ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

"Оьрсийчуьрчу маьршачу прессан аз лекъна..."


ХIара карара 2017-га шо доладелча дуьйна схьа дуьненчохь 8 журналистий, цхьа хаамийн гIирсийн белхалой, 2 блоггерий вийна. Карарчу хенахь чувоьллина набахтехь ву 201 журналист а, 10 хаамийн гIирсийн белхало а, 161 интернетехула информаци яржош волу онлайн-жигархо а.

Иштта ю карарчу хенахь дуьнентIехь шайн болх, шайн йозанаш а бахьана долуш лийцина я байина болчу журналистийн статистика.

ХIора шарахь Cтигалкъекъа-беттан 3-чохь даздеш ду журналистийн де, я цуьнан бакъйолчу цIарца аьлча, „прессин маршонан де“.

Цу дийнахь карладоху хаамийн гIирсашкахь болх бечара а, адамийн бакъонашларъярхоша а, шайн профессионалан декхарш кхочушдечу хенахь я и декхарш кхочушдар бахьана долуш закъалташ хиллачу коллегийн кхолламаш.

Дуьненаюкъарчу Репортераш Доза Доцуш цIе йолчу журналистийн цхьаьнакхетаралло хIора шарахь санна кху шарахь а цхьа могIа жигараллаш дIадаьхьира, цу денна лерина. Венерчу Бригиттенан кIоштахь, масала, меттигерчу Оранже радионо вовшахтоьхнера бIе сов лакхарчу классашкарчу дешархошца цхьаьнакхетар, Оьрсийчохь а, Туркойчохь а, кхечу мехкашкахь а маьршачу дашца долу хьал дуьйцуш.

Европин цхьа могIа гIаланашкахь Туркойчоьнан векалташна хьалха митингаш дIаяхьира Репортераш Доза Доцуш цхьаьнакхетаралло, цу махкахь лийцина журналисташ маьрша бахаре кхойкхуш. Карарчу хенахь набахте воьллина 150 сов журналист ву Туркойчохь.

Цхьа могIа бозуш боцу хаамийн гIирсаш дIакъевлина я дIакъовларан зил тIе кхачийна урхалло.

Амма Оьрсийчуьра хьал а ду тIаьхьарчу хенахь долчул а тишделла догIуш, бохуш дийцира Маршо Радионе Австрерчу Репортераш Доза Доцуш юкъараллин декъан куьйгалхочо Моьринг Рубинас.

Малхбалерчу Европехь а, Туркойчохь а журналистийн маршонийн хьал вочу дерзарца цхьаьна цо элира Оьрсийчохь а маьрша ойланаш а, маьрша дош а даржош берш бист ца хиларе берзон гIерташ къахьоьгу Iедало, аьлла.

Моьринг: „Юкъарчу хьесапехь доллучу дуьненчохь а прессин маршонца я цу прессин маршоне хьежаршкахь долу хьал телхина ала йиш ю вайн. Iедалийн прессин маршонца йолу юкъаметтигаш а, прессин а, информацин а, хаамийн гIирсийн а маршонашца Iедалша лелош дерг а вочу агIор хийцаделла.

Информацига кхача маршо ю цигахь коьртаниг, хIунда аьлча адамийн бакъонашна юккъехь йозуш йоцучу информаце кхача бакъо а ю коьртачех цхьаъ. Цу бакъонца долу хьал карарчу хенахь массанхьа а ала мегар долуш телхаш схьадогIуш ду. Вайна иза го Малхбалерчу Европин пачхьалкхашкахь а, масала, Полшехь а, Венгрехь. Вайна го иза хазнесанна Туркойчохь а телхина хилар. Вайна го иза иштта Оьрсийчохь а.

Цигахь дукхахьенахь дуьйна тийна Iара оппозици а, критикалле аьзнаш а. Амма хIинца дукха хан йоцуш йоккха демонстраци хилира Оьрсийчохь. Цигахь дакъалаьцначех дукха нах лийцира Iедало.

Оьрсийчоьнан бахархошна вуно во а, журналисташна вуно кхераме а хьал ду цигахь кхолладелларг. ХIунда аьлча шена хетарг ала дехкаро, маьрша хаамийн гIирсаш дIалакъоро нах жим-жима кхетамах боха бо, цаьрга хенаца бакъдерг пропагандех къаста ца ло“.

Репортераш Доза Доцуш юкъаралло кху шарахь зорбане яьккхинчу прессин маршонан индексехь билгалдаьккхина ду, талламаш дIабаьхьначу 180 пачхьалкхенан могIаршлахь Оьрсийчоь дешан маршонца долчу хьолана 148 -чу меттехь бен яц, аьлла, Мексиканий, Таджикистанний юккъехь.

Даханчу шарахь цу махкахь кхин а алсам яьккхинера пачхьалкхено бозуш боцучу хаамийн гIирсашна тIеIаткъам бар. Цул совнаха, прессин маршонан индексехь билгалдаьккхина ду, Оьрсийчуьрчу журналисташа критикаллечу кепехь хьахон ца магочу темашлахь Оьрсийн Килс а, Путин Владимиран долар дахар а, Роснефть концернан куьйгалхо Сечин Игор а ву, аьлла.

Оьрсийчохь журналистийн дахарна а, могашаллина а вуно кхераме хьал хилар а билгалдоккху Репортераш Доза Доцуш цхьаьнакхетаралло. Иштта хьастагIа Заздоккху - баттахь муьлш бу ца хуучу наха йиттина вийна волу журналист Андрюшенко Николай а ву хьахийна.

Нохчийчуьрчу тIамех а, цигахь адамийн бакъонаш хьешарх а лаьцна яздина хилла йолу Эстемирова Наташа а, Политковская Анна а ер талларехь а цхьа а кхиамаш ца хилар а билгалдаьккхина рапортехь.

XS
SM
MD
LG