Туркойн Iедалхоша къайлах Шема баха гIерта доьзал лаьцна, хаамбо Оьрсийчоьнан прессо.
Саратов махкара Уханова Светлана а, цуьнан ши бер а, иза дукха хан йоццуш мареяхана стаг а ву лаьцна, Антакья гIалин мигрантийн набахте хьажийна. Шемарчу тIемалойх дIакхета дагахь хиларна бехкебо доьзал.
«Оха Оьрсийчоьнан бахархой болу меттиг билгалъяккхар, уьш Оьрсийчу юхахьовсор дехна», - довзийтина ТАСС агенталло дипломатин векалтан пресс-секретаран Лешуков Александран дIахьедар
Шегахь хилла зуда, шена йина йоI Лиза а а эцна, Туркойчу яхна, цо шеца лаьттина зIе бутт хьалха хадийна, аьлла, арздина Оьрсийчохь Уханова Светланин майра хиллачо. Цул тIаьхьа хиина, иза а, цуьнан доьзал а Туркойчохь лаьцна кхобуш буйла.