Зеламха маж лелош, сирла сийна бIаьргаш долуш жимстаг ву. Гитара а, варган олу багахь локхучу шедагца а мукъамаш даладо цо.
Хьава, ойлане, оьздачу духарехь, коьртахь доккха йовлакх а лелош, массо а цецвоккхуш, ондачу озаца эшарш локхуш, ша шена тIаьхьара фортепиано а балош йоI ю.
Зеламха а, Хьава а зудий, майрий ду. Цушимма кхоьллина «Фолк гулъярхой» цIе а тиллина инди-группа.
Цхьаболчарна тардала тарло «инди» бохург ХIиндойн махкаца доьзна хила мега аьлла. И нийса дац.
Доцца дуьйцу инди-музыкех. Ингалсан маттерчу "индипендет" «маьрша хилар» дашах кхолладелла «инди» бохург. Гочдича «йозуш йоцу музыка» ду цуьнан маьIна.
Шуьйрачу майданашкахь, яккхийчу хIусамашкахь ца хуьлу оцу тобан концерташ. ЦIенойн бухарчу готтачу лармичохь олу цара шайн иллеш, дукха хьолахь.
Ца буьгу церан концерташка Нохчийчу оьху беза, лараме хьеший. Соьлж-ГIалахь цхьанхьа а гур яц хьуна кхозуш церан концерте кхойкхуш афиша, амма хIетте а инди-музыка езарш кIезиг ца хуьлу цаьрга ладоьгIуш.
«Фолк гулъярхойн» тобан концерт. Уллохь хевшина Iаш бу цхьаъ хьаькам, художник, важа бардийн иллеш хазахетарг ю, маж йолуш Voltage тобанна юкъара металлист, кхиниг.
Кузахь гулбелларш бу нохчийн эстрада караоке- клуб хеташ, баккъал а доггах, шаьш шайна тIаьхьара мукъамаш а далош, багахь иллеш олурш тIеоьцурш.
Цкъацкъа адам дукха гуллой, охьахаа гIанташ доцуш биссинарш пенах товжий, ладоьгIуш Iа цаьрга.
Ойланашкахь 80-чу шерашка кхачаво со. Суна хета, хIинцца-хIинцца Зеламхин, Хьаван илли чекхдаьлча, царна тIаьххье сценитIе бевр бу къона Гребенщиков а, Цой Виктор а…
Концерт чекхъели, зевне бекначу фортепианон негIар а тIечIогу. Музыканташца къамел доладо Кавказ.Реалиин журналисто Севриновский Владимира.
Владимир: Муха доладелира шун музыкица гергарло?
Маьршша, ийза а ца луш дIаолу оха тхайн иллеш
Зеламха: Итт шарахь Вологдан кIоштахь ваьхна со. Цхьа ши шо ду со даймахка цIавирзина. Интернетехула гергарло тесира ас сайна оьшучу нахаца.
Кхузахь музыканташ иштта дукха а бац, цундела, вовшах а кхетта, ойла йира оха.
Юьхьанца ша цхьамма олура иллеш, тIаккха шимма, эххар а 6 музыкант вовшахкхийтира тхан группехь.
Тхан аьтто хуьлу концерташ хIитто кху заманан искусствон центран хIусамехь. Маьршша, хIуммаъ а ийза а ца луш дIаолу оха тхайн иллеш, хIунда аьлча, дукха хьолахь оцу центре богIу нах, мел а тхан музыка евзаш болундела.
Хьава: Иштта вовшахкхйитира тхо. Хан-зама яьлча гучуделира, кIорггера похIма долу музыканташ кхузахь дуккхаъ и хиллийла. Уьш болуш бу, амма шаьш шайца бу уьш, цундела шуьйрра гIарабевлла ца хуьлу. Наггахь, ларамза вовшийн бевза уьш, доттагIаллаш тийсало.
Владимир: Дукха буй шун ладогIархой?
Хьава: Мел лаххара а, 50 стаг ву.
Зеламха: Тхоьга хаьттича, уьш дукха бу. ХIунда аьлча, оха концерташ луш йолу чоь жима ю. 30-40 стаг вовшахкхетахь, биссинчарна охьахаа меттиг а ца кхочу. ТIаккха суна хета, эзарнашкахь бу тхайга ладогIа гулбелларш.
Владимир: Шун терго еш, аш лелочунна тIаьхьакхиа гIерташ нах хуьлий?
Бозушбоцу музыканташ цара тергал ца бо
Зеламха: ХIинцца, дукха хан йоццуш Нохчийчуьрчу културан министралло сацам бина, иллиалархойн реперутар толлуш, зуьйш, къобалъеш нах хир бу аьлла.
Филармонин артисташа ишта а магош йолу эшарш, иллеш бен хазош а дацара. Амма, тхо санна бозушбоцу музыканташ цара тергал ца бо.
Хьава: Ма-дарра аьлча, синбахамаллин министралло хIитточу концерташка тхо кхайкха а ца кхойкху.
Владимир: Масала, 90-чу шерашкахь панкаш цхьамма а тергал ца бора, тIа а ца ийзабра. ХIетте а баьржина бар-кх уьш. Кегийрхошна еза андеграунд.
Зеламха: Еза! И андеграунд езаш болу нохчий я дозанал арахь бевзина хуьлу, я тоххара дуьйнна уьйрашкахь хилла хуьлу. Кху заманан кегийрхой шайн ламасташтIехь а, динца кхиош бу.
Царна хаа а ца хаьа инди-музыка юйла. Цхьаболчара «шайтIанийн музыка» ю олу цунна. Суна дика хета, студенташ, интернетчохь жоьпаш а лоьхуш, тIаьхьакхиа гIертарна. Царех тхайн ладогIархой хир бу-кх аьлла, чIогIа теша а лаьа суна.
Владимир: Инди-музыкех кхеташ берш де-дийне алсмабовлу аьлла хетий хьуна?
Рокерш хила безаш бу
Зеламха: Хета! Боккха къинхетам бу, интернет йихкина цахилар а, цу чохь хаарш алсамдаха аьтто болуш. Цундела, рокерийн терахь кхиа дезаш ду. Ас тидамбарца, тхан концерташка марзбеллачийн терахь десташ ду.
Владимир: Болх беш дуй шуьшиъ?
Зеламха: «Молодежная смена» республикехь арадолучу газетан корреспондент ву со
Хьава: Музыкин школехь берашна фортепиано лакха Iамош ю со. Филармонин цIарахчу Гучигов Iусмана куьйгалла дечу «Седа» ансамблехь музыкант а ю со. Со чIогIа цецъяьлла, Iусман санна адамаш тхан махкахь хиларх.
ТIекхуьу чкъор хийцаделла
Зеламха: Ас Iаламат дозалла до Iусманах а, цуьнца долчу гергарлонех а. Со цецвуьйлу, иштта адамаш Нохчийчохь долуш. ГIеметтахIоьттинчу стагца, жималлехь цуьнца хилла панкех кхетам, безам тахана а дIацабар тамашийна хIума ма ду.
И тайпа нах пусар дина а ца Iаш, гихь-марахь лело безаш бу. Цуьнан амалца дац, со шул воккха ву, ас аьллачунна тIехь хила дезаш ду шу массо а бохург.
ТIекхуьу чкъор а хийцаделла…хьалхалера бац кегийрхой. Интернет, култура, Iилма…Дуьхьал дош а ца дахьаш, воккхачо аьлларг дан деза аьлла ширачу Iадаташа тIедиллина хиллехь а, кху заманахь наггахь и ламаст дохо оьшуш меттиг нисло.
Дукха хьолахь, дас-нанас берашна шайна хетарг, луург, шайн кхетам чубилларо, оцу берана кхиарехь новкъарло йо, ницкъбо, зен до.
Иза жимачуьнца жима а ву, воккхачуьнца воккха а ву.
Хьава: Дас-нанас тIеIаткъам бо шайн берашна. Лаахь а, ца лаахь а, шаьш аьлларг дан деза бохуш, бераш хьийзадо цара. Оцу принципо доьзалехь конфликташ гIиттайо.
Зеламха: Ткъа Iусман санначара, шаьш лаахь а, ца лаахь а бакъду бохуш, шайниг хьалха ца тоьтту, уьш кхета муьлххачух а. Муьлххачу а хенахь, сайна хьехар эча, цуьнах дагаволу со. И сайх нийса кхетар вац, кхаьрдар ву-кх аьлла, коьрте а ца догIу суна. Иза жимачуьнца жима а ву, воккхачуьнца воккха а ву.
Владимир: Суна хезна, Хьава гоьяьлла поэт ю бохуш.
Хьава: Иштта гIараяьлла ю аьлча а, «Вайнах» журналтIехь зорбане яьхна байташ-м ю сан. Къилбаседа Кавказерчу къоначу литераторийн гуламашкахь даим дакъа а лоцу ас.
Цхьа дика доттагI ю сан, Хадысова Марьям цIе йолуш. Охашимма вовшахтоьхнера къоначу поэтийн юкъаралла. Дийнна шарахь исскуствон центрехь цхьанакхетарш дIахьора оха, байташ йоьшуш.
Владимир: ХIун бахьанаш ду аьлла хета шуна, Нохчийчохь бозушбоцчу поэтийн а, музыкантийн а цхьанакхетаршкахь адам кIеззиг гулдаларан?
Нохчин шатайпа менталитет ю
Зеламха: Iедалан агIор беш тIеIаткъам бац тхуна. Цкъа делахь, халкъан цатешам, тхан жанрах цакхетар ду-кх. Нохчийчохь шатайпа менталитет ю, рок-култура цуьнан хотIца йогIуш яц.
Хьава: Тхан эшаршкахь, мукъамашкахь протест ю. Тхо дуьхьал ду, дахар уьшал санна лацаделла латтарна, цундела тхан музыка кхераме хета. Со-м кхета, кегийрхоша лара деза дайн ламасташ а, баккхийнаш а.
Зеламха: Амма меттиг хилла бац, полисхой а баьхкина, цара тхуна бехкам бина. Шаьш адамаш къехка тхох.
Хьава: Рок-музыканташ ца лору, царна гIо а ца лоцу. ХIора а концерт цара шайн ницкъашца хIоттайо. Iаламат хала ду и! Масала, Red Torch групперчу Адамов Аслана «Рок наркотикашна дуьхьал» олий, дуккхаъчаьрга шайна гIо а лоцуьйтуш, вовшахтуху фестивал.
Владимир: «Рок насвайна дуьхьал» ала мегар дара, кхузахь кегийрхоша цуьнах пайдаэцаре хьаьжча.
Советан заманахь хиллачух тера ду таханалера тхан хьелаш
Хьава: Пачхьалкхан тIегIанехь боцуш дIахьочу барамех информаци чIогIа ледара яьржа кхузахь. Цкъа дIаяхьа лерина фестиваль кхечу ханна дIататта дийзира, хIунда аьлча и маца, стенгахь дIахьош ю цхьанна а хиъна а дацара. Советан заманахь хиллачух тера ду таханалера тхан хьелаш.
Зеламха: Со ваьхначу Вологдан кIоштахь културин белхахой шаьш тIеоьхура музыканташна, дехарш дан, хIоккхахь, я эццахь концертехь дакъа лацахьара бохуш. Тхан махкахь кегийрхойн министралло болх дика бо, амма музыкаца бала бац.
Владимир: Советан заманахь Цой Виктора болх бина йовхо латточу коммуналан цхьана декъехь
Зеламха: ХIаъ, иштачу хьелашкахь ду-кх тхан гIуллакх а.
Хьава: Советан андеграундехь хиллачу тоьллачу хьелашкахь.
Владимир: Маца аьтто хир бу-те шун хьакъдолчу хьелашкахь болх бан?
Зеламха: Рок иллеш хазахетарш дуккхаъ бу. Блэк-металлисташка а ладугIу. Концерташка эхар ледара ду, щаьш иллеш алар-м дуьйцучохь а дац. Суна ца евза керла кхоллаелла коллектив. 5-10 шо хьалха вовшахтоьхна тобанаш ю йисинарш.
Владимир: Интересе муьлха тобанаш ю Нохчийчохь?
Зеламха: Red Torch, Voltage, Hetal Metal, “Квадрат” – рокан а, металлан а группаш ю уьш. «Шира гIала» а ю, блюзан кепехь олу цара иллеш, «Нохчо» цIе йолуш а ю кхи цхьа тоба. Цара массара а бохург санна концерташ ло ХIинжа-ГIалахь, Налчикехь, Ростовхь.
Адамийн биэнцахетаро музыкантийн чам боккху шаьш лелочух
Хьава: Voltage тобанерчу музыканташца болх бо ас даим. Гитара локхурш къаьсттина хийцало цу группехь.Оьрсийн я муьлххачу а Кавказерчу мехкашкахь лур яра цара шайн концерташ. Ткъа кхузахь царна гуш ду, шаьш лоькху эшарш, олу иллеш цхьанна а оьшуш доцийла.
ГIеххьачул а дог доьхна бара уьш цундела. Карарчу хенахь церан таронаш ю махкал а арахьа шайн корматалла а, музыка а йовзийта. ХIетахь дуьйнна Iехабелла, баккхий лаамаш бу церан къахьега.
Зеламха: Адамаш цхьа хIайт аьлла дац тхан, церан биэнцахетаро музыкантийн а чам боккху шаьш лелочух.
Хьава: Кхин цхьа хIума а ду. Гергарчара бо царна тIеIаткъам. Нохчашлахь эшарш лакхар а, музыка а цхьа пайдабоцу хIума санна лору.
Зеламха: Иллиалархо хилар деш-дуьтуш воцург санна хета.
Хьава: Оцу стереотипо чIогIа новкъарло ю кегийрхошна. Тхан доттагIашлахь мел дукха бу похIма долуш музыканташ. Нах шайх цакхетарна, шаьш тIе ца эцарна, музыка Iад а йитина, цхьаццанхьа белхашка тасабелла беха уьш.
Владимир: Шай-кай йоккхуш.
Зеламха: ХIаъ!
Владимир: ТIаккха стенга кхача дагахь ду шу, шайн кхолларалла кхиорхьама?
ЛадогIархойн кхетамехь цхьа хийцам хиларе сатуьйсу оха
Зеламха: Сан тешам цабов, жим-жима, тIаьхь-тIаьхьа дуккха а бахархой тхоьгахьа боьрзур хиларх. Тхо дуккхаъчу нахана девзаш ду. Цара социалан машанашкахула дIасатуьйсуш, яржош ю тхан эшарш, иллеш. Уьш хезначийн кхетамехь цхьа хийцам хир бу аьлла хета суна.
Хьава: Собаро лам баьккхина. Тхан Iалашо яц дуьненна а девзаш хила, ца гIерта пачхьалкхан сценитIе а, пиар еш цхьана а кепара некъаш дац оха лелош. ТIех гIаравийлар а дац дика, хIунда аьлча кхерам бу, тхуна доьхкур хиларан болх бан.
Владимир: Буй шун гонехь метитигаш, цхьанна илли ала ца магийтина?
Хьава: Масала ас болх бечу «Седа» тобанехь яра цхьа къегина эшарш локху йоI. ПохIма долуш яра иза. Музыке шен хьежамаш бара цуьнан. Цхьана концертехь ингалсан маттахь эшар локхучу хенахь, оцу мукъаме терра дара цуьнан сценитIехь лелар…
Майданашкахь адам гулдан тхо дуьйлалахь, болх сацор бу тхан
Зеламха: Цхьамма телефон а тоьхна, и йоI филармонера балхара дIаяккха аьлла хиллера. Нохчийчохь революци яккхалур яц. Диллина тхайх лаьцна кхийкха ца до оха, цундела хир ду-кх, тахана а болх беш. Нагахь тхо майданашкахь халкъ гулдан дуьйлалой, оцу сохьта балхара дохор дара.
Хьава: Я цхьа керла карчам хила тарлора тхан кхоллараллехь…
Зеламха: Тхо жимма меттах ца довлахь, тхан хIуммаъ нислур дац! Кху хьолехь тхо хиларан, дукха хьолахь, тхан тхешан бехканна хила тарло. Нохчийчохь рок-н-ролл могуьйтур ю бохург бакъ дац!
Массо а меттехь ю цуьнца проблемаш. Iамеркехь а хуьлу дуккхаъ новкъарлонаш. Цигахь а ма ю килсаш, Iедало а тIаьхьа, тергонехь латтабо рокерш. Царна бехке ца дуьллуш хIун ду – наркомани а, маьттаза лелар а…
ХIиричуьра рокерш балийнера ас Нохчийчу. Церан цецбийлар, кхузахь оцу музыкех кхеташ оццул а нах буйла хиича.
Рокерша шаьш баккха беза шайна некъ. Ма моьтту, масачу боларехь ца кхачахь а, кхочур ма бу уьш кхиаме.
Оха дIакхайкхо а деза, хаийта а деза нахана, рок музыкано шеца вониг дохьуш доций а, тхан тоба йохо дагахь цхьа а воцийла а.
Дуьйлийша кху заманан искусствон центре мукъна а тхоьга ладогIа.