ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Кремлан пропагандица къийсам латтор бу Европарламенто


Оьрсийчоьнан пропагандица къийсам латторан резолюци тIеэцна Европарламенто. И документ тIеэцале хьалха шогачу критике дира евродупататаша, Кремлан муьтIахьчу оьрсийн пачхьалкхан хаамийн гIирсаш Евробертан цхьаалла йохон гIертар.

„Хийрачу ницкъаша шена дуьхьал хьажийначу пропагандина духьало яран Евробертан стратегикаллин комммуникаци“ - иштта чолхе ю Европарламенто кхаарийдийнахь Оьрсийчоьнан а, ша шех Исламан Пачхьалкхе олучу ДаIиш тобан а пропагандина дуьхьал тIеэцначу резолюцин цIе.

И ши цIе – ДаIишан ерг а, Оьрсийчоьнан ерг а резолюцин авторша юх-юхехь хьахор ларамаза дац, хIунда аьлча карарчу заманчохь Евробертан пачхьалкхийн чоьхьарчу гIуллакхашна а, цигарчу машарна а кхераме лору цара цхьана агIор Оьрсийчуьра, ткъа вукху агIор ДаIишера а, кхечу исламхошкара а схьайогIу агитаци а, нехан хьебилар а.

304 депутатат реза а волуш, 208 дуьхьал а волуш, сарралца вуно дера дебаташ а йина, тIеэцначу резолюцехь билгалдаьккхина ду, Малхбузехь болх беш йолу оьрсийн „Раша тудей“ телеканал а, информацин агенталла „Спутник“ а, „Русский мир“ фонд а, ткъа иштта Оьрсийчоьнан арахьарчу гIуллакхийн министраллин тховкIелахь кхоьллина йолу „Россотрудничество“ агенталла а Евробертана дуьхьал „мостагIалле пропаганда“ лелош ю аьлла.

Царел совнаха, изза гамонан а, харцоне а информаци Малхбузенах лаьцна а, Малхбузехь а яржош къахьоьгуш вуно дукха Кремлана муьтIахь йолу аналитикийн центраш а, интернет машанера хаамийн гIирсаш а, ткъа иштта шайъ троллаш олуш болу, лерина ахча а луш, кхечарах нехан бIаьрг бадийта а я кхечаран дуьйцург бег я пайдабоцуче даккха охьаховшийна болу белхахой а бу аьлла яздина резолюци тIеэцначара.

Цу кепара дIахьочу пропагандин Iалашо Европарламенто лору бакъдерг юхмаччахь даккхар а, Малхбузенан бахархошна юккъехь кхерар а, шеконаш а кхоллар а, Евробертан лулахь йолу цуьнан Малхбалера пачхьалкхаш цхьа декъаза, кхиина йоцу меттигаш йолуш санна сурт хIоттор а.

Депутаташа иштта мукIарло дина, Кремло Европерчу аьтто-радикале а, я аьрро-радикале ницкъашна а, ткъа иштта оппозицехь йолчу партешна а белшаш гIортош хиларна, царна финансашца а, информацица а гIо а деш.

Резолюцехь билгалдаьккхина ду, и тайпа пропаганда – иза „гибридан тIеман цхьа дакъа“ хилар, шен Iалашонашна юккъехь Евробарт гIелбар а, Евробертан, Къилбаседа Iамеркерчу партнерийн юкъаметтигаш талхор а, Малхбузехь сацамаш тIеэцаран процесс сацор а йолуш.

Цу кепарчу агрессивечу оьрсийн пропагандина дуьхьало ярхьама баха йиш йолу цхьа могIа гIулчаш дагардина Европерчу депутаташа. Масала, масех шо хьалха кхоьллина хилла йолу „Малхбалехь стратегикаллин коммуникацеш яран жигараллин тоба“ цхьаьнакхетаралла кхин онда яккха.

И структура Евробертан арахьарчу гIуллакхийн министраллин дола дIа а елла, цу хьукматан куьйгалхочуьн Могерини Федерикон куьйгакIелахь йита рекомендаци йина евродепутаташа.

Ала догIу, Оьрсийчоьнца цхьаьна Евробертана боккха кхерам санна йийцаре еш ю резолюцехь ша шех Бусалба пачхьалкхе олу ДаIиш тоба а, ткъа иштта Ал Къаида а. Оьрсийчоь цу тобанашца цхьаьна могIаршлахь йийцар, ала дашна, резолюци тIеэцале дIадаьхьанчу къийсадаларшкахь критике дира цхьаццаболчу депутаташа.

Иштта, масала, Испанин векал волчу Коусо Хавьерос элира, ДаIиший, Оьрсийчоьй царех схьабогIу кхерам буьйцучохь цхьана тIегIанна тIехь йийцар жоьпалла доцуш хилар ду“, аьлла.

Шайн рогIехь Оьрсийчоьнан векалш а ца Iийна резолюцна критика ца еш. Иштта, Пачхьалкхан думин депутат волчу Железняк Сергейс и документ „русофобе акхалла ю“ элира.

Ткъа Оьрсийчоьнан президенто Путин Владимира Европарламенто и резолюци тIеэцар – иза демократин деградацин тоьшалла ду аьлла, Сегодня газетано чIагIдарехь.

“Маршо Радион” доттагIий, шун аьтто бу тхан Facebook-ерчу аккаунтах пайда а оьцуш, тхан дискуссехь дакъалаца. Шун комменташна модераци ян эшарна, уьш сайтехь жимма тIаьхьо гучуевр ю. Нагахь санна тхоьга яийта шайн видео а, аудио а материалаш елахь, шун аьтто бу иза кху телефонца WhatsApp-e я Viber-e схьаяийта: 420 724 019832

XS
SM
MD
LG