Францерчу цхьана тергамчаc оьрсийн „Правда.ру“ цIе йолчу сайтна интервьюхь нохчийн къомах кегирхой меттигерчу Iедало албанхойн мафин талорша совцон дуьхьалбохуш бу аларо, йоккха IалагIож эккхийтина Европерчу нохчашлахь.
Цхьаболчара, дозалла а деш, дийцаре до, нохчийн иштта майра а, ницкъ болуш а лерина бохург, ткъа вукхарна и хIума оьрсийн сайто лерина питана даржорхьама юккъедаьккхина аьлла хета.
И бахьана долуш, интернетан нохчийн сегментехь баккхий къийсамаш бу дIабоьлхуш, кегирхошлахь хилла ца Iаш, ур-атталла гIеметта хIиттинарш а шайна юккъеозабелла.
Цкъа хьалха хилларг. Еаридийнахь оьрсийн Iедална муьтIахь йолчу „Правда.ру“ сайто, шен цхьа видеоматериал араяьккхина, цхьана Францера профессор санна вовзийтина волчу стагца интервью гойтуш йолу.
Цу тIехь цу Рауфер Ксавье цIе йолчу стага дуьйцу, Францехь уггаре а къиза а, маьттаза а хIумнаш лелориг албанхойн мафи ю, царна дуьхьал баккха цхьа а ницкъ бац, Францера нохчий боцург, цундела Францерчу Iедало нохчий цхьацца меттигашкахь хадаран белхашка дIаоьцу, хIунда аьлча, нохчех албанхой кхоьру дела, бохуш.
Дехха дуьйцу оьрсийн пропагандин сайто, профессор санна вовзийтинчу стаго нохчийн майраллех а, албанхойн маьттазаллех а, и ши къам вовшашна дуьхьал доккхучу хьесапехь, нохчий хеста а беш, албанхой сийсаз а бохуш.
Жимма интернет машанахь таллам бича гучудолу, и стаг бакъдолчехь аьтто-радикале хьежамаш болуш хилар а, националистийн партин коьртехь президент хила гIертачу Ле Пен Маринан агIонча а, хьехамча а хилар а.
Францин полици цхьанна а хIуманна гуьнахь яц бохуш, цо чIагIдар а тIаккха кхеташ хуьлу, хIунда аьлча Ле Пенан а, цуьнан агIончийн а программа цу тIехь лаьтташ ю – бусалба мигранташ чу буьтуш долу меттигера Iедал а, цуьнан институцеш а емал дарна тIехь.
Амма тамашийн хетарг иза дац. Тамашийна кхин ду – и видео зорбане яьлча дуьйна схьа социалан машанашкахь баккхийберца бIеннаша нохчаша иза вовшашлахь яржор а, цу чохь дуьйцург шайна сийдолуш а, юхькIам болуш, шайна диканна аьлла хиларх, теша а тешаш.
Фейсбукехь, ур-атталла, нохчийн историн Iилманчаш ларалуш болчу наха а вуно агрессиве цу стаго дуьйцург къобал а деш, иза иштта дуй-те, албанхойх нохчашна мостагIий бан лууш даржийна питана-м дац-те иза аьлла, шеконаш хьахийнарш чеха а беш.
Муха нисло-те, вайнаха шайн майралла хастор сел хазахетарца а, тешарца а тIеэцар, цу хасторна тIехьа лаьттарг милла велахь я хIуъу делахь а?
Тешийла дуйла, цIеххьана нохчийн майралла хестон йолаеллачу Кремлан пропагандин тоьллачех сайтан информацих?
Цхьа могIа Европехь бехачу нохчийн интеллектуалашка а, юкъараллин жигархошка а делира Маршо Радионо Правда.ру сайто яржийначу видеон чулацамах хаттар.
Яздархочо Эльдиев Микаила шена хетарехь, масех питане Iалашо шеца йолуш чукхоьссина пропагандин акт ю элира и видео.
Элдиев: „Правда.ру сайто а, Францера националисташа а нохчийн цIе яккхар, суна иза вайна тIе пIелг хьажор санна хIума хета, царех теша-м муххале а муха тешар ву. Цара нохчий майра бу аьлча, дозалла хеттал гIад дайна нохчийн.
Кху Европехь Iаш болу нохчий Кремлана даима а легашка хIоьттина даьIахк санна бу, царна дан хIуммаъ доцуш. Ткъа тахана вайн албанхошний, Iарбошний, берберашний дуьхьал а бохуш, цаьрца вайга девнаш а дохуьйтуш, питана дан гIерта уьш. Цунах ца кхеташ берш суна цу хIуман ойла ян мало еш нах хета.
Францерчу Iедало нохчий хаза кхин болу нах санна полице балха дIаэцна, ларйайта еза цаьрга къепе, шайна цаьрга мафина дуьхьало яйта лаахь“.
Питане лору Правда.ру портало яржийна видео адамийн бакъонашларйархочо Гисаев Ахьмада а. Цунна хетарехь, цу стаго а, цунна дош деллачу Кремлан пропагандин сайто а дуьйцург боккъал а бакъ хеташ нохчаша тIеэцар, беламе хир дара, иза сел гIайгIане дацахь.
Гисаев: „И информаци схьаяьлла меттиг – оьрсийн хаамийн гIирсаш бу, цуьнга хьаьжжина питана хета-кх суна и хIума. Мацах Косовохь тIом баьлча дуьйна схьа оьрсийн Iедало цигахь Малхбузено а, Туркойчоьно а албанхошца гIодаьккхина бохуш, шайн а тIаккха бакъо ю Нохчийчохь шайна луург лелон бохуш, бакъдеш яра шайн нохчашца йолу харцонаш.
Цигара дуьйна схьадогIуш хIума хета суна иза. Цара дуьйцучух вайн къам хIинца а тешар, суна вайна юккъехь даьржина цхьа цамгар санна хIума хета.
Дехар ду-кх сан, кху Европехь бехачу вайн къомахчу нахе, цу оьрсийн хаамийн гIирсаша вайх лаьцна даржош долчу дикачух а, вочунах а ца тешар“.