Исмаилов Абу
Нохчийн мотт
Хьох лаьцна суна а дуьйцуш,
Башломах лешара хиш.
Зарзарша вовшашка буьйцуш,
Со кхетош лоькхура йиш.
ГIа-патаро шабарш дора.
ДIаихначу шерийн лар
Суна вайн тархаш тIехь гора,
Озийча набаран тар.
Хуьлура наб санна ховха,
ДаI санна хуьлура хьо.
Сан лазам, сан дегайовхо,
Сан иэшам, сан толам – хьо.
Хийла къам дехачу меттехь,
Буьйцучохь юкъара мотт,
Сан дагна хьо хийра хеттехь,
Бицбелла хир бара хьо.
Кхин стаг ца хилча, хьо бийца,
Ас сайга къамелаш деш,
Хийлаза хьан марзо ийци.
Дела ву оцунна теш.