ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Нохчийн берех лаьцна кино йоккхур ю Австрехь


Австрера ОРФ цIе йолу пачхьалкхан телекампанино а, цу махкарчу кино исбаьхьаллин институто а дIакхайкхина, шаьш гергарчу беттанашкахь ахчанца гIо ден долчу ворхI филмана юккъехь нохчийн берех лаьцна филм а хир ю аьлла.

Маршо Hадионе ОРФ телекампанин прессица болх баран декъо ма дийцара, Нохчийчуьру Австре мухIажарш санна схьабеъначу доьзалерчу шина кхиазхочух – йишех а, вешех а лаьцна хир ю и кино.

1994-чу шарахь зорбане яьллачу евзаш йолчу меттигерчу яздархочун Хелфер Моникин „Оскар а, Лилли а“ цIе йолчу романан бух тIехь йоккхур йолуш ю кино. Бакъду, режиссеро Риахи Арашс цу романан сюжет вуно чIогIа хийца а хийцина, керла чулацам а, керла коьрта турпалхой а кхуллуш язйина шен сценарий. Вайн заманахьлерчу хьелашна романан чулацаман адаптаци еш, цо коьрта ши турпалхо нохчийн йиша-ваша дина.

И шиъ тIехь да воцуш кхиош хиллачу ненера Австрерчу берашна Iуналла даран хьукмато дIадоккхий, вовшашца а къаста а дой, шина тайп-тайпанчу австрихойн доьзалшка дIало. Цигахь шиннан а вуно гIайгIане дахар хуьлу.

Амма эххар а ирс хуьлу цу шиннан вовшахкхета - ша кхаьчначу доьзалан лулахь ехачу йоккхачу стагца гергарло тассало кIентан, ткъа цо цунна ша леш шортта ахча дуьту. Цу ахчанца шен йиша схьа а лохий, и шиъ цхьаьна додий дIадоьду дуьне мел ду, кхин цхьанга а шаьшшиъ къаста ца дайта.

ТIедогIучу шарахь яьккхина яла декхар ду и филм.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG