Герз а тоьхна, спортхо-боксер Яндиев Илес лазийна ГIалгIайн махкахь. И бохам хилла ХIирийн а, ГIалгIайн а дозанехь йолчу ресторан чохь.
Спортхочунна букъ даьIахках кхетта даьндарг. Иза хIинца Буру-гIаларчу дарбан хIусамехь ву.
Герз тоьхнарш муьлш бу олуш дац официалан хьостано, амма, юккъараллехь дийцарехь, шо хьалха ЯндиевгIеран а, БелхароевгIеран а шина цIийна юкъахь даьллачу девнна тIаьхьало ю хилларг.
ХIетахь Яндиев Адаман, "Борода" олучу ММА-н латархочуьнца Белхароев Iисаца дар-дацара иккхинера. Вовшийн интернетехула емал веш, къамел динера шиммо а.
Яндиев Адама шен хIусамненанца цхьана даьхна суьрташ ца тайнера, цуьнан хьож-мIода а хьакхалуш воцучу Белхароевна.
Спортхочо лелош дерг, гIалгIайн цIе бехъеш хIума ду аьлла хеттера цунна. Цу шинна дов гена даларна кхоьруш, нах юккъе а бевла, сихонца дIадерзийра иза.
Кхиъ цхьа де хьалха цуьнан гергарчу стагаца, цхьадолчу хьосташа дийцарехь, иза Яндиев Адам хилла, шен хIусамненаца хIума кхалла цига чувахча, дов даьлла хилла цу чохь хиллачу цхьана тобанца.
Вовшех летта уьш. И зулам хиъча, Яндиев Илес шен шичех леттачаьрга телефон а тоьхна, ресторане уьш схьакхайкхина, хилларг къасто. Иза къамел дан воьдуш хилар билгаладолу, цуьнца цхьа а ца хиларх а, карахь герз а, я кхин хIума а ца хиларх а.
Иза чу ма вахнехь, тIаьххье чулилхинчу туьтмIаьжгеш йоьхначу наха герз диттина цунна.
Шайн шича лазийна вуй ма хиънехь, Москохара цIавеъна Яндиев Абукар. Иза Адаман жимахволу ваша ву, иза санна доза доцу кепара латархо. Цо шен Инстаграмехь иштта оьгIазе йр=оза дитина:
"Ассаламу Iалайкум, вежарий! Минводе кхаьчна тхо. Вайн цадезачара шайн де дакъа текхадойла!", аьлла.
Яндиев Адамна накъосталла дийр ду шаьш бохуш дукха меттигашкахь бу. Цхьа ши бутт хьалха цунна оьшучу хенахь а, муьлхачу тайпан вашалла дан кийча ву ша а, шен накъостий а аьлла дIахьедар динера Нохчийчуьра Тамаев Тимура, Дикий цIарца вевзачу Оьсрийчоьнан эскархочо а.
Иза Донецк-гIалахь украинхойн эскаршна дуьхьала тIом бинчу тобанна баьчча лаьттина ву.
Тамаев: "Адам, тхо уллехь ду хьуна. Ахь цкъа горгали ма тоьхнехь тхо уллехь ду хьуна".
ЯндиевгIарна а, БатIал-хьажийн тIаьхьенах ларалучу БелхароевгIарна а юккъахь даьллачу оцу девнна чакхе чIогIа кIоршаме хиларна кхоьру гIалгIайн юкъараллехь.
Цундела, иза кхиъ гена далле маслаIатна нах юккъе баха беза цига, аьлла Маршо Радиога вистхуьлуш элира Несар-ГIалара Рашид цIе йолчу вахархочо.
Рашид: "Новкъа а деъна массарна. ТIебогIуш мархийн бутт а бу. Сихха баккхий нах юкъа а балийна, дерзо деза и дов. Орцах бовла беза нах".
Лазийначу Яндиев Илесан могашалин хьал цхьана эшшара чолхе ду боху лоьраша.
ХIинца деккъа цуьнах доьзна ду и гIуллакх муха доьрзур ду