Бексултанов Муса
Цхьалха некъахой
Дийнахь сел ул-уллохь лаьттина хилла цIенош, буьйсана мел гена дуьйлу-кх, гIенашца юха цхьаьна хила санна…
Буса, батто мархашца цхьаллехь нека къевсича: «ХIинц-хIинца чубужу-кх иза!» – са орцанна хIунда хьоду-кх, гIенах самаоьккхуш санна…
Олхазарна дитт гой-те, я диттана – олхазар; мича басахь хир дар-кх царна гуш долу гIенаш…
Некъаш ма цхьалха дуьсу-кх, ха харца а йиш йоцуш, церан кIамлучу баккъашна гушдерш вай-м дац те, шаьш санна иштта девлла лела геннара цхьалха некъахой, гIан-самой вовшах а ийна, уьш вовшех къастталц бохуш…
Маца гур ду-кх я мичахь, ган йиш йолуш хIумма а дуй-кх…