Еарийдийнан делкъехь Киевехь тапча тоьхна, лазийна Осмаев Адам реанимацехь ву, чов вьрру пахна кхетта, хаамбо Украинерчу зорбано, меттигерчу низамхойн урхаллашна тIе а тевжаш.
Депутато Мосийчук Игора а тIечIагIдина Осмаевна операци йина, лоьраша бахарехь, даьндарг букъдаьIахках йоьлла, аьлла.
Дудаев ЖовхIаран цIарахчу батальонан буьйранчина тапча тоьхнарг а ву оццу дарбан цIачохь, цьунан пехийн дакъа дIадаьккхина лоьраша, хаамбо хьостанаша.
Полицино бечу хаамца, Окуеваца а, Осмаевца а массех де хьалха зIене бевлла Францера нах, Осмаев массех шо хьалха Путин вен гIоьртарх лаьцна яьржинчу исторех филм яккха лаьа шайна, аьлла.
Иштта цхьаьнакхетта Киеверчу Подол кIоштахь шина нохчочуьнца шен цIе "Вернер Алекс" яьккхина киллер. Цо шен майрачунна Адамна тоьхначу тапчанна дуьхьал йоьазза шегара тапча тоха лараелла Амина.
Чоьхьарчу гIуллакхийн министраллан спикера Шевченко Артема хаамбина, киллерехь хилла тапча «Глок» ю, цуьнгахь Одессан вахархочун Дакар Александран цIарах делла Украинан арахьара паспорт а дара аьлла.