Лахьан-беттан 8-чу дийнахь Цхьаьнатоьхначу Штаташкахь Iамериканхоша хаьржина республиканхо Трамп Доналд Цхьаьнатоьхначу Штатийн 45-гIа президент. Цо толам баьккхина демократийн кандидатана тIехь Клинтон Хиларина. Цо харжамхой 288 кхаж баьккхина. Ша эшна аьлла даре дина Клинтона а. Цо толам баьккхина аьлла бинчу кхайкхамо охьайожийна Доу Джонсан маркетан курс нийсса пхийтта шо хьалха ша хилча тIегIанна тIе, бохуш хааме доху зорбанехь а, кхечу хаамийн гIирсашкахь а.
Хетарехь доцуш, цу толамо цецдаьккхина мел доллу дуьне а. Коьрто дIа ца лаццал инзаре а, тамашена а хетало тахана Цхьаьнатоьхначу Штаташкахь президентан харжамийн жамI дукхах болу хIара харжамаш тергонехь латтийначу аналисташна. ХIинццалц цхьана бертахь Клинтон Хилари цIе йохура цара президент мила хир ву бохучу хаттарна жоп луш. Царна а, аналистийн центраша дIахьочу хаттамашна а тIетевжина, изза жамI шеконе ца дуьллура дукхахболчу хаамийн гIирсаша. Президентан дебаташкахь Хиларис Трампана тIехь дийна меттиг йита ца йитна, бохуш чIагIдора харжамашна тидам бечу политикан хьекъалчаша а.
Делахь а, Iамеркехь цхьа хIума билгал ду: гуттар аьлча санна президентан харжамашкахь Iамеркан коьрта хаамийн гIирсаша озабезам бо либерале кандидатехьа. Кху харжамашкахь и тайпа кандидат Хилари яра.
Трампо толам баккхар хIинца дукхачара дузу экономикца. Цо шек дIа а воцуш президентан кампанин дийначу йохаллехь чIагIо йора ша Iамеркехь белхан меттигаш а кхуллур ю; Iамеркера кхечу махкашка дIаяьхьана заводаш Iамерке юха а ерзор ю богIуш. Ша и муха дийр ду билгал ца дахахь а, цо дуьйцург дог-ойла хьоьсту мукъам санна декара белхан меттигех хедда болчу дуккха а Iамераканхошна.
Трамп ша бохучунна тIера ца валар хета иза толаме кхачийнарах кхин цхьа бахьана. Цо де кIоршаме дIахьедарша цунах херабохура цуьнан партин накъостий а, Iедалхой а. Царах иза оза ца валаро тIеуьзура цуьнан могIарара нах. Иза цкъа а политикехь а, Iедалехь а болхбина ца хилар а дара царна цуьнгахьа дог-ойла кхуллург.
Кху харжамашкахь Оьрсийчоьнан хаамийн гIирсаш а бара Трамп кху президентан харжамашкахь толамхо валаре сатуьйсуш. Цундела, Кремлина а дика кхаъ кхаьчча хета мега генарчу Iамеркера. Кремлица мел чIогIа гергарло чIагIдала мега хIинца аьлла хаьттира ас Вашингтонерчу Джеймсатаун Фаундейшен цIе йолчу аналистийн центран президенте Гаурд Глене. Цуьнан дешнаш Кремлин оптимизмица цхьаьнадохучух тера дац.
Трампана гонах болу дукха нах, цуьнан коьрта хьехамчаш Оьрсийчоьнан чIогIа дуьхьал бу, ша аьлча: Джулиани а, Крис Кристи а, Ньют Гингрич а. Суна схьахетарехь, Трампан дагахь хIуманаш муха дан деза бохучун хьокъехь шатайпа ойла ю. Царах цхьаъ Оьрсийчоьнца дика а, машаре а юкъаметтиг хилар ю. Цуьнга шега иза данлур ду а моьтту. Ша цу белхаца ларор а ву аьлла хета цунна. Амма цхьа хIума дицдан ца деза вай: Трамп националист ву, иза индустриалист а ву, националист а ву. Нагахь санна Путин цуьнца забарш ян волалахь, Трампица уьш чекхъевр яц.
Кху харжамашкахь аналисташа билгалдоккхург дара цу шинна а кандидатах Цхьаьнатоьхначу Штатийн бахархойн шовкъ кIезиг хилар. Цу шинан политике болу хьежам бу вовшечух къаьсташ: Трампан политике болу хьежам кхузара консерваторш тIаьхь цецбохуш, радикале санна тIеоьцура дукхачу наха; ткъа, Хилари, либералашлахь а лору уггаре а фундаментале либерал. Цундела, харжамийн кампанин йохаллехь хаалора Iамерк хьалха цкъа а ца екъеллачу тайпа шина политикан тобане екъелла хилар. Трампан кIоршаме дIахьедарша дара Iамеркан юкъаралла масех декъе яькънарш. Царах уггаре ирчанаш цо дора бусалбачарах а, мексиканхойх а. Хетарахь. хIинца уьш хила тарло Трампана толамана уггаре реза боцурш. НАТО-н юкъайогIучу цхьайолчу пачхьалкхашна гIоьна Iамеркан эскар хьажор дацара ша боху дIахьедаро а сингаттам кхоьллинера Европехь а. Цундела, Европа а яцара Трампехьа кху президентан харжамашкахь кхин дог лозуш а.
Тахана Iамеркехь а, кхечу пачхьалкхашкахь а дукха а наха саготта болчух тера ду Трампа хIинццалц ша дина оьгIазе а, кIоршаме а, расисте а, радикале а дIахьедарш боккъал царах тешаш дина хиллера техьа, я уьш харжамийн стратегин дакъа дара техьа бохучунна. Амма уьш цо боккъал царах тешаш динехь, теша лаьа, Сенатехь шинарин дийнахь цуьнца цхьаьна дукхалла яьккхина цуьнан партин накъостийн кхетам цуьнчух къаьсташ хилар.
“Маршо Радион” доттагIий, шун аьтто бу тхан Facebook-ерчу аккаунтах пайда а оьцуш, тхан дискуссехь дакъалаца. Шун комменташна модераци ян эшарна, уьш сайтехь жимма тIаьхьо гучуевр ю. Нагахь санна тхоьга яийта шайн видео а, аудио а материалаш елахь, шун аьтто бу иза кху телефонца WhatsApp-e я Viber-e схьаяийта: 420 724 019832