Маршо Радионо шен программашкахь дикка дийцира дахначу шарахь Нохчийчуьрчу «Электросвязь» компанин директоран гIовс лаьттинчу Абдурахманов Тумсон Iедалца йолаеллачу конфликтех.
Карладоккхуш ала лаьа, дуьххьара дов доладалар, Тумсон дийцарехь, цуьнан маж бахьанехь хилра.
Соьлж-ГIалин некъатIехуда воьдучу жимачу стеган мажах бIаьрг кхеттачу мехкан куьйгалхочун администрацин урхалхочун даржехь цу хенахь хиллачу Кадыров Исламна цатайнера мекх доцуш жимчу стага охьахецна маж.
«Там бара хьо вахабист хила» бохуш, дикка латтийнера цо иза шен хIусамехь, барт-хаттам беш.
Циггахь кхачо ца хилира цуьнан. Цул тIаьхьа полици тIаьхьаелира.
Кхерамаш туьйсуш, хеттарш дора цуьнга. ХIеттахь дог диллира цо, аттачу хьолехь Iедал шен кочара дериг хиларх.
Шен доьзал, нана, ваша, массарех а ка тухий, мохк дIа а тосий, тховкIело еха Iалашонца кхочу Гуьржийчу.
Иза шайн карараваьллийла хиинчу Iедало, Абдурахманов Тумсо Шемарчу тIамехь ву аьлла, кхайкха а вина, бехктакхаме гIуллакх айдо цунна дуьхьал.
Тахана Гуьржийчохь веха Тумсо Оьрсийчоьнан лехамашкахь ву.
Ша оцу пачхьалкхе схьа ма кхаьчча, шена а, шен гергарчарна а тховкIело йийхира цо гуьржийн Iедале.
Кху деношкахь Оьрсийчоьно федералан лехамашкахь волчу Соьлж-ГIалин 3I шо долчу вахархочунна Абдурахманов Тумсона политикан тховкIело ца елла Гуьржийчуьрчу мигрантийн гIуллакхашкахула йолчу урхалло.
Маршо Радион юха а зIе хилира Абдурахманов Тумсоца. Цуьнца мел хиллар, лелларг хуучу оха уггар хьалха хаьттира цуьнга, махкарчу Iедалца иккхинчу девнех кхин йист яьлла хIуммаъ дуй аьлла.
Нагахь санна хьо реза вацахь, кхеле вала
Абдурахманов: Оцу девнех цхьа а йист ца яьлла, суна дуьхьал долийна бехктакхаме гIуллакх хIинца а лаьтташ ду. Оьрсийчохь со лаха кхайкхийна а ву, и гIуллакх низамашца догIуш ца хилар, царна хоуьйтуш ас дукхха а белхаш бина, саццаза беш а бу хIинца а. Оьрсийчуьрчу Лакхарчу прокуратуране 5 кехат дахьийтина ас, со Шемахь цахилар а, Гуьржийчохь хилар а хоуьйтуш.
Гуьржийчохь ас елла интервьюш, массо а кехат, тоьшаллаш царна дIа а гойтуш. Талламан комитете а яздина ас цхьа кехат. Ас Оьрсийчу кхоьхьуьйту кехаташ цара Нохчийчу хьийсадо.
Цкъа жоп даийтина "хьуна дуьхьалдаьккхина гIуллакх нийса ду, цхьа а эшамаш ца го шайна. Нагахь санна хьо реза вацахь кхеле вала" аьлла. Ишта лаьтташ ду-кх сан гIуллакх!
Со дIалахь, я вийна карор ву, я ШоIип санна, дIа а хIоьттийна байташ еша деза сан»
Абдурахманов:«Гуьржийчоьно тховкIело ца елла ала хьалхе ду хIинца а, хIунда аьлача, суна дуьхьало йинарг мухIажирийн гIуллакхашкахула йолу министралла ю. ХIинца сан шозза а кхеле вала йиш ю. ТIаккха а гIуллакх ца хилахь ала тарло Гуьржийчоьно статус ца елла. Цул тIаьхьа я ООН-е ваьлла а, сайна цхьа некъ лаха декхар ву-кх со я Гуьржийчуьра аравала веза.
Сайн лаамехь со ара ца валахь кхеран пачхьалкхера, ницкъаца ара ваккха бакъо ю кхеран. Оьрсийчу дIавалар цхьана а агIор ас тIедуьтуш дац. Со дIалахь, я вийна карор ву, я ШоIип санна, дIа а хIоьттийна байташ еша деза сан».
Гарехь, къарвала дагахь вац Тумсо! Сатуьйсу цо, боцу бехк тIера а баьккхина, маьршачу дахаре.
“Маршо Радион” доттагIий, шун аьтто бу тхан Facebook-ерчу аккаунтах пайда а оьцуш, тхан дискуссехь дакъалаца. Шун комменташна модераци ян эшарна, уьш сайтехь жимма тIаьхьо гучуевр ю. Нагахь санна тхоьга яийта шайн видео а, аудио а материалаш елахь, шун аьтто бу иза кху телефонца WhatsApp-e я Viber-e схьаяийта: 420 724 019832