ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

"Шуна бIаьргашца го, тхуна - дагца..."


Дуьненаюкъарчу могушалин юкъаралло динчу зерашца Оьрсийчохь 275 эзар бIаьрса дайна а, бIаьрса ледарчу хьолехь долу а нах бу.

Ткъа хIора шолгIаниг бIаьргашца цхьацца лазарш долуш ву.

Оцу юкъараллан говзанчаша чIагIдо, нагахь санна цамгар ца йолуьйту агIо ца лелаяхь, цхьа кхо шо далахь и терахь кхин а шозза совдаларан кхерам тIехь лаьтташ хилар.

Лоьраша бакъдарехь, 75 гергга процент нехан галдаьлла бIаьрса юхаметтахIоттодойла ю

Хала хеташ делахь а, оцу проценташлахь ца нисбелла тхан программин декъашхой.

12 шо хьалха хиллачу некъан бохамехь дийна висарх а тамаш болуш, Iожаллех хьалхваьлла Сайд-Эми Австри кхечира шен дайна бIаьрса юхадалоре сатуьйсуш.

13 шо ду Сайд-Эмин Венехь дIатарвелла веха.

Оцу заманчохь дуккха а лан дийзира цуьнан: махкалладар, хийрачу пачхьалкхехь дIанисвалар, цабевза мотт иэшор, кеп-кепарчу дарбан цIийнан неIарш еттар.

Мосазза тешийра даго, мосазза Iехийра цо!

20-30 шо хьалха бIаьрса дайначу нехан накъост цхьа Iаса бен ца хиллехь а, тахана электронан кеп-кепара гIирсаш бу юкъабаьхна церан дахарна аьттонна: гаджеташ, мессенджерш, интерфейсаш.

Малхбузерчу Европан урамашкахь бIаьрса дайначаьрга ца хьоьжу доглазарца, пекъаре санна.

ХIунда аьлча, могуш болчийн могIаршкахь лаккхара даржаш дIа а лаьцна уьш бехаш хиларна.

Бу царлахь профессорш, яздархой, Iилманчаш, хьехархой, музыканташ.

Ткъа Оьрсийчохь бIаьрса дайначу наха кхин цхьа бала а лов. Церан бац аьтонаш шайн биъ пен дIахеца. НекъатIехь оьшшу хьелаш кхолла а, тодан а миллиардашкахь ахча латтошшехь, гIелонаш хьоьгу маьршша чу-ара бовлар доцуш, Iадда чохь бисинчара.

Юхадоьрзур вай Нохчийчу. Хьалха Мартанарчу Янди-кIотарахь ехаш ю Адаева Асет.

Кхи дIоггара хийцамаш а ца хуьлуш, цхьатеррачу боларехь йогIу иза дахарехь.

ХIетте а, ша хьолан да хета Асетана, хIунда аьлча, цхьаллехь яц иза, цхьалха елахь а.

Цкъа делахь, доттагIий бу даим уллохь, шолгIа аьлча, шен санна дика, тергоне йиша-ваша, гергара нах цхьаннен а хир бац боху цо.

Ткъа бац и бахам, дахарехь кхи зовкх ца хьоьгучунна, муххале а.

Сайд-Эмин а, Асетан а къамеле ладоьгIча кхета хьо, бIаьрса дар- дуьне сацар я дохар доцийла.

Беха уьш шайн цхьацца сатийсамашца. Хазахетарш а хуьлу церан, халахетарш а санна. Тахана вайх хIора а гонах дIасахьаьжча, бIаьрса дайнарг ца гарх, ала дац, уьш вайна юкъахь бац.

Асета ма-аллара, шайн ма хуьллу ца бовла гIерта уьш нахана юкъа, шаьш марзделлачохь атта хеташ.

Я вай шайх ца кхетарна кхерахь а.

БIаьрса дайна цхьа воккха стаг хилла боху, вехаш. Массара а тамашена ву бохуш, аьшнаш веш лелош хилла иза. Дегабаам беш ца хилла вукхо.

Пхьоьхахь лаьттачу, буьйлуш, къамелаш дечу кегийчу нахана тIе а вуахана аьлла цо: «ХIара дуьне суна маггу ца го шуна цхьанна а!»

«Хьо бIаьрзе ма ву! Хьуна хIун го? Дийцал, делахь хьайна гург», аьлла, кхардарца кегийчу наха.

Шен са ца гу бIаьргаш стигал хьовсийна, вистхилла воккха стаг: «ГIала го суна, сирлачу маьлхан зIаьнарша къагийна. Самукъане жаIу го суна шен жа дажош. Жима бер го суна, цхьа а гIайгIа-бала а боцуш, ловзуш лела…»

Ткъа цу гIалахь кхоалгIа де а хилла тIом боьду, хIоьттина йокъо, мацалла, кхоьлина де хилла…

«ХIан-хIа, воккха стаг, харцлоь хьо, аьлла, дуьхьало йина цхьаммо.

Вела а луш жоп делла къаночо: «Шуна бIаьргашца го, ткъа суна дагца го», аьлла.

Тахана вайна юкъахь дуккха а бу ког-куьг, бIаьрса-лерса а долуш, амма шаьш декъаза хеташ нах.

Декъаза ван а ву, бIаьргаш доллушехь, кийрахь къинхетаме, уллерчу ша санначу адамах кхета дог доцург.

“Маршо Радион” доттагIий, шун аьтто бу тхан Facebook-ерчу аккаунтах пайда а оьцуш, тхан дискуссехь дакъалаца. Шун комменташна модераци ян эшарна, уьш сайтехь жимма тIаьхьо гучуевр ю. Нагахь санна тхоьга яийта шайн видео а, аудио а материалаш елахь, шун аьтто бу иза кху телефонца WhatsApp-e я Viber-e схьаяийта: 420 724 019832

XS
SM
MD
LG