ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Оьрсийчоьнан эскарера - ДАIИШ-ан могIаршкий?..


Нохчийчуьрчу Борзехь лаьттачу Оьрсийчоьнан тIеман декъера тоьллачех ларалуш хилла салти таIзаре верзийна пачхьалкхо цуьнгара даьлла аьлча а тешар воцчу зуламанна. Эскархочунна бехкедо иза ша ваха лерина хилар хьовха, шеца накъост а Шемарчу ДАIИШан могIаршка хIотто дагахь хилла хилар.

Набахтехь даккха 5 шой, хилла йолу тIеман цIе дIаяьккхарий. Иза сацам дIакхайкхина кхаарин дийнахь Къилбаседа Кавказан тIеман гонан кхело Холов Зафаран. Хилла волу Оьрсийчоьнан эскаран лаккхара прапорщик бехке лаьрра, шен эскаран накъост ДАIИШе кхайкхина аьлла.

Холовна бехке дуьллург луьра зулам лоруш ду таханлерачу низамашца: 205 артикл-террорхошна гIодар олург.

Шуьйтахь ша тIеман декъехь эскархочун болх беш, Шема тIом бан ваха лаар сов, шен накъост а иркарахIиттина цо, аьлла къастина талламо. Важа, «зенитка» олу герз лело хууш говзанча хилла. Цигахь, хьо саннарш чIогIа оьшуш бу бохуш, хаздеш дийцина цо.

ТIамах хьаьгна волу оьрсийн эскархо дIа а лаьцна, цуьнан хьокъехь болийна таллам а, кхел а еха ца хилла. Iуьйрана йолаелла кхел, шина сахьтехь сов бен ца лаьттина. Холовна кхиъ еха хан йоьхуш яра тIекхойкхучу агIоно, амма, кхело тидаме эцнера иза шортта мидалш йолу тIеман ветеран хилар а, цо эскарехь болх бе 15 сов шо хилар а. Цундела йогIучу хеналла 8 бутт кIезга тоьхна цунна.

Муха нисло иштта тайпа, схьадийцарехь массо а агIора кечбина нах шайн дахар а харцош, тIеман кIуран юккъе баха лаар? Цу хаттарна, цхьаболчара эра ду, террорхойн пропаганда чIогIа ю аьлла. Амма, хIора стеган шен-шен корт бац теша, аьлла Маршо радиога дийцира Соьлж-ГIалара вахархочо Мальсагов Абуязида.

Мальсагов: «Суна цу агIора, нохчий а, кхечу къаьмнийн нах дIаэхар нийса ца хета. Вайна хаьа геополитика боху хIума ма кечйо а, нахана коьрта чу муха иза дуьллу а. Кхузахь, цIахь шортта меттиг бу-кх бусулба нахана диканиг дан».

Нохчашна а, кхечу къаьмнашна а тIом оьшуш бац, иза тIебожийна бу Оьрсийчоьнан Iедало, аьлла хета юкъараллахочунна Хаджимурадов Сулейманан. Оцу хьокъехь цо иштта элира.

Хаджимурадов: «Вай цхьа а тIом оьшуш нах бац. Иза вайна марзбинарг Оьрсийчоьнан куьйгалла ю. Хьовсийша, вуьш верг цхьа а депутат а, церан бераш а дац. Вуьйш верг хьелийозархочунан кIант хуьлу. Шема гIура вара со а, цигахь дерг ДжихIад делхьара. ДжихIад ду шен денна-нанна уллехь а волуш, йиша-вешана гIуллакх дича».

Шемахь боьду тIом цига кхачале бале баьлла цхьа Холов Зафар хилла ца Iа. КIира хьалха хаам баьржира нохчийн къомах болу оьрсийн эскархой а Ассадан агIора тIом бан бохуьйтуш бу аьлла. Иза бакъ хилар къаьстира, шаьш оцу эскархоша видео кийсак интернетехь гIараяьккхинчулла тIехь.

ЦIе береташ коьртехь а йолуш, баккхий тIоьрмигаш а кечбина, шайн тIеман декъехь гулбелла лаьттара мел лаххара а цхьа бIе хира волуш герзхо. Башха самукъадаьлла бацара уьш а оцу кийсак тIехь.

Ша верриг бехказа воккхуш санна къамел дира цхьаммо, «тхо зен дан доьлхуш дац, тхайх пайда хилахьара аьлла доьлхуш ду», бохуш. И видео гIараяьлча, масех стаг дIа а лоцуш, царна дуьхьала гIуллакх долийна, тIеман къайле гучуяьккхина аьлла.

“Маршо Радион” доттагIий, шун аьтто бу тхан Facebook-ерчу аккаунтах пайда а оьцуш, тхан дискуссехь дакъалаца. Шун комменташна модераци ян эшарна, уьш сайтехь жимма тIаьхьо гучуевр ю. Нагахь санна тхоьга яийта шайн видео а, аудио а материалаш елахь, шун аьтто бу иза кху телефонца WhatsApp-e я Viber-e схьаяийта: 420 724 019832

XS
SM
MD
LG