Мангал- беттан 26-гIа де таIзарш лайначаьрца солидаралла гайтаран Дуьненаюкъара де ду. ТаIзарш лайначаьрна белшашгIорторан дийнахь дуккхаъ ду нохчийн а дагалаца а, дийца а.
Шина тIамехь а, и тIемаш официалерчу дIахьедаршца дирзинчул тIаьхьа а адамашна тIехь къиза таIзарш лелош, уьш кегбеш, уьш доьналлах бохорхьама а эзарнаш Нохчийчоьнан бахархой чекхбевлира оьрсийн эскарерчу чаьлтачийн къизаллех.
Амма нохчашна тIехь дина таIзарш хьалхарчу тIамца дIа ца даьллийла гойту Маршо радионо гулдинчу тоьшаллаша. Царах цхьаъ ду Австрехь вехачу Никархо ИбрахIиман дийцар.
Шена башха ца деза ша лайнарг дийцар, делахь а, тIом а, тIом болуш нохчашна тIехь оьрсийн чаьлтачаша лелийнарг ца гина я иза дицдиначарна иза муха дара хаийтархьама а дуьйцу ша шена тIехь кIиранашкахь динчу таIзарех лаьцна, элира ИбрахIима.
ИбрахIим: „Ас цхьа бутт хан яьккхира церан керахь. Цара ток етташ и хIума а лелийра. Юха хIора 2-3-5 сахьт массаза долу чу а лелхий, букъа тIехьа куьйгаш дIа а тоьхкий, уьш ирах а дохуьйтуш, сеттадора. ДIавуьгий цхьана леринчу чоьна чохь цхьа хьалха хуьлуш хилла телефонах терра аппарат тIе а тосий, серий хьан дегIах а тоссий, ток еттара.
ТIаккха хьоьгара хьан лаамза мохь болура. Юха и ток йиттина хьо схьачувалийча, инзаре чIогIа бага якъаелла хуьлура, хи дезаш. Хьо чохь латтош волчу чоьна чохь тховтIера чуIенаш боьхачу хин тIадамаш дара, лакхахь тIехь луьйчу меттиг йолчух тера дара церан. Сахьташкахь юха цу тховтIера чуIенаш долу и боьха хин тIадамаш цхьа къурд балла гулдой, иза мелча, мел а гIоле хуьлура. БIеннаш нах чекхебевлла меттиг яра иза, суна хетарехь.
ИбрахIима дуьйцу, чаьлтачашна уггаре а гома хилларг шаьш таIзарш деш волу стаг доьналлех ца вухуш, чIагIвелла чекхвалар дара, бохуш.
ИбрахIим: „ДIалаьцначу хенахь юхьанца могушалла дика а йолуш, лалора цара лелориг. Амма хенаца ницкъ дIа а болий, цхьанхьа чохь яллийна гIелйеллачу акхарочух тарлора хьо.
Юха хенаца цхьана хIумнах кхийтира со: цу оьрсашца цхьаьна цхьа нах бара, ас царех „оьрсийн нохчи“ олу, цу нахана тIаккха чIогIа ца дезара, шаьш хьийзош волу стаг "гIарчI" аьлла чIагIвелла чекхволуш хилча, кхин а чIогIох ницкъ бора цара цунна тIаккха, хIунда аьлча, уьш шаьш кегбелла нах бара, лайн амалш шайца йолуш.
Цундела ахь хьуо гIелвелла моттийтича мел а кIадлора уьш хьоьца. Хенаца со а Iемира цаьрца муха хила веза, муха лела веза".
Карарчу хенахь цхьанна а хууш дац, билггал маса адам тIаьхьарчу 20 сов шарчохь Нохчийчохь таIзарех чекхдаьлла – и нах багарбеш я церан статистика ларйеш цхьа а институци яц я Оьрсийчохь а, я Нохчийчохь а.
Делахь а, хIинца а дийна а болуш, тоьшаллаш дан кийча а болуш эзарнашкахь бу чаьлтачийн къизачу таIзарех чекхбевлла махкахой дуьне мел ду баьржина бехаш.
Маршо Радиоца ша лайнарг декъна волу Никархо ИбрахIим цу эзарнех цхьаъ вара.