Буьйсаннехь цхьалха
Нохчийн зударшна лерина
Буьйса…Iаьржа, таьIна тийна буьйса.
Цхьалла…ГIорасиз, синтем байна цхьалла.
Ма цхьаьнайогIу шуьшиъ! Вовшехкъаста ца луш, бIешерийн дохалла ши йиша хилла схьайогIу. Сатассалц вовшийн маракъуьйлуш, ойланийн къайленаш юьйцуш. Амма яц шуьшиннан вовшашца я марзо я безам.
Цаваьллачу денна дIакхоьхьу дахаран мур бу. Буьйса яьлла дIаяхча а ца юьту цхьалло – бIаьргаш хьаббой, юхаерзайо.
ГIайгIа! Буьйсанан а, цхьаллин а къаьхьачу ойланийн стом.
Дийнахь серлоно цхьажимма йожуьйтуш, яржайо хьо, амма буьйсана цхьалло, лаг Iовдий, тIегулйо.
Тховса хIара Iаьржа буьйса шен гIайгIанца, лаьхьа санна, хьаьрчина Айманех. Дахарехь, мел лехарх, ирс ца карийна цунна. Безамах дог дага а ца кхии, ур-атталла, кIезиг суй а ца кхийти, юха тIаьхьа, йоккхачу цIарах марсаяла. Ткъа цуьнан дог мел экаме дара! Бакъболчу безамна кийчча, цуьнан дуьхьа зовкхе дага а, турпал ницкъ гайта а. Амма и турпал ницкъ цхьаненна а ца ийши, я и дIагайта цуьнан а ца дийзи.
Баккхий нах тIе а тийсина, дас-нанас даг тIера а яьккхина, хIокху маре дIаели. Дог безаман йийсарехь хиллехьара, Айманис шен ирсехьа луьра къовсур дара. Амма оццул болчу кегийрхошна юкъахь йоьIан шена тIехь бIаьрг соцуш цхьа а къонах ца велира. Ма-лаъара цунна, цхьана дийнахь шен деган мерзах хьакхабеллачу безаман ховхачу тIомо цхьа кIеда илли дижо а, оцу иллин мерзачу мукъамца сирлачу ойланца кханенга ондда гIулч яккха а.
ГIулч-м яьккхи. Нуьцкъах. Безам гIоттур бу бохург-м хьехочохь а ца хилира. Дукха хан а ялале, ша хIокху керта ялоран бахьанаш хиъначул тIаьхьа, чов хилла дог гуттаренна а дала дижира. ТIаккха а ца къевси шен ирсехьа. Кхолламна къера хилар а дацара иза. БIаьрзе я гIорасиз хилара дацара. ДуьххьалдIа, беккъа шен лаамашца, шен дуьхьа яха цалаар дара.
Юьхьанца, шех цхьа йоккха дегайовхо а йина Iаш долчу, ден-ненан дуьхьа шегахь собар карийра.
Шен цхьа орам боцуш, цхьаннех дозуш доцуш адам хуьлуш ца хуьлу. И мел сонта адам делахь а, юкъараллин цхьана гурашкахь латта дезаш хуьлу. Бакъду, шен-шен хьекъале хьаьжжина лардо хIора а адамо и дозанаш. Ткъа Айманина дас-нанас дIагайтина дахаран коьрта декхарш–цIенчу дог-ойланца, оьздангаллица, доьналлица чекхъялар – кхочушдина цо.
«Къаьхьачун чам ца хиъча, мерзачун чам ца къастало», – олура. Ткъа Айманина мерзачун чам ца хаалуш, къаьхьаниг совбаьлла, кийрахь стим хилла.
«Цхьа ирхо йоцуш, нийсо а ца хуьлу», – олий, маслаIат дора нанас. Да ма ватIарг, хIокхунна йисина хилла-кх и ерриге а ирхеш. ГIора а дайна, еалара а
яхана, голаш тIехь, текхаш, хьалгIерта оцу чаккхе йоцчу ирхонах. Хьалахьаьжча, анайистбен гуш хIума а дац.
Бакъболчу безамна хьакъ хила веза, зуда хуьлда иза, я стаг. Нагахь санна оцу сирлачу, цIеначу безамна и хьакъ вацахь, къайле йина, генна дIадилла деза безамна комаьрша дог, дIаса а ца даржош. Аймани безам бовза ца кхиънехь а, иза мухачу кепехь, суьртахь хила беза хаьа цунна. Шен ден-ненан вовшашца болчу оцу бакъболчу безаман йовхонехь кхиъна стом бу иза – цу шиннан ерриге марзо, цIена дог-ойла шега хуьйдина.
Ишттачу безаман хIаваэхь Аймани кхиийна ца хиллехь, безаме са а туьйсур дацара, яшен кхолламна оццул дегабаам а хир бацара. Ден цIахь сийлахь-деза хеттаргмарзахойн доьзалехь иштта лорура.
Дуьххьарлера доьзалхо дуьненчу ваьлча дахарна кхин лехам а, Iалашо а карийра Айманина.
Шен гIайгIа дIа а теттина, хIинца а диэзар эцаза йолу деган,ойланан хазна доьзалхочунна дIакховдийра.
ХIокху хIоьттинчу боданан йозаллина тIе чиркхаша дIабайина. Аймани сема ладоьгIна ю арахь мел долучу татане. ХIусамда цIа ваза кхо де-буьйса даьлла. Дуьненан синкъерамна араваьлла ву иза. Делахь а, сахьийзадо зудчо – хуьлу олий ца хуьлу, цунна цхьа хIума хилахь, кхуьнан доьзалан сий хир дац.
Мухха велахь а, берийн да ву иза.
БерхIитта шо дуи шиъ хIокху цIийнан дукъ гихь схьадогIу. Айманис лерина луьсту шен дахаран хIора агIо. Ерриге а беса ю тептаран агIонаш, цхьа а яц воккхаверан лар йитина. ДегаIийжамаш, хьешна сатийсамаш, дегайовхонаш. Ур-атталла, ирсан зIийдиг тесна меттиг а бац.
Аймани хIинца инзаръюьйлу шаьшшиннан дахаран некъ кхин ца хедаш хIокху хене схьакхачабаларх. Латта а, стигал а санна, вовшехкъаьста ши адам – шайн-шайн амалшца, дуьненехьежарца. «Зуда а, майра а, цхьаъ вукхунах тарлой, дIанисло», – олу. Иза бакъ дац.
Аймани цхьаннех таръяла а ца оьшу – иза цуьнан дас-нанас хила ма-еззара Iамийна дахарна гIатта а, эшначохь Iожалла тIеэца а. Дала ма-бохху хила. Шегахь собар а, доьналла а алссам хиларна, некъана юьстах ца лелхаш, хIара дахаран беза мохь хIокху хене схьатекхабелла цуьнга.
ХIусамдас шен хьаьшна кхоллам а, дина халахетарш а, даг чохь латоза йисина безаман цIе а – шадерриге а гечдийр дара Айманис,цуьнгара цхьа хазахетар хилахьара. ЦIийнда цIа моссазза вогIу, оцу дегайовхонца неIарехь цунна дуьхьлайолу иза. Дукха яхъеллачу набарна Iуьллу безам а гIатта тарлора–дукха хIума а ма ца оьшу даг чохь безаман цIе кхарсто а, я иза кIур боцуш яйа.
Дийшинчу берийн набаран сур буьйсанан боданах дIаийна. ХIинцца латийначу чиркхаша, цкъа а ца хилча санна, эккхийра бода.
Аймани, хьала а гIаьттина, берашна тIе а хIуьттуш, царна дайн куьг а хьокхуш, юргIанаш тодеш, чекхйолу.
–Мама, хьо юьжуш ма яц? – схьахеза, вуьрхIитта шаре ваьллачу воккхахволчу кIентан аз.
– Наб а ма ца кхета суна-м, Халид…
Машенан сигнал а хезна, араяла сихъелира Аймани.
– Ас дIайоьллу неI, – тохавелира кIант.
– ХIан-хIа, хьо вижий Iе, со ер ю ара. – КIантана шен да маларх кхетта ган ца лаьа нанна.
Маларх кхетта ца Iаш, къаьркъанна чохь нека дича санна ву хIусамда. Хаттах юьзна бедарш, Iеттийна муьста хьожа, багахь деш цхьа гIам-гIим.
– Ма дика ду хьо цIа веана, – хазахетарца, доггахайистхилира Аймани.
– Сахьийзош яра хьо? – кIоршаме хаьттира вукхо.
– Яра дера-кх. Хьо саготту цахиларх, хьуна сагатдешIаш хьан доьзал ма бу.
ХIара буьйса а дIаяха, амма Айманина юха ашенайисна хIара дог огуцхьалла. Да велла йисарг!
Сатоссуш гIаьттина, хIусамден бедарш цIан а йина, иза юха а балха вахийта кечвира зудчо. ХIинца Iуьйрана маларх меттавеача, ша лелийнчунна дохко а ваьлла, шен доьзалца адамех вист а хилла, кхечу кепехь гойтур вац-те бохуш, гIийла дегайовхо а яра коьрте хьийзаш. Амма и дегайовхо хаьрццина дIаяхийтира дехьачуьра схьадеанчу майрачуьн моханечу цIогIано:
– Хезий хьуна, схьагучуялал!
– ХIун хилла?
– ХIара сан ахча хьан хьедина? – цхьа туп ахча зудчунна меракIел Iуьйхьира цо.
– Ас эцна.
– Хьан еллера хьуна и бакъо?
– Хьо кхин цIа вогIург а ца хилла, оцу тIера цхьа пхи бIе сом а эцна, базарахь берашна юург ийцира ас. – Аймани тахана дуьххьара бен а доцуш, догдиллина, хьоьжу цIийнден бIаьргаш чу. Цу чохь гуш йовхо я цхьа а тайпа шега шовкъ хилийта, нур а дац. Деккъа бух боцу Iин.
Зуда иштта шена дуьхьал хьажар ца тайна стаг, кхин а хецавелира. Амма цо етта бага хезаш яцара Аймани. Хьажар майрачунна тIехь сецнехь а, чекх са гуш санна, иза гуш а вацара цунна. Сийсара шен хиллачу сатийсаман ойла йора.
И дерриге а хьехочохь а дац. Иза дIадели. ХIара елча а, хуур доцург ву. Дов а стенна тIехула ду – доьзална хьажийначу цхьа декъазчу пхи бIе соьмана тIера.
– Дерриге а доьхкина делара ас иза, – ша-шега луьйш санна, чуьра аз делира догдоьхначу зудчун.
– ХIу-у-у? – тIеволавелира важа, ши бIаьрг чуьчча а бахийтина. – ХIун элира ахь?
– Дерриге а дохка дезаш хиллера, – парггIат юха а йистхилира Аймани. – Сайн дегIаннатам лаха ара ца яьллера со-м, хьан доьзална кхача тарбаняханера. Цу тIе, са а тасале, мохьма хьекха, бераш кхерор ду ахь. – Иза а аьлла, хIара дIайоьрззушехь, белш вон схьа ерзош, хIусамда хIокхунна тоха айина куьг, неIарехь гучуваьллачу Халида сацийра.
– ДIахеца сан куьг! – кIанта йинчу дуьхьалоно кхин а карзахваьккхира, дарвелла да.
Амма Халид меттах а ца велира. Тахана дуьххьара дена дуьхьало еш, ден а, кIентан а юкъаметтигаллин доза талхошша яьккхинчу гIулчовахьийнера иза.
ХIинца Айманин хьекъалх доьзна ду хIара хIоьттина чолхе хьал. Ша шен дегIан да а йоцуш, ийманехь доьзал кхио гIерташ хIокхо берхIитта шарахь йоьттина гIала харца гергаяханера. Нагахь саннадена а, доьзалхочунна а юкъа эвхьазло йолахь, нанас шен доьзал кхетош-кхиорехь хьегна къа, «хIуп» аьлла, даран кхерам теснера. Даиманна санна, тохар шена тIелаца дийзира ненан.
– КIант, хьо юкъа ма гIерта, – дегочу озаца йистхилира Аймани. – Шун да нийса луьйш ву. Сан бехк бу шаберриг а. Суна догIуш айбина куьг ду иза.
Халид вист а ца хуьлуш, дена букъ а тухуш, юьстахвелира. Аймани ша хIинцца дена а, кIантана аюкъара юхатоьхначу галморзахаллех доккха садаккха а ца кхиира – кIанта нанна тоха айбина куьг маьрша дитинчу секундехь хьажийнначу дIакхечира.
КIоршаме тоьхначу тIарано зудчун юьхь тIехь чудиссинчу пIелгийн хьоькхнаш а хIиттош, цIен лар йитира. Зудчун юьхьах цIе елира. Ма хIара цIе яцарацо шен сатийсамашкахь ларйинарг!Даг чохь безаман цIе яра.
Аймани цIеххьана гIадъяхана, елаелира.
Зуда йоьлура шен кхолламах а, шен эрна хи чу тийсинчу шерех а, шен пусур ца хиллачу оьздангаллийн синхаамех а, хIордах тарбан сатийсинчу безамах а. Иза йоьлура. Ша оццул дахаро кIуркIамане хьийзаярх шех дIакъастаза йисинчу цIеначу ойланаша елайора иза. Безаман хIордана дуьхьал кхин а нуьцкъалниг хиллера–цабезаман хIорд, шен боьхачу тулгIешца дерриге а цIенаниг, сийлахьниг дIахьокхур долуш.
Зудчун елар ца тайначу майрачо тоьхначу тIарано кхин а кIажъяхийтира Аймани. Дагаяьхкира, шен сийсара хилла цIена ойланаш, сатийсамаш, дегайовхонаш.
Аймани йоьлура хIокху шен ирс дайна дахделлачу дахарехь ша баьхначу кегийчу толамех а, дийлийтинчу гIалатех а, кхочушхилла ца боьгIначу сатийсамах а, дисинчу дахаран, кхин башха хийцам а боцуш, чекхдала тарлучу.
Айманина елха а ца хаьа. Цо шена дихкинера кхолламна леткъамаш бан а, ца хиллачу ирсана бIаьрхиш лиэшадан а. Кийрахь къуьйлура гIайгIа-бала. Къурдаш а деш, юхаийзи, дуьра бIаьрхиш, гаттбеллачу кийрахь хораман хIорд хилла, хьере гIергIа.
Цкъа мукъане а доггаха елхалахьара, ницкъ хилла кийра паргIатбер бара. Амма охьаIана кечделла бIаьрхиш, шелонехь доллучу шагатIулган дагах кхетий, гIорадой, кийрахь совцу.
Беллачу сатийсамашна доьгIна гIайракхан чурт хилла Айманин экамечу дагах.
Дагийначу дахарх чим хилла. Безачийн, гергарчийн бIаьра а хьоьжуш, сагIийна дала дижийтина дог. Юьхьанца ден-ненан, тIаккха берийн бIаьра а хьоьжуш. Ткъа Айманин бIаьра хьажа цхьа а ца вели. Шен синан цхьацца агIо дIакхийдо дийзи. Юхадерзар а доцуш.
Кхин елар ца сацалуш, дIахьажаеллачу зудчунна пенах кхозучу куьзган чохь шен сурт гира. ХIара йоьлуш елахь а, бIаьргаш чохь гIайгIане марха йисина. Иза ша-шен бIаьра хьажа езаш хиллера, жимма шен дог а кхоош, шена хьакъдолчу ирсана буржалш а ца детташ. ХIинца тIаьхьа ду дохкойийлар а, юха керлачу кепехь дахаран агIо йоло а.
Айманис бинчу дахаран некъан мах хадо ца хиихIусамдена, доьзална хуур ду ала а хаац…
Цхьамма жима корта схьа а лоций, къинхетаме бIаьргаш чу а хьожий , хьаж тIе барт а боккхий, доггаха маракъовлу иза. Цецъяьллачу зудчун елар хедира.
– Мама! Ма елхахьа! – лерехькIентан гIийла аз хезира нанна.
Шен марахь дIатийна нана, цо ша цкъа мацах, бераллехь санна, меллаша тахкийра кIанта. Ненан гIорийна дог, жим-жима дасталуш, дешна Iанадахара. Комаьршша охьахьаьлхинчубIаьрхиша паргIатбаьккхира синтем байна кийра а.
ХIан-хIа, эрна ца хили Айманис бина дахаран некъ. ХIокху дийнан дуьхьа, хIара уггар а гIорасиз йисинчохь, кIентан марахь сина паргIато карийначу минотан дуьхьа, юха иззадахаран некъ бан реза яра и.
Ирхе а чекхъер йолуш хиллера.
ХIара бIаьрхиш дуьххьара а, тIаьххьара а ду Айманин.
Цхьалла эккхош, керлачу дахарна гIатта ирсан дуьххьара зIийдиг хьалагIоьртира ненан даг чохь.