Нохчийн халкъан артисткан, хьовсархошна даимна а дагахь йисинчу "Бож-Iела" спекталехь Бож-Iелин хIусамненан коьрта васт гайтиначу Багалова Зулайн йина де ду тахана.
Цо ловзийначарех уггар а бIаьрлачех васташ ду Гамзатовн Асетан, Бадуевн Бусанин, Хамидовн Совдатан, иштта масанне кхи а дуккха а.
Тахана а театрехь болх беш, искусствон дахарехь жигараллица схьайогIу Багалова Зулай. Вайн махкахь цуьнан цIе ца евзаш, цо дакъалаьцна спектакль ганза, цуьнах дозалла ца деш стаг хиллане а хир вац.
Амма хир бу Зулайн дог-ойланна тIе ца кхиинарш, цуьнан дуьнене хьежамаш муха хилла ца хуурш, тахана Зулайн дахар муьлхачу басаршкахь ду хаа луурш а.
Маршо Радионо, йинчу денца декъал а еш нохчийн халкъан тоьллачех актриса, дийцийтира театре бинчу, хIуммаъ а шера ца хиллачу некъах, адамашца цуьнан хиллачу юкъаметтигех.
Иштта дийцира Зулайс, шен дахарехь уггар а доьхна деанчу дийнах, шена чохь даимна а биссинчу дагахьбалламех а.