ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Кадыров: ТIемалойн ДАIИШ тобанца уьйраш хилла


ТIемалойн тоба аьлла, Куьрчалан кIоштахь хIаллакбинчара а, лецначара а Шемахь тIемаш бечу махкарчу вахархочуьнца Решидов Мохьмадца уьйраш-зIенаш а латтош, лелош хилла шайн зуламаш. И бакъхиларан видео-тоьшалла Кадыров Рамзана шен Инстаграмерчу агIонтIехь оьллина ша боху.

Хьалхо официалехь хила тарлу 4 тIемало вийна, цхьаннан вада аьтто баьлла аьлла, яздора. Шоьтадийнахь лаьцна полисхоша иза а.

«Дийна а волуш лаца каяьлла Дацаев. Карарчу хенахь цуьнга барт бу хоттуш. Цо дуьйцуш ду, шеца хиллачийн цIераш а йохуш, герз латториг мила вара а хоуьйтуш. Йоллу и тоба латториг Шемахь тIом бен, Шелара вахархо хилла», яздо Кадыров Рамзана.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG