ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Кадыровс харцдо ша шен 16 шо долуш оьрси вийна бохург


ТАСС агенталлана еллачу интервьюхь Нохчийчоьнан куьйгалхочо Кадыров Рамзана ша ца байина оьрсий я хьалхарчу а, шолгIачу а Нохчийчуьрчу тIемашкахь, аьлла. «Ас цкъа а, цхьаьнхьа а, цхьаьнгге а бегашена а аьлла дац айса оьрсийн салтий байина.

"И дешнаш цхьана Iалашонца доьзна сох, даржадо аьшпаш буйла а хууш», - дIахьедина Кадыровс. 2006-чу шеран аьхка Эхо Москвы радиохь, «Код доступа» («ТIекхачаве код») программехь, баржийра и хаам журналисто Латытнина Юлияс. «Ас дуьххьара оьрси вийна сайн 16 шо долуш» Козакна хьалха ала ца озавелира иза» - бохуш вийцира Латынинас хIетахь Кадыров.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG