ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

ХIетал-метал хаийла шуна…?


Къилбаседа Кавказан мехкашкахь кийча бу Керла Шо дазда. Муьлхачу гIалахь ду уггар лекха Iаьнан дитт?

Шо шаре Керла шо даздарехь, вовшашца йохье буьйлуш санна хьийза Къилбаседа Кавказерчу мехкийн куьйгалхой

Иза къаьсташ хуьлу бохь стигалх хьакхабалийта санна ирахъяхначу базаца, тIеоьхкинчу бес-бесарчу чиркхашца, кочаршца, даздаршка дозанал арахьара хьеший кхайкхарца, кеп-кепара барамаш дIабахьарца.

Цхьайолчу республикашкахь вовшашца хьукматаша а дIахьо, уггар куьцехь хьан кечйо шайн белхан гIишло хьожуш къовсам.

ТIаьххьарчу шерашкахь оцу къовсамехь толам Нохчийчоьнехь бара.

Ткъа муха ду кху шеран сурт?

Маршо Радионо тидаме ийцира, 2016-чу шарахь муьлхачу махкахь ю уггар лекха база, хьан доьхкина алсам ахча Керлачу шарна кечамаш барехь.

Масала, дIадуьйлалур вай Оьрсийчоьнан коьрта шахьарера - Москохара.

Оьрсийчоь - Москох

Официалехь болчу хаамашца, Керла Шо даздаран кечамашна дерриг 3 миллиард сом ду Кремло билгалдаьккхинарг.

Москох кхозучу гирляндех даьлла 182 миллион сом, I8 миллионна кечбина Тверской олу цхьа урам. Лай-бабин куьцехь фигура эцна 1 миллион соьмах.

ГIалин мэрин гIишлонна хьалха хIоттийначу куьйгайинчу базан мах 7 миллион сом хадийна.

Ткъа кертахь дIайоьгIначу кхаа базах 15 миллион сом. Москохан мэрин йоллу гIишло Керлачу шарна къагорийг 30 миллион сом даьлла бохуш яздора хьосташа.

Ткъа Москох юккъехь хIоттийна база 30 метар ю. 110 шо ду оцу месалчу базан.

Cтавропол

Ставрополехь хIоттийначу куьгайинчу базан барам 16 метар бу. Оцу барамна сов ца долу меттигера Iедал, масех шо а ду оцу низамехь даздарш дIахьо.

Кхарачойн- Чергазийчоь - Черкесск

Кхарачойн-Чергазийчуьрчу Майкопехь коьртачу майданахь дIахIоттийна 25 метар локхаллица кавказхойн пихта олу дитт. 200 бIе шо долу дитт Архызан хьаннашкара кхачийна.

Адыгей - Майкоп

Адыгейрчу Майкопехь хIоттийначу базан локхалла 20 метар ю. Ламаст хилла дIахIоьттина цигахь мехкан коьртачу шахьаран Майкопан майданах. ГIалин администрацино стохка дуьйнна эцна, цIе тоьхна латтош яра и.

Керлачу шеран массо а дезачу деношкахь берашна лерина барамаш дIахьур бу Майкопехь.

Дагестан -ХIинжа-ГIала

Майкопал дуккха а хьалха ю ХIинжа-ГIала.

32 метар лекхачу диттана тIехь кхозу 2 эзар сов бес-бесара базана тIеухкурш. Леррина Петарбухахь эцна еана ю уьш.

Шуьйрра даздан лерина гIалин бахархой Керла шо.

Шеран тIаьххьарчу буса 12 сахьт даьлча хир ю фейерверк, серлонаша къагийначу базана хьалха тоьллачу артисташа самукъадоккхур ду гулбеллачийн.

ГIебарта-Балкхаройчоь - Нальчик

Ши-кхо шо хьалха гIалин бахархойн почтийн яьшканашчохь «Керла шо вайн дезаде дац» аьллачу йозанашца кехаташ тийсинера, и де даздарна дуьхьалонаш ей, питанаш лелош.

ХIетте а бахархойн уггар а дезчау дийнех ду Керла шо.

I8 метар ю аьлла яздо ГIебарта-Балкхаройчуьрчу Нальчикан майданахь хIоттийна база.

Къилба-ХIирийчоь – Бури-ГIала

Еарийдийнахь кечйина, дIахIоттийна Бури-ГIалан майданахь Кеплачу шеран 15 метар лекха база. ГIура Дадин резиденци ю Керлачу шеран буса схьаелла лерина. Буьйсанна I2 сахьт даьлча гIала къагор ю фейерверкца.

ГIалгIайчоь- Магас

Эсала мадаре даздо кху шара Керла шо ГIалгIайчохь. 20 метар ю Магасехь бахархошна хIоттийна база.

Оцу гонах берашна а, баккхийчарн а 70 барам дIабахьа тIелаьцна гIалин дайша.

Нохчийчоь - Соьлж-ГIала

Уггар лекха Керлачу шарна база хIоттайо кху массийтта шарахь Нохчийчохь.

5 чакхарма йохалла оьхкинчу бес-бесара лепачу чиркхийн кочарша къагийна гIалин майдана. Базана тIеоьхкина 4 эзар сов ловзоргаш, ю уьш цхьана кепехь, беа басахь: можан, датон, цIен, сийнан.

Кху шарахь а ца йисина республика гонахарчу мехкел тIаьхьа.

ТIаьххьарчу баттахь Соьлж-ГIалахь нах бойуш, динчу тIелатарша а ца човхийна мохк.

Кадыров Рамзана шен Инстаграмерчу агIонтIехь видео кхайкхам бина Оьрсийчоьнан бахархошка, «Дуьйла Керла шо даздан туьйранечу гIала» аьлла.

“Маршо Радион” доттагIий, шун аьтто бу тхан Facebook-ерчу аккаунтах пайда а оьцуш, тхан дискуссехь дакъалаца. Шун комменташна модераци ян эшарна, уьш сайтехь жимма тIаьхьо гучуевр ю. Нагахь санна тхоьга яийта шайн видео а, аудио а материалаш елахь, шун аьтто бу иза кху телефонца WhatsApp-e я Viber-e схьаяийта: 420 724 019832

XS
SM
MD
LG