Масех кIира хьалха Чехин дозанна тIехь лаца а лаьцна, набахте воьллина Венин вахархо Мукушев Руслан хIинца а чохь валлош ву Брно гIаларчу Iедалхоша.
Жимма хьалха Маршо Радионо дийцина ма-хиллара, шен гIуллакхна луларчу махка вахана волу и нохчийн жимстаг Чехерчу полисхоша кехаташ талла сацийча Iедалхошна гучудаьллера, цуьнан Австрехь политикан тховкIело юйла хоуьйтуш, делла долу шех конвенционан паспорт олуш долу дуьнанаюкъара документ хан чекхйаьлла дуйла.
И кехат кхин дIа дахдан меттигерчу полицин хьукмате чуделла документаш хиларх а, Мукушев Руслан низамца маьрша ваха а, ван а бакъо йолуш хиларх а тоьшалла деш долу цхьана ханна делла Австрин Iедалера кехат тергал а ца деш, и кIант чехийн полисхоша цкъа хьалха лаьцна шайн декъе дIавигнера.
Цигахь дуьненаюкъарчу Iедалхойн хаарийн базичохь цунах лаьцна хIуммаъ дуйла хьевсинчу полисхошна гучудаьллера, 2003-чу шарахь дуьйна Мукушев оьрсийн Iедалхоша лехамашка велла хилар.
Мукушевн хIусамнанас Азас Маршо Радионе хьастагIа дийцарехь, цунна шена хууш а ца хилла ша лехамашкахь вуйла а, я ша лаха оьрсийн Iедалхойн хIун бахьана ду а.
Хетарехь, цIера мухIажир а ваьлла Австре иза схьавале цуьнан долахь Нохчийчохь аптека хиларца доьзна ду и хьал – Мукушева Азас дийцира, цхьана муьрехь цу аптекехь мах бан бакъо луш йолу лицензи чекхйаьлла шун бохучу бахьанашца кхаьънаш доьхуш хьийзош дара шаьш оьрсийн Iедалхоша, бохуш.
Мухха делахь, Мукушев Руслан лехамашкахь болчийн могIаршкахь хилар гучудаьллачу чехахойн Iедалхоша и кIант хIетахь дуьйна сацийна, набахтехь валлош ву, цунна Оьрсийчу депортаци ян кхерамаш а туьйсуш.
Карарчу хенахь Мукушевн гIоьнна орцах яьлла масех Австрера а, Чехера а адамийн бакъонашларйаран цхьаьнакхетараллаш ю бохуш дийцира Маршо Радиога цуьнан хIусамнанас Азас.
Бакъонашларъярхошца а хилла сан цхьанакхетар
Мукушева: „Селхана кхузахь адамийн бакъонашларярхошна тIеяхнера со.
Соьца цхьа накъост а яра, кхузахь мухIажаршна Iуналла дечу хьукматера. Цара элира тхоьга, шаьш Чехерчу Iедалца зIене а девр ду, и хIума шайн тергоне а оьцур ду аьлла».
Венехь адамийн бакъонашларйархо а, адвокат а волчу Рамзауер Штефанца дийцаре дира Маршо радионо Мукушев Русланца тассаделла гIуллакх.
Цу кIентан паспорт ширделла хилар бахьана дац иза лаца а, Оьрсийчу дIавала а элира адвоката, хIунда аьлча, и стаг Австрехь политикан тховкIело а йолуш хилча, ма-дарра дийцича, Австрин пачхьалкхо цуьнан кхерамазалла Iалашйан езаш ю, аьлла.
Цундела уггаре а хьалха Чехерчу Австрин векалто шен куьйга эца дезаш ду и гIуллакх.
Чехера Австрин векалт ю цигахь жигара хьовза езарг
Рамзауер: „Иза тоъалла бахьана ду, Чехерчу коллегашца, адамийн бакъонашларйархошца зIене а бевлла, уьш а цу гIуллакхна тIеозо.
Царна дика хаа йиш ю цунна гонахьар хьал а, цигахь хIун хилла а, хIунда аьлча меттигера хьелаш царна кхузахь тхуначул дикох девза.
Ма-дарра аьлча, Австрин векалт ю цигахь жигара хьовза езаш ерг. Иза церан болх бу. Уьш декхарийлахь бу Австрин республикано кхерамазалла Iалашйийр ю аьлла тIеэцначу нехан хьокъехь гIайгIа бан, и нах Австрин олаллехь болчийн паспорташ схьаэцанза белахь а. Церан декхар ду и санначу хIуманна тIехь нахана гIо-накъосталла дар“.
Кхаарийдийнахь Чехерчу Австрин консулатан куьйгаллица дистхилар ца хилира Маршо Радион.
Бакъду, векалтин белхахоша тоьшалла дира, шаьш Мукушевн гIуллакхан терго еш а ду, Брно гIалахь Австрин консул волу Кутелек Павло цу хьокъехь Маршо Радиоца зIе а йийр ю аьлла.