Низамаш талхош кхечу пачхьалкхашка, иштта Шема а, Иракъе а, къайлах дIадуьгучу берех хаамаш кхаьчначул тIаьхьа Оьрсийчоьнан президентехула йолчу бакъонашларяъран кхеташоно жамIан тептар хIоттийна. Церан барамашца дерриг а ду уьш 400 бер. ТIеман министралле а, къайлахчу сервисашка а, арахьарчу гIуллакхийн министралле а кхачийна и тептар.
Оьрсийчоьнан Iедало Иракъера цIадерзо хьийзочу кхиазхойх дуьйцуш, омбудсмена Кузнецова Аннас дIахьедина, берийн бакъонашкахула йолу урхалла кийча ю Мосулерчу буоберийн хIусамашкарчу оьрсийн берашна даймахка цIа далийначул тIаьхьа массо а агIор гIо кхачо.