ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Доьналлах воьхна вац Кутаев Руслан


Кутаев Руслан: Хилларг-лелларг. Вешин, хIусамненан, доттагIчун дагалецамашкахь.

Мила ву Кутаев Руслан? Цхьаболчарна вевза иза Кавказан къаьмнийн ассоциацин президент хиларе терра.

Амма доккхачу декъанна гоьваьлла Кутаев Руслан, Iедалан харцо ловш волу политикан тутмакх санна.

Лурчаха Чиллан-беттан 18-чу дийнахь нохчийн къам махках даьккхина 70 шо кхачарна лерина Соьлж - гIаларчу Къоман библиотекехь, Iедалера пурба а доцуш, конференци вовшахтоьхна, дIаяьхира Кутаев Руслана.

Цигахь гулбеллера дуккха а яздархой, Iилманчаш, юкъаралхой. Массара а дийцаредийриг дара цу гуламехь Iаьнан чилла йоьллачу баттахь Сталинан омраца, дийнна къоманна «ямартлой» аьлла цIе а кхоьллина, махках баьхна, ГIум-Азин аренкашкахь, лайла охьатийсар.

Бераш, зударий, кегийрхой, къаной.

Кремлна муьтIахь долчу Нохчийчуьрчу Iедало хьалхо дихкинера оцу дийнахь цхьана а кепара вовшахдеттадаларш дIадахьар.

ХIан-хIа, и де иэсера дIа ца даьккхинера цара, бух а доккхуш Стигалкъекъа беттан 10-чу дийне дIатеттинера.

Амма шен къомо 13 шарахь, бехк боцуш лайна бала даим дагчохь хьегIачу, цу тIе 2014-чу шарахь депортацин 70 шо кхачар а билгалдоккхуш, лаам хилира Кутаев Русланан Сибрех нохчаша лайна баланаш буьйцуш, даимна а Юккъерачу Азехь Iахка бисина дай дага а лоцуш, конференци вовшахтоха.

Оццу бахьанаца, шайн дехкар а достуш, Чиллан-баттахь къам дохорна, Сталин емалвеш гулам дIабаьхьнарш берш кхеле озийра махкарчу Iедало.

Ткъа конференци хIотторна «куьгбехке» Кутаев Руслан кисана кIомал а тесна, 4 шо хан а тоьхна набахте хьажийра.

Кхел йоьдучу хенахь Руслана аьттехьа а тIе ца битира шена дуьхьал баьккхина бехк. Ша политикехь, адамийн бакъонашларъярехь бечу белхашна дуьхьал Iедало когтийсар ду аьлла дIахьедира цо.

Амма кхелахой къора бисира цуьнан дIахьедаршна.

Массо а агIор талламш бинчул тIаьхьа, «Мемориал» бакъонашларъяран юкъаралло Кутаев Руслан политикан тутмакх хилар тIечIагIдира.

Тахана нийсса 3 шо дуьзна Iедало гIуда хьарчор бахьанехь, Кутаев Руслан маршонех хьега.

Маршо Радионо къамелаш дира Русланан Европехь вехачу вешица Асланца а, хIусамненаца Залиница а, Русланан тоьллачех волчу доттагIчуьнца а.

Уьш берриш а сатийсамехь беха, цхьа бахьана а хIоьттина, тоьхначу хенал а хьалха иза маьршаволуьйтур хиларх.

Русланан вешо Кутаев Аслана Маршо Радионе дозаллица дийцира Русланех, цуьнан амалх. Даим шайн вежаршна, йижаршна ден меттан хиллачу цуьнах дийца хила а хиллера Асланан дуккха а диканиг.

Ас дозалла до сайн вешех

Кутаев: «Руслан тхан доьзалехь а къаьстина вара, дукха жимчохь дуьйнна а нийсонна тIе гIерташ, дешартIехь а тасалуш вара. Тхан кертахь массарна а тхуна масал гойтуш вара иза.

Цкъа а тонка оьзна вацара иза, къаьркъа мелла вацара, цуьнгга терра оха а ца магадора тхайна вониг.

Стаг уьйтIа веача, цунна хIуммаъ а кхоор долуш а вацара. Тхуна, вежаршна, йижаршна ден метта хилла чекхваьлла ву Руслан. Ас дозалла до Русланах! Доьналла долуш кIант ву, цо тхайна тIе юьхIаьржо еана аьлла а ца хета суна.Тхоьгахь цхьаьнгахь а ца хилла доьналла а, къонахалла а хилла-кх цуьнгахь».

Кутаев Русланан хIусамнана Залина тахана дерриг а карла а доккхуш, дагалецамашка яьккхира оха.

Цхьана агIор аьлча, тахана хи санна хьаьддачу замане ладоьгIча, 3 шо хан хIуммаъ йоцург ю.

Вукху агIор диллича, хьо велахь дезачу адамех хьоьгуш я маршонах къастийна, ловш тутмакхалла, шарал дахло цхьа де а. Цкъачунна зама сецца Залинина.

Суна цкъа а дицлур дац и де

Залина: «ТIаьххьара суна Руслан гина ши бутт хан ю. Тахана 3 шо дуьзна иза лаьцна волу. Суна цкъа а дицлур долуш дац и де.

Тхо цхьанакхетча, дукха хьолахь, набахтерчу дахарх цо дуьйцу, арарчу хьолах, тхайн хIусамчохь дерг ас дуьйцу. 4 бер ду тхан. Жимахволчо къаьсттина сагатдо, даим соьга хоьтту, мама, маца вогIур ву дада цIа бохуш».

Дахаро даим зуьйш ду адам. Цо гучудоккхуу, мила ву хьуна тешаме доттагI, мила хилла ямарт.

25 шо зама ю Кутаев Русланна а, Хизриев Iабдуллина а юккъехь доттагIаллин уьйраш йозу.

Руслан хIуманна а дохко ца ваьлла, я ша бехке хеташ а вац

Хизриев: «Руслан суна дика вевза, цуьнан амалш а евза суна. Руслан цхьанцца а я къийсаме ваьлла а, тIаме ваьлла а вацара.

Халкъан исторехь тIеIоттаделла уггаре а цхьа дагах кхеташ меттиг йолу дела, и де дицдан а ца деза дела, тIекхуьучу чкъурана а хаийтархьама вовшахтоьхна болх бара иза. Мехкан куьйгалхочо 23-чу дийнахь дихкина долу дела, цхьа а кепара барамаш дIабахьа, цуьнан лаам лара а лоруш, кIира хьалха дIаехьира и конференци.

Тахана а ойла йо ас, хIун бахаьана дара- те оццул и хIума гена а даьккхина, Руслан набахте а хьажийна, десто? Суна цунна жоп ца карадо.

Сталин а, НКВД, НКГБ а бехке а ца еш, Советан Iедал а бехке а ца деш ишта йолу конференци хуьлийла а ма дац. Руслан хIуманна а дохко ца ваьлла, я ша бехке хеташ а вац.

Руслан дика накъост ву. Билггал тешаме кIант ву Руслан. Цундела ас цуьнан пусар а до, лара а лору, дукха а веза!»

Кхел кхайкхочу дийнахь тIаьххьара дош шега делча, массеран а шех бIаьрг бузош, Кутаев Руслана элира: «ХIинцца аш со маьршавакхахь а, со цуьрриг а цецвер вац, хIунда аьлча, со бехке вац. Иштта шеквер вац со, аш мел йоккха хан тохахь а. Муьлхха а кхелан сацам ас тIеоьцур бу цхьатерра!»

Цул тIаьхьа 3 шо даьлла. 36 бутт. 156 кIира. 1096 де.

Амма тахана а, Кутаев Руслан везачара, лоручура дечу къамело гойту, къонахчун маршо цуьнан кийрахь кагйина цахилар.

(Кхо шо хьалха Кутаев Руслана нохчийн къам махках даьккхина 70 шо кхачарна лерина дIаяьхьначу конференци юккъера дакъа)

XS
SM
MD
LG