ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Кадыров: "Тхо долчу дуьйла, Iамеркахой!"


Нохчийчу бахка луучу туристийн чот янне яц бохуш, дIахьедарш дина Iедалан урхалхоша.

Нохчийчоьнан исбаьхьаллех, лекхачу лаьмнех, шийлачу шовданех, томехьчу хIаваэх, беркатечу адамех иллешкахь а цхьаьна дуьйцура даим, цундела башха цецволийла а дац, тIаьххьарчу шерашкахь махкахь туризм жигаръяларх.

Меттигерчу зорбанаша а, Iедало дийцаредо дахначу шарахь схьаоьхучу туристех юьзнера республика бохуш.

Кадыров Рамзана чIагIдарехь, цхьацца-шишша баьхкинарш цалерича, 80 эзар тобанашкахь туристаш хилира стохка республикехь.

Царна уггар езаеллачу меттигех ю боху цо Соьлж-ГIала, Устрада-ГIала, Гуьмсе, Бена, Къоьзан Iам, Шуьйта, Шарой, Итон-Кхела, Ведучи. Цхьа могIа тобанаш кхаьчна Нашха а, бохуш дуьйцу мехкан куьйгалхочо социалан машанехь.

Доккхачу декъанна, туристаш бара Москохара, Петарбухара, Карелера, иштта кхечу регионашкара а.

«Тхан лаам бара, Оьрсийчуьрчу мехкашлахь Нохчийчоь туристашна лерина хьелаш а кхуллуш, тоян, кхио», яздо Кадыровс.

Гарехь, Iалашонаш кхочушхилла Iедалан. Массо а агIор тIе тидам бахийтира урхалхоша, Нохчийчохь туристашна лерина садоIийлаш еш, некъаш тодеш, мах а лой, кеп-кепара Оьрсийчоьнан артисташ кхуьйкхуш, цаьрга дуьйцуьйтуш, мел тайна, маьрша мохк бу хIара, бохуш.

ХIетахь эксперташа шеконе дуьллура, туристаш а оьхуш, кхерамза Нохчийчоь хирг хиларх.

ХIунда аьлча, юкъ-кара махкахь гIаттамхойн тIелатарш хуьлура, оьрсийн хаамашкахь дуьйцура, лаьмнашкахь хьулбелла хIоккхул-оццул тIемалой бу бохуш.

Амма, мухха делахь а, тахана туристашна езаеллачу меттигех ю Нохчийчоь а. Шо шаре дуккха а бовлу, цига бахка луурш.

Кхечу регионашкахь санна лакхара мехаш дац Нохчийчу турийн.

Масала, 22 эзар сом мах бу цхьа кIира даккха луучун долург, некъах, хьешан цIийнехь буьйсанаш йохург ца лерича. Ткъа, Соьлж-гIаларчу хьешан цIийнехь цхьа буьйса йоккхург 3,5 – 6,5 эзар сом долу.

Дукха хьолахь, туристаша Нохчийчохь доккхург 3-4 де ду аьлла, дийцира Маршо Радионе Соьлж-ГIаларчу турагенталлийн белхахоша, цундела 12-15 эзар сом бен ца долу цхьаьннан.

Соьлж-ГIалахь таханалерачу дийнахь болх беш 3-4 туризман агенталлаш ю. Тхан зIе хилира царех шинца.

Цара шайн сайтатIехь йовзийтинчу лоьмаршца вукху агенталлашца зIе таса аьтто ца хилира тхан. Телефонаш болх беш яцара.

«ВизитЧечня» туризман агенталлин белхахошка Маршо Радионо дийхира дийцар, юккъерачу барамашкахь маса турист веана дIадаханчу шерашкахь Нохчийчу бIаьргтоха, муьлха меттигаш къастайо цара хьовса, муьлхачу мехкашкара хуьлу туристаш, дукхачу хьолехь.

Агенталлан менеджеро Заретас дира тхоьца къамел.

Кху шарахь кхи а дукха хир бу туристаш

Зарета: «Вайн цхьана организацехула 2015-гIа шо схьаэцча, 27 эзар стаг турист веана Нохчийчу, 2016-чу шарахь веанарг ву 37 эзар.

Дала мукъалахь, тIедеанчу шарахь а, кхин а алсамбевр бу туристаш аьлла тешна ду тхо, хIунда аьлча, вай долчахь схьайоьллуш туристашна лерина кхин а садоIийлаш ю.

Къаьсттина дукха туристаш лаьтта меттигаш ю Соьлж-ГIала, Аргун, Ведана кIошт, Къоьзан-IамтIе баха луурш а дукха бу».

Ишта-м Нохчийчоьнан куьйгалхочо дукха зама ю Iамеркан бахархой Нохчийчу кхуьйкху.

Кхо шо хьалха, Ιаьмеркан Цхьанатоьхначу Штатийн Ιедалша Оьрсийчохь адамийн бакъонаш хьешарна «Магнитскийн тептара» ша вьккхинийла хиинчул тIаьхьа, Инстаграмехь яздира Кадыровс:

«Ас кхойкху Iамеркан политикаш а, могIарера бахархой а Нохчийчу хьошалгIа. Шуна тхан махкахь Iаламат хазахетар ду, дуьйла», аьлла.

Оцу юкъанна, туризмана леринчу ингалсан маттахь йолчу Wikitravel проекто дIахьедира шайн информацех пайдаоьцучаьрга, Нохчийчохь хьал хIинца а тешаме дац, цундела туристашна мегар дац оцу махкахь лела, аьлла.

“Маршо Радион” доттагIий, шун аьтто бу тхан Facebook-ерчу аккаунтах пайда а оьцуш, тхан дискуссехь дакъалаца. Шун комменташна модераци ян эшарна, уьш сайтехь жимма тIаьхьо гучуевр ю. Нагахь санна тхоьга яийта шайн видео а, аудио а материалаш елахь, шун аьтто бу иза кху телефонца WhatsApp-e я Viber-e схьаяийта: 420 724 019832

XS
SM
MD
LG