ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Делимханов Адама некъаш лоьху Амриев Нохчийчу дIавига


Машенийн коврашца Добрушерчу полисхойн декъара ММА-н латархо, Дуьненаюкъара чемпион Амриев Мурад еарийн буса дIаивигина аьлла баьржина хIоттийна сурт харц хилла аьла яздо "Новая газетано".

ХIетахь Амриев Добрушан полицехь вуьссуш хилла, цул тIаьхьа Хорошевка олучу пункте дIа а вигина, оьрсийн дозанхошка а, ФСБ-н белхахошка а дIавелла хилла иза, дийцина адвоката Заикин Петра.

"Новая газетан" журналистийн хьосташа бахарехь, нохчийн полисхой ца хилла Амриев дIалучу хенахь цхьаьна.

Кху сохьта, Амриев къайлахчу сервисийн тергонехь ву, Нохчийчу дIаваларх дуьйцуш дац. Цуьнца доьзна Нохчийчоьнан Iедало жигараллица некъаш лоьху Амриев шайга схьаэца.

Иштта оццу зорбано бахарехь, Амриев схьаваккхар тIедиллина ду Делимханов Адамна.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG