ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Туьйранашца кхиайо хьехархочун корматалла


Керла дешаран шо доладала герга кхаьчначу деношкахь Маршо Радиоца хиллачу къамелашкахь хьехархой соцунгIа хьийза, шина дагахь: марзъеллачу школе хьеха, дIагIор те шаьш я цхьа кхин болх лаха хьаьжча, хIун дара те, иштта а шерашкахь телхина нерваш кхин а хIаллак ца еш, бохуш.

Пачхьалкхан ЕГЭ экзамен юкъаяьккхичхьана, хьехархошна кеп-кепара презентацеш тIеэгийчхьана, хIора шарахь бохург санна хуьйцуш, юкъайохучу Iаматаша, дешаран министраллера дуьйна муниципалан администраце кхаччалц, денна тIехIуьттучу комиссино а талхийна доьшийлашкара хьал.

Цхьа могIа эксперташа а, тергамчаша а тешна дуьйцу, кху заманан школашкара хьал, 10 шо хьалха лаьттинчуьнца дуьстича, эшна догIуш хилар.

Дешарехь, Iилманехь а деградаци хиларан коьрта бахьанаш го царна, кеп-кепара, шаьш хьехархой а дIоггара тIе а ца кхуьу, дешаран программаш юкъаяхар, бюрократи дIахIоттор, коррупци яржор, ишта экзаменаша бен тIеIаткъам а.

Амма кхуьуш дац берийн хаарш а, Iилма а.

Дайша-наноша хьехархой бехкебеш, педагогаша дена-нанна тIетоьттуш, кхин царна бехкениг ца карош, 11 шарахь классашкахула чекх а довлий, бераш пачхьалкхан экзамене хIуьтту.

Цигахь а дас-нанас тIеIаткъам бо шайн берашна, «экзамен дIа ца лахь, дуьне духур ду» бохучу кепехь.

Ишта а, шо шаре экзаменан низамаш долчул тIе а чIагIдеш, тIеман операци дIахьош санна, сурт хуьлу хIоттадой: герзаца полисхой, школан арара чу кхаччалц, го лоций.

Оьрсийчохь кIезиг дац масалш, пачхьалкхан ЕГЭ бахьана долуш кегийрхошлахь суицидаш хилла.

Проблемаш йийца йолийча, Iедалан коьртера дуьйна охьаягаръян йогIу.

Цкъа делахь, тахана гучу хьолаца, уггар а балхах чам кхеттачу хенахь, къахьега таро а, ницкъ а, хаарш а, зераш а, хан а йолу хьехархой балхара дIабаьхна, пенси бахийтина Iедало.

Ткъа керлачу, къоначу хьехархойн хаарш беркъа ду, дешарца кхин бала а боцуш, ученашкахула чекхбийлина уьш хиларе терра.

Маршо Радион хеттаршна жоьпаш а луш, масех хьехархочо къамел дира тхоьца, школера проблемаш шайна ма ярра евзаш хиларе терра.

Соьлжа-ГIаларчу цхьана гимназехь дуккха а шерашкахь хьехархо а лаьттина, шо хьалха кхин и дукъ дIа ца текхаделлачех ю Зарган. Шена гуччу кепара дийцира цо школан кхачамбацарех.

Зарган: "Таханалера ишколашкара хьал дийца воьлча, дуккха а дара дийца. Хьехархоша тIаьххьарчу заманчохь далхошдерг: школашка дукха комиссеш эхар а, тIедохкурш совдовдийлар а, уьш дIа ца кхехьадалар а.

Делахь а, уьш-м шайн болх беш бара, комиссин юкъахь берш. Дешарна тIехь Iуналла дан хIиттийна ма бу уьш. Амма цхьа проблема ю цуьнца йоьзна а".​

Комиссин лаамаш кхочушбарал совнах, оцу берашна, урокана кечйинчу плана тIераниг а ма ду хьеха дезаш, бохуш, кхин дIа а дуьйцу Заргана, пачхьалкхан экзаменаш а хьахош.

Зарган: И керла тIеэгийнарш ца хилча а, шен хьалха дуьйна болх бечу цуьнан, урокан плана юккъехь дерг а ма ду кхочушдан дезаш. Хьалха урокехь дийцинарг, беро цIахь бан белла болх кхочушбина я ца бина. Цуьнга ладоьгIна, йогIу балл хIоттийна, цхьа хан яйъа а ма еза хьехархочун. Оцу 40 минотчохь и дерриге а хьехна а, дина вер вац педагог".​

Соьлжа-ГIаларчу цхьана школехь лакхарчу классийн хьехархо лаьттина ю 12 шарахь Мадаева Лариса.

Дешаран коьртехь лаьттачийн харцонаш, хьарамлонаш кхин дIа ла а ца елла, кху деношкахь дIатесна цо, оццул безаш хилла болх.

Лариса: "Кхин хIун дуьйцур ду? Алапаш лахара ду, чусецош ду уьш а. Каракхочург 8 эзар бен дац. Нахана цунах болх бан ца лаьа, суна а ур -аттала. Книгаш шаьш эца еза, тоххара маьхза хиллехь а.

Йитахьа уьш а, гIад дайча! Хаарш дац берийн, мел хьо гIийла велахь а, хьолада велахь а, лакхарчу доьшийле бер дохуьйтуш, ахчанаш дала деза теттина. Школашкахь "хьехархошна" олий, "директорна" олий, "кир-сир дан" олий, кепекаш сецайо. Дешар чIогIа, чIогIа ледара ду".​

Даим хеза хьехархойн латкъамаш, урок дIаяхьа, ца дуьтуш, шарахь шозза а, кхузза а шайна лерина республикехь вовшахтухучу курсашка кхуьйлу шаьш, квалификаци лакхаяккха, олий.

Кху деношкахь дешаран шо даладалале аьлла, Соьлжа-ГIалахь дешаран, Iилманан министралло махкарчу хьехархойн говзалла айаран институтца юкъахь курсаш дIакхайкхийнера, шайн дагахь, Воронежера тоьллачех лекторш а кхайкхина.

Оцу ладоьгIийлера араяьллачохь къамел тасаделира тхан Нажи-Юьртарчу юккъерачу школехь оьрсийн мотт хьоьхучу Баталова Айзанца.

Цо дийцарехь, кхунна хуучул а совдаьккхина цхьа хIума ца хазийра царна тахана. Айзан ю дуьйцуш.

Баталова: "Стохка Петарбухера баьхкинчу Iилманчийн-лекторийн курсашкахь хилла, экзамен дIаелла аьлла, диплом ду сан карахь. Цу тIехь яздина ду, цхьана кхаа шерачохь кхин корматалла лакхайоккхучу курсашкахь хила декхар яц со, аьлла.

Тхо хIора шарахь хьийсадо оцу курсашка. Цара кхин тIех даьккхина я дуьйцуш хIума а ца хуьлу, со цецъяккха цхьа хIума ца дийци-кх цара тахана а. Туьйранаш дийци-кх тхуна. Халкъан туьйранаш муьлхарнаш ду, литературан муьлхарнаш ду, хоьттуш.

Берашна муха хаздан деза туьйранаш, хьоьху. Воронежера дуьйна схьа а еана, цо ца дийцича а, тхуна а ма хаьа, берашна туьйранаш дезий а, уьш муха Iехо деза а".​

Ши шо хьалха Нохчийчоьнан куьйгалхочо Кадыров Рамзана шен тидаме эцнера доьшийлаш, ша хIора школе а, университете а шен комиссараш хьовсор бу, дешархойн, студентийн хаарш лахдаларан бахьанаш гучудаккхархьама, аьлла.

ХIетахь дуьйна ша эшарал бен, кхин тоделла гIуллакх дац.

Школе комиссараш ца хьийсош, бюрократи, коррупци иэша а йина, ЕГЭ дIалучу дийнахь полисхошка бераш закъалт ца лоьцуьйтуш, цхьа кхин некъаш лехча хIун дара-те Iедало?

ГIуллакх иштта дIадахлахь, гIад дайна хьехархой, Оьрсийчоьнан вице-премьера Медведев Дмитрийс ма-хьеххара, бизнесе дIа а бахана, хьеха стаг а воцуш, лаьттар ю школаш, мохо а лоькхуш.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG