ХIора шо долалуш Оьрсийчуьрчу дешаран, Iилманан урхаллаша цхьацца керла кепаш юкъайоху доьшийлашкахь. Ца хуьлу уьш берийн кхиамаш лакхабахарца доьзна а я церан аьттонаш шорбеш а.
Аьттехь а ца хуьлу хьехархойн болх бан стимул хилийта, алапа тIетохаран Iалашонца я церан болх аттачу боккхуш.
Шаьшна, берашна, самукъане хан елахь а, балане доьрзу и денош церан дайшна-наношна. ХIунда аьлча, я церан кисане хьожий а, я царна хетарг, церан чам тергоне оьций ца хуьлу хьакамийн лаамаш а, тIедахкарш а.
Нохчийчуьрчу школахойн, лакхарчу доьшийлашкарчу студентийн духар ца тайначу Кадыров Рамзана дуьххьара 9 шо хьалха дIакхайкхийра, дешархойн хотIана ша резацахилар.
ХIетахь дуьйна, хIоразза а дешаран шо долалучу муьрехь ша-ша тола гIерташ, мехкан урхалхочунна хьалха хеставалархьама кеп-кепара хийцамаш юкъабоху дешаран, Iилманан министраллан векалша а, цо Iуналла латточу кIошташкарчу дакъоша а.
ХIора шарахь бохург санна, Маршо Радиоца хуьлучу къамелехь хьехархоша латкъамаш бо, шаьш урок берана хьеха кхуьуш дац, меттигерчу администрацино а, дешаран декъан векалша а рогI-рогIана схьакхийдо керла низамаш-тIедахкарш листа декхарийла до дела, бохуш.
Веданарчу юккъерчу школан юьхьанцарчу классан хьехархочо Румисас гIад дайна дийцира, Iедало хьалхарчу класехь а цхьаьна йовлакхаш техкар тIедожоро шена а, берашна биначу ницкъах.
Кегийчу берийн коьртахь йовлакхаш ца соьцуш, уьш тахка а, лело а Iемина боцу дела, царна уьш юх-юха дIанисдеш, урок кхачо йоллуш ерзор ца хуьлу шен аьлла, дийцира цо.
Иштта, ницкъ хуьлу дай-наношна а. Бершана школе дахьа духарш уьш эцна бевллачул тIаьха мода юкъа йоккху Оьрсийчоьнан дешаран а, Iилманан а министралло: массо а дешаран меттигашкахь кегийрхошна тIехь цхьатерра барамца тегна школан барзакъ хилийта, аьлла. Лакхе кIайн, лахе Iаьржачу басахь.
Дайшна-наношна гуттар «аьтто» беш, цхьанхьа тега а тоьгий, школашка схьа а кхачадора школан барзакъаш.
Официалехь доцуш, хIетахь дуьйцура Кадыров Рамзанан йишин Зулайн доларчу бедарштегаран фабрико арахоьцуш ду и духарш. Цуьнан план кхочушъярхьама, массо а декхарево барзакъ дIаэца бохуш.
Цул тIаьхьа а, масане дара уьш, декхарш: школан эмблема тIехь йолу бейджикаш арахоьцуш, коьрта тохку йовлакхаш даржош…
Кху деношкахь социалан машанашкахула, ша нахала ма яккхалаш, бохуш, кхерамаш туьйсуш, аудио- къамел даржийна я дешаран министраллан декъан куьйгалхо елахь а, я кIоштан дешаран декъан хьаькам елахь а, цхьана кIоршамечу зудчо.
Цо шогачу кепехь дIакхайкхадо, дукха хан йоццуш «Ахмат» аьлла цIе хийцинчу футболан клубан логотип тIехь йолу дешархошна лерина дневникаш арахецна хиларх республикехь, уьш езахь а, ца езахь а, берийн верасашна тIеэгош хиларх а.
Оцу хьаькамо школийн директоршна дайшца-наношца болх бан кхо де хан ло, уьш берта бало а, царна дневникаш хазъеш, марзъеш дийцарш дIадахьа а.
"Амма аш хIара сан аз даржадой, ас бийр бу шун болх" боху, хIинца а шен йолчу цIарца евзина йоцчу хьаькамо.
Ватс апехула яржа-м йира оцу сохьата цамагийна аудио, амма къайлаяьхьна оцу хьаькаман цIе. Цуьнан цIе цхьана а зорбанехь а, я социалан машанашкахула а хазийна яц.
Маршо Радионо бахьанаш лелийра оцу хьаькамна-зудчунна тIекхиархьама а, Соьлжа-ГIаларчу муьлхачу арахоьцийлехь вовшахтесна и дневникаш а, кхаьчний уьш школашка а толлуш
Лаьмнийн кIошташкарчу ярташка а, гIалин масех школашца а тхан тасаеллачу зIенашца, дневникаш схьаеана яц хIинца а. Буьрсачу хьаькамо елла хан пIераскан сарахь чекхйолуш ю.
Оха телефон туьйхира Соьжа-ГIаларчу Матаев Анзора куьйгалла дечу арахоьцийле, «Ахматан» дневникашна зорба тоьхнарг лоьхуш.
Матаев: "Суна ца хаьа хьуна, хIунда аьлча, вайгахула араевлла яц уьш. Вайн республикехь кхи а книгаш арахоьцийла ю. Уьш муха йина хир аьлла хетий суна, дешаран, Iилманан министралло "Грозненский рабочий" типографехь арахецийтина хир ю аьлла хета-кх. Я Кадыров Ахьмадан фондд юй, церан омраца арахецна хила тарло. ХIунда аьлча, хьеннан а бакъо ма яц, цаьргара пурба ца хилча церан логотип лелон".
Соьлжа-ГIалахь Перман «Амкаран» а, «Ахматан» а матч йоьдучу дийнахь «Ахмат» клубан эмблема а тIехь 30 эзар шоколадан экъанаш йийкъира махкахь. Iедало шаьш даржорехь, бахархошна и керла цIе марзъярхьама йина ишар яра иза.
Хууш ма-хиллара, вайн махкахь я кемпеташ а, я шоколад а еш фабрика яц, цундела цхьаннан а таро ца хилира хаа, стенгахь кечйина яра уьш, хIунда аьлча, кехатна тIехь «Ахмат» клуб доцург кхи тоьхна йоза а ца дацара.
Маца, мичахь, хIун хиича а хIун талора бахархойн, «Ахмат» тIе язйина кховдийна хIуъа а яа а, эца а, лело а декхаре шаьш дуй царна хууш хилча.
Материал ерзош Маршо Радио эххар а тIаьхьакхиира, кхерамашца «Ахматан» дневникаш юхкург мила хиллера. Грозненск кIоштан дешаран декъан куьйгалхочун гIовс ю иза Хасбулатова Малика.