Шаьш реза дац меттахIотточу Аухан кIошта юкъара Юртаух а, Акташаух а, Бурсум а яккхаийта, уьш вайнах махкахбахале (1944) цуьнан дакъа хилла, шена чу 37 процент бахархой а богIуш, дIахьедина Дагестанерчу аьккхаша. Резадацар дIакхачийна мехкан лидере Абдулатиповга а, Халкъан кхеташонан куьйгалхочуьнга Шихсаидовга а, Министрийн кабинетан гIантдега Гамидовга а.
«ЦIеяьккхина кхо юьрт Аухан кIоштах дIахадор ца догIу и кIошт меттахIоттош тIеэцначу низамашца, цу тIе меттахIотторан болх дерзийна хила беза а ю вуно дукха хан», - боху дIахьедаро.
КIошт меттахIоттор дахдаро йохайо къаьмнийн юкъаметтигаш, Дагестанехь бехачу нохчашна шаьш эшамехь го, аьлла ду документ.
1991-чу шарахь арахийцира Дагестанан Iедало Аухан кIошт юьззина меттахIоттош низам, амма кхочушданза дуьсу иза хIинца а.