ТIекхочийла долу линкаш

 
Кадыровс совгIатдина устагIий Майкопехь лечкъийна?
ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Кадыровс совгIатдина устагIий Майкопехь лечкъийна?


Кадыров Рамзана ГIурбанна лерина, кхо бутт хьалха сагIийна Адыгей хьажийначу 1250 устагIех меттигерчу мисканашка дерраш а дIа ца кхачийна бухарчу хьаькамаша, аьлла, арздина полице Ерриг-Оьрсийчоьнан IаламIалашдаран юкъараллин Майкоперчу декъан куьйгалхочо Бриних Валерийс.

Оццу хьокъехь Бриниха яздина Кадыров Рамзане а. Кхо бутт хьалха Кадыровс 30 эзар корта устагIий а, бежанаш а хьажийра сагIийна Къилбаседа Кавказан регионашка.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG