ТIеман къизаллин дагалецамаш цкъа а шир ца ло адамийн иэсехь.
Масала, Керлачу шарна цхьана а кепара я кечамаш ца беш, я и деза де а цахетарш алсам бу махкахь. Фейсбукан агIонтIехь дукхамма билгалдаьккхинера: «Со Керла шо даздеш вац (яц), ма велаш (елаш) со цуьнца декъал».
И доьзна, доккхачу декъанна, 22 шо хьалха Нохчийчохь ГIура – беттан 31 – чу буьйсанна федералан эскарша Соьлж-ГIалина буьрса тIелатар дарца.
Шина баттахь нохчийн гIаттамхошца гIала къовсучу тIамехь толам баккха ницкъ ца кхаьчначу оьрсийн буьйранчаша дIахьедира, деа сахьтехь Соьлж-гIала схьаяккхарца, Ельцин Борисна Керлачу Шарна совгIат дийр ду шаьш, аьлла.
Инарла Рохлин коьртехь лаьттачу тIеман тобано 3 дийнахь шайн караерзийра Нохчийчоьнан коьрта шахьар.
Баккхий эшамаш бира оьрсийн ницкъашна оцу къовсамехь.
Соьлж-ГIала аьтта, йохийна охьайиллира.
ХIаллакбира эзарнашкахь нохчийн маьрша нах, тIемалой.
Херцаршлахь лоьхура наха шайн доьза байнарш а.
ХIокху 22 шарахь шайн байначу нахе а, набахтешкахь яккхий хенаш тоьхна кхобу кIентий цIаберзаре сатуьйсурш Iаламат дукха бу.
Кху Керлачу шеран дийнахь юха а меттахъехи нохчийн лозучара тийна, амма ерзаза лаьтта чевнаш.
Шоьтан дийнахь юха а карладаьккхи нохчашна тIамо дина зенаш, лайна Iазап.
Ламаст ду Кремлан Керлачу шарца бен-берса «совгIаташ» деш.
Нохчийчуьрчу шина тIамехь байна лоручу нехан 109 декъийн чалхаш кхачийна Нохчийчу Ростов гIалара.
Официалехь болчу хаамашца, хьалхарчу тIамехь федералаша лецна, хIаллакбинчу, тIепаза байинчу зударийн, божарийн, берийн даьIахкаш ю уьш.
Дуккха адам а гуллуш, хьалхабевлла Нохчийчуьрчу динан дай а болуш, шоьтадийнахь Соьлж-ГIалин Старопромысел кIоштарчу кешнашкахь лаьттах йоьхкина оцу нахах йисина даьIахкаш.
Кху деношкахь массара а бохург санна, дижа ца дуьтуш дийцаредо Iаьнан Iуьйранна, шира шо доьрзучу дийнахь, лаа дуй-те Оьрсийчоьно, 20 сов шерашкахь латтийна декъий схьадалар бохуш.
Оцу хьокъехь лелаш ши верси ю юкъараллехь: официалан а, нехан а.
Цхьаболчара чIагIдарехь, шо хьалха Октябрск кIоштехь лаьттах доьхкина хааделла декъий ду боху уьш, талламаш байта Ростов гIала дIадахьийтинчуьра юхадеана.
Кхечара даредо, тIеман шерашкахь гIазакхаша шаьш байина, къайлабаьхьначу нехан даьIахкаш ю уьш бохуш.
Маршо Радионо дIабехьира шегара таллам оцу хьокъехь.
ХIун аьлла хета бакъонашларъярхошна а, историкашна а, журналисташна а?
Къамелехь дакъалецира Францехь вехачу историко, Маршо Радион эксперто Вачагаев Майрбека а, адамийн бакъонашларъярхочо, журналисто Серганова ТIауса а, бакъоларъярхочо Гисаев Ахьмада а.
Iамерко шаьш гIо дийр ду аьллера
Вачагаев: 1998-чу шарахь Масхадов Аслан Iамерке вахначу хенахь, дехар дира, байнарш, къайлах- къулах хIаллакбеш, дIабоьхкинарш а схьалохуш, гIо дахьара аьлла.
Iамерко накъосталла дарал совнаха, хIокхузахь я эццигахь аьлла, меттигаш билгалъяьхна, шайга карта аш схьаделчхьана, шаьш космосера сурт а даьккхина, цхьа чакхарма тIе кхаччалц мичахь бу, къастор ду элира.
Мехе диллича чIогIа харж йолуш хIума дара и, амма Iамеркхоша, шаьш маьхза и гIуллакх дийр ду элира. Цул тIаьхьа Iедал а хийцаделира, ца хуьлуш хIума а ца диси...».
Суна чIогIа дагах кхеттта и...
Серганова: «Кийрахь дог, адамалла йолучара ишта сурт хIоттор дац!
Экспертиза йийр ю аьлла, шо хьалха дIадахьна декъий хиллехь а, я масийтта шераш хьалха дIабигина хиллехь а, ГIура-беттан 31-чу декабрехь стенна схьакхачийна цара и даьIахкаш?
ХIете а, вете а шаьш уьш схьалуш хилча, цхьана а тайпа гIиллакх ца лоцуш, я беллачаьрца а, я церан гергарчаьрца а: цхьадолу тIоьрмигаш эттIа дара, ган а гуш даьIахкаш…
Ишта а къиза хIаллакхиллачу, докъаза байна лийринчу нехан, беллачаьрца а, церан нахаца а гIиллакх ца лаьцна. Эрна арахь уьш охьа а кхийсина. Суна чIогIа дагах кхетта и! Иштта сихаллехь, кхин йист а ца йоккхуш уьш дIабохкар а ца тайна суна...»
И декъий Ростовхь дуйла хууш дара
Гисаев: «Уггар хьалха ала луург хIун ду, цара Ростовера цIа еана и адамех бухайисина меженаш эр ду-кх вай, тIоьрмигаш чохь ю цара уьш схьагойтуш…
Уьш цигахь юйла хуу дукха хан яра. Хьалхара тIом дIабаьллачул тIаьхьа дуьйнна хууш дара.
Тахана декъий цIа даийтина хилча, цу дийннехь уьш лаьттах а ца духкуш, цхьанхьа лабаратори яьхьна а, ДНК яккхийтина а, нах схьа а лехна, хьенан-мила ву а хьаьжна, муха, мичахь велла, хьан вийна, муьлхачу тоьпо я кеманан бомбано, талла а толлуш, цхьа хIума дан дезаш дара цигахь.
Вайн цIахь долчу Iедалан коьртехь болчийн сациалан машанашкарчу агIонаштIехь а, меттигерчу радион, телевизионан сайташтIехь а, цхьа а хIума дац оцу бохамех лаьцна яздина. 109 дакъа дIадоьллинчу дийнахь, Керлачу шарца даздарш, декъалдарш, доллу самукъане хIуманаш бен дацара..."
Шоьтан дийнахь делкъан ламазан хан хилале, шуьйрра ши каш а даьккхина, тIепаза байначийн даьIахкаш лаьттах йоьхкира Старопромыслан кIоштарчу кешнашкахь.
Беллачийн дегIан тIум теллина, луучарна бовза таро ю аьлла дIакхайкхийна мехкан куьйгалло.
Цкъачунна оцу зерашца карийнарг 2 стаг ву.
“Маршо Радион” доттагIий, шун аьтто бу тхан Facebook-ерчу аккаунтах пайда а оьцуш, тхан дискуссехь дакъалаца. Шун комменташна модераци ян эшарна, уьш сайтехь жимма тIаьхьо гучуевр ю. Нагахь санна тхоьга яийта шайн видео а, аудио а материалаш елахь, шун аьтто бу иза кху телефонца WhatsApp-e я Viber-e схьаяийта: 420 724 019832