терлоев: "Юург-молург чIогIа дика ю. Туркойн ахчанах 450 лира (150 доллар) ло тхуна.
“Маршо Радион” доттагIий, шун аьтто бу тхан Facebook-ерчу аккаунтах пайда а оьцуш, тхан дискуссехь дакъалаца. Шун комменташна модераци ян эшарна, уьш сайтехь жимма тIаьхьо гучуевр ю. Нагахь санна тхоьга яийта шайн видео а, аудио а материалаш елахь, шун аьтто бу иза кху телефонца WhatsApp-e я Viber-e схьаяийта: 420 724 019832