Венехь юха а Iотта-баккхам нисбелла овхIанхойн, нохчийн кегирхошна юккъехь. Маршо Радионе кхаьчначу хаамца, кху деношкахь овхIанхойн тобано йиттина 12 шо долчу нохчийн берана. Уьш цунах латаран бахьана билгалдаккха делла дац цкъачунна.
Амма, хIинцалца схьа цу хиламах долчу хааршца, хетарехь, кIомал юхкуш болчу овхIанхойн а дов даьлла хилла цабевзачу нохчашца, цул тIаьхьа уьш Австрин коьртачу шахьарин Флоридсдорф олучу кIоштахь шаьш дуьххьара тIенисбеллачу гIорасизчу нохчийн къомахчу кхиазхочух летта.
И зулам Венехь бехачу нохчийн кегийрхошна хиинчул тIаьхьа уьш социалан машанашкахула а, ватсаппехула а вовшашка костанаш а даржош, овхIанхошна бекхам бан кечамаш беш хилла.
И дерриге а баккхийчарна хаар бахьана долуш кхин дIа долу латарш а, тийсадаларш а сацон кадаьлла диаспорин векалийн, полицин ницкъаш а юккъе а озийна. Iоттабаккхам дIабирзинехь а, амма дирзина дац масех шарахь Австрехь схьадогIуш долу нохчийн, овхIанхойн кегирхойн мостагIалла.
Цу мостагIаллин бахьана талла а, цунах долуш долчу зуламех кегирхой кхето а Iалашонца еарин буса Венехь вовшахкхеттера Австрерчу нохчийн-гIалгIайн кхеташонан векалш а, цу гIаларчу овхIанхойн къомах болу къаной а, ткъа иштта шинна а къомах болу кегирхой а.
Австрехь овхIанхошний, нохчашний юккъехь иккхина рогIера дов дерзон арабевллера цу махкара шинна а къомах болу къаной а, юкъараллин жигархой а. Царех цхьаъ ву овхIанхо Iабдул-ГIани, шайн къомахчу нахалахь шуьйра вевзаш а, лоруш а волу жигархо.
Маршо Радиоца шен къамелехь цо дийцира, зуламаш лелош болу шинна а къомах кегирхой дукхачу хьолехь хьекъална генара а боцуш, я диспоршца а, я маьждигашца а бала а боцуш, къепедарш лелорах дахаран кеп а йина болу нах бу, овхIанхойн а, нохчийн а цIе йожош лелаш болу.
Iабдул-ГIани: „Хьекъал доцу божабераш ду уьш, овхIанхойн а, нохчийн а сий дойъуш лелаш болу. Проблема хIун ю хьуна аьлча, наггахь цара къуьйсуш дерш герзаш а хуьлу, корт бахон молхнаш а хуьлу. Доккхачу декъехь и вовшех леташ болу кегирхой, нохчийнарш белахь а, овхIанхой белахь а, уьш я овхIанхойн а, я нохчийн а диаспоршца зIенаш а йоцуш, я маьждигехь лелаш а боцуш болу нах бу, цундела оха аьлларг а ца до цара“.
Австрерчу нохчийн-гIалгIайн Кхеташонан куьйгалхо Мусалатов Шайхи а вара дов дерзн араваьллачех цхьаъ. Ма-дарра дийцича, цунна шен хенахь кегирхой лата вовшахбетталуш буйла хаар бахьана долуш каделира шина къоман кегирхошка рогIера бохам ца баккхийта. Мусалатов Шайхис дуьйцу.
Мусалатов: „Оцу вовшахлатаро йинчу конфликтах хьанна пайда болу, иза хьанна санехь ду бохург къастон дагахь кхайкхинера оха полицера нах а, магистратера Iедалан белхахой а, нохчийн а, овхIанхойн а векалш. Оха бина сацам – шина къомана цхьанна а агIор пайдехь хIума дац иза“.
Цу юкъана, Маршо Радион информацица, овхIанхоша йиттина волу 12 шо кхаьчна кIант дикчу хьолехь ву, цунна цхьа а дахарна а, могашаллина а кхераме чевнаш ца йина.