Нагахь дуьненаюкъарчу коалицино маьрша бахархой ларбар Iалашонца Шеман стигалхула кеманаш лелар дехкахь, Iамеркин кеманаш чудахкийта аьлла, омра дала мега Путин Владимира. Цунах лаьцна Шинарин дийнахь дIахьедар дина Цхьаьнатоьхначу Штатийн Къоман талламан сервисан куьйгалхочо Клаппер Джеймса.
Нью-Йоркехь арахьарчу политикан Кхеташонна хьалха вистхуьлуш, цо элира, Шемахь дIахIиттийна йолу Оьрсийчоьнан зенитан-ракетийн комплексаш кхузаманахьлера онда герз ду аьлла. Клапперна хетарехь, Оьрсийчоьно Шема и комплексаш хьажор яцара, нагахь царах пайда эца дагахь шаьш дацахьара.
Шеман стигалхула кеманаш лелар дехка деза бохург шуьйра дуьйцуш ду Обамина уллехь болчу Iедалхоша а, Iамеркин прессехь а. Iамеркерчу талламан эксперташна кхин некъ го – Шемарчу оппозицин тобанашна оьшуш долу герз далар. Амма президент Обама цкъачунна кийча вац иза дан.