ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Iедална къурд баха а кIордийна


Ламаст хилла дIахIоьттина даьлла Нохчийчохь, Iедална резавоцчунна тIехь мехкан дайша шайггара кхел еш. ТаIзарх ца бовлуьйту я церан гергарнаш а.

КIира хьалха Шелковск кIоштарчу Ораз-эвларчу яхархочо Манкаева Рашияс социалан машанехь мехкан куьйгалхочуьнга Кадыров Рамзане латкъам бинера, шен бераш деша оьхучу школан директора а, хьехархоша а бераш шайн кертахь а, хIусамехь а белхаш бойтуш, дацош хиларх а, церан бакъонаш ца ларъеш хиларх а.

Дукхахболу хьехархой шайн болх хууш а бац, хIунда аьлча, цара дипломаш мах луш, эцна долу дела, яздора яхархочо.

Дика хир дара боху цо, школашкахь хьехархошка шайгга экзаменаш ялийтийча, церан хаарш зуьйш.

Дехнера Манкаевас, гIуллакх толлучу заманчохь, ша телехьожийлехь гайта а ца гойтуш, йист яккхар.

Хьем ца беш, и гIуллакх шен тергоне ийцира мехкан прокуратурано. Катоьхна бинчу талламо гайтина, яхархочо дуьйцург аьттехьа а бакъ ца хиллийла.

Цундела, кхайкхина школе ялийначу Манкаева Рашиян чIагIонаш ян дийзира меттигерчу телеэфирехь, ша харц хиларан а, иштта декхаре йира иза хьехархошка а, ша кхи ойла а ца еш, балхана юкъахбаьхначу хьаькамашка а шена гечдар деха а.

Хууш ма-хиллара, Интернетехь Кадыров Рамзанна я цуьнан гуонна цатовриг аьлларг, и мел хьулвелла хиларх а, кара а вой, мехкан куьйгалхочун кхеле валош ву.

Цигахь, меттигерчу телевизионийн камераш тIе а хьийсош, юьхь тIехь мел дерг охьа а доккхий, ша харцвеш, мукIарло дойту.

Масала, иштта яра Инаева Iайшата ватсапехула "ахь лело моттаргIанаш: спортхошна, иллиалархошна ахчанаш, машенаш лестош, ахь хIиттийначу хьаькамаша белхалойн алапаш сецадеш, шу бен дац яа дезаш а" бохуш, даржийначу къамелан тIаьхьало а.

Цхьа йоккха юьхьIаржо тIееча санна, ур-аттала, юьртарчу къаноша а коьртеш а лестош резабацарца, и дерриг гуш, Iайшат дохкоьяллера, ша и къамел дарна-м хIунда хьехадора, дуьненчу яларна а.

Иштта шен къомана хьалха юьхьIаьржа хIоттийра Кадыровга цунна товш доцу дешнаш Инстаграмехь аьлла Дикаев Адам а. Кхи а масане, масане бара уьш

ХIуммаъ харц ца хилла яздархо Крылов. Шен цхьана лачдийцартIехь яздина цо "ницкъболчунна хьалха гIорсаиз эшнарг даим ву бехке".

Иза бакъхиларан масалш бакъонашларъярхоша гучу а дозуш, дуккха а ду таханалерачу дийне кхаччалц.

Цхьанхьа стаг дIавигина, къайлаваьккхича, Iалелай, тхан стаг Iедало бехк боцуш дIавигина олий мохь богIу, кхана-лама, суна тарделлера олий хазадо.

Шена тIехь ницкъбина, харцо лелийна олий аьрзнаш до вукхо, юха хьаьжна а валале, "хIан-хIа, со тиларчу ваханера", "суна чу жин доьссинера" олий, дов дерзадо.

Адам писдолийна ца Iаш, кара а Iамийна.

ТIаьххьарчу шерашкахь къаьсттина луьра къийсам латтош бу Кадыровс оппозицица.

Цо царна ца тохкуш цIераш а ца йитира "чагIалкхаш", "къоман мостагIий", "шайтIанаш"…

Бехира Гуьмса-кIоштарчу а, Закан-Юьртарчу а хьекъална эшна нах Iохкучу дарбан хIусамашкахь VIP-меттигаш билгалъйохур ю Iедална муьтIахь боцурш охьабуьйшо.

Советан заманахь Iедална дуьхьалболчарех Сталина а олуш хилла "къоман мостагIий", Андроповс Iедална критика йийраш психикаца проблемаш йолчу хIусамехь латтош хилла.

ХIунда тайна Кадыровна церан некъаш? ХIунда воьду иза церан ларах?

Халкъана шена хетарг маьршша дIаалар а доьхкуш, нуьцкъаша кхечуьнан ойланна тIе а товжош, Iилманехь а, искусствехь а бодане болу хьаькамаш кIорггера Iилма долчу нахана тIехь кхел ян а хIиттош, оцу некъаша пачхьалкх кхиор яц, мелхо а хIаллакйийр ю аьлла гоьваьллачу италахойн философа Галилей Галилеос.

Цундела уьду -те оцу махкара нах, хина буха доьдучу хIордкемана тIера уьду дехкий санна.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG