ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

«Рашка» Оьрсийчоьнах массара алахь а, ма олийла Бажаева Элинас!


22 шо долчу Москохарчу дуьненаюкъарчу зIенийн пачхьалкхан институтан (МГИМО) дешархочо Элинас, ша а, шен цIийнда а Iамеркахь садоIуш Iачу юкъанна социалан машанехь цхьаьнга, шеца къамелдечуьнга, Оьрсийчоьнах цаяшарца аьлла бах «Рашка», ткъа пачхьалкхан шахьар сийсазъеш - «Москох дагаеъча а корта хьийза».

Кхана дипломат хила езачу нохчочо АСК-машанерчу нийсархочуьнца ша юьхIаьржахIоттош дина къамел дерриг а хIара ду. Цуьнга хоьтту, «Iамеркахь тоьлу, я Рашкехь?» Цо жоп яздо: «Рашкехьчул дика массанхьа а ду».

​Дерриг а, олигархан йоIера даьлларг иза ду. Амма иккхинчу гIовгIане ладоьгIча, хетало къоначу зудчо, дIакхоьссича а, итт верина виллина.

Дагадоуьйту прессо БажаевгIеран, МамакаевгIеран ши тIаьхье бутт хьалха вовшахкхеттийла а, нускалан куьйчан мах 20 миллион сом хиллийла а, 24 шо долу цIийнда 6 мотт а хууш, Лондонера университет яьккхина вуйла а, церан бараме кхайкхина КIатарерчу шайхан цIу Салва хиллийла а, Элинин ден Бажаев Мусан долахь "Группа Альянс" а, "Русская платина" кампанин 40 процент акцеш юйла а, Бекханан да Мамакаев Алихан Dorchester Finance а, Alima Cosmetics а кампанийн хьолахо вуйла а.

«Рашка» Оьрсийчоьнах алар Iаьткъина журналисташ телефонехула тIаьхьа а кхиина Бажаева Элинина. Ша сихъеллачохь эккхийтинера и дош шегара, тилкхаз а яьлла, шена вайн пачхьалкхал а, президент Путинал а деза хеташ хIума а дацара кху дуьненахь, шена къинтIера довлахьара боху цо ерриг а Оьрсийчоьнан бахархошка.

Боху, хилларг шен дена дIахаахь, иза воккхавер вац шегара даьллачу гIалатах, цунна а еза Оьрсийчоь, цо а вуно боккха ларамбо цигарчу Iедалан, ма хIоттаяхьара ша юьхьIаьржа, доьху Элинас.

ХIан-хIа, дац миллиардеран йоьIера даьлларг къинхетам бал дайн хIума! Иза цунна мархдаккха арабевллачаралахь ву, масала, керлачу Пачхьалкхан Думин депутат Милонов Виталий.

Дипломатийн институтера дешна ялахь а, Бажаева Элинин «ког а хир бац арахьарчу гIуллакхийн министраллехь», аьлла Милоновс. «Рашка», цунна хетарехь, «ала ца догIу дипломатин институтерчу студентна хьовха, цхьана а Оьрсийчоьнан вахархочунна».

ГIаьттинчу гIовгIано талхойо нохчийн миллиардерийн репутаци. Цуьнца доьзна талла догIу, дан хIун маьIна ду-те оцу «Рашка» бохучу дешан. Журналисташна дош довзуьйтуш, филологин Iилманийн кандидата, культурологин доктора, Москохарчу пачхьалкхан университетан профессора Елистратов Владимира хIумма доцче даьккхира.

«Рашка» юьхьанца Оьрсийчоьнах кхаьрдаш, иза ледара пачхьалкх хеташ, баха долийра цхьа ахбIе шо хьалха, ткъа тахана мохк хьостуш санна, хIуттаре а йоцуш олу кегийрхоша, боху цо.

Елистратов: «Дукха хан ю «Рашка» дош юкъадаьлла. Ас иза жаргонизм лору, сайн дошамна юкъа а далийна. Либералийн гонашкахь олуш хилла иза, ткъа кегийрхоша чудуьлла маьIна юккъера, нейтрале ду. Бегаш беш санна даладо кегийрхоша шайн къамелехь и дош. Политикехь маьIна, суна хетарехь, дан а дац кхузахь».

Хила тарло Елистратовс тIех къаддина бохуш. «Рашка» дешан маьIнехь цадашаран хьаьрк мелла а хеза, цо мухха а бахахь а.

Экономикехь, социалан таронашкахь дакъазъяьлла, коррупцино юкъйина, цамгаршкара, мацаллера йолуш йоцчу шайн пачхьалкхах «Рашка» ца олуш наггахь а вац, яьржина лела оьрсийн а, кхечу къаьмнийн а къамелехь Оьрсийчоьнна бахархоша тиллина и цIе.

Ткъа кхузахь стаг гезваха тоаме ду, хьалха шерашкахь а санна, интернетерчу а, газеташкарчу цхьаццаболчу а тергамчаша бахарехь, хьо нохчо хилар. Итт вийначунна магийча а ца магориг даьллачух тера ду Бажаева Элинигара. Нохчо хиларал а совнаха, шайн доьзал вуно токхе кхобучу Оьрсийчоьнах ца ешаш цо «Рашка» алар.

“Маршо Радион” доттагIий, шун аьтто бу тхан Facebook-ерчу аккаунтах пайда а оьцуш, тхан дискуссехь дакъалаца. Шун комменташна модераци ян эшарна, уьш сайтехь жимма тIаьхьо гучуевр ю. Нагахь санна тхоьга яийта шайн видео а, аудио а материалаш елахь, шун аьтто бу иза кху телефонца WhatsApp-e я Viber-e схьаяийта: 420 724 019832

XS
SM
MD
LG