Нийса 25 шо хьалха, Марсхьокху - баттахь йолаелла лору гуьржашний-абхазашний юкъахь конфликт. Йоьжначу Советан пачхьалкхан юкъера яьллачу Гуьржийчоьнах дIакъаста лиинчу Абхази чудалийнера эскарш.
Абхазашна дикка гIолаьцнера Оьрсийчоьно а, Кавказера юкъараллаша цига хьовсийначу наха а.
Нохчийчуьра а бахнера шортта. ХIеттахь, 20 шо долу нохчо Хабибулаев Гилани эскарера цIавирзина хилла. Ша болх бинчу радиозаводе балха а ца воьдуш оцу тIаме вахна иза. Шен коьртаниг дара, кIезиг болчу абхазашна гIодар бохуш, дагалоьцу цо.
Хабибулаев: "1992 шарахь эскарера цIавеара со. Абхазерчу тIаме нах бара гулбеш. Ас хаьттира и тIом беш болу гуьржий а, абхазаш а мел бу. 4-5 миллион гуьржий бу, абхазаш 100 эзар ву. Вайн дайшкара дуьйна схьадогIуш дара гIийлачунна гIодар. Гуьржий ца безар а дацара, я абхазашка уозар а дацара. Со жима волу дела царна тIе а хIоьттина, гуьржашна дуьхьал валар хилира сан".
РМ: Маса стаг велла цигахь нохчех?
Хабибулаев: "Абхазин архивехь 77 нохчо ву велла аьлла билгалдаьккхина ду. Ткъа вуьшта 120-х стаг ву. 32 оцу тIамехь лар йоцуш вайна а ву. Гуьржийн йийсаре бахана вайн салтий а гина. Царна тIе пIелг ца Iоьттина меттигаш а ю, цIаберзийна уьш тахана а шайн доьзалш а болуш, маьрша бехаш бу".
Гуьржаша а, абхазаша а вовшашна тIе бехкаш дохкура, оцу тIамехь къизаллаш лелийна бохуш. Абхазойн агIо лаьцначу нохчаша байинчу гуьржийн кортошца футбол левзина бохуш дийца долийра. Иза бакъ дац, иза бакъ хуьлийла а дац, хIунда аьлча, мах а ца оьцуш, лахь-бала а, бисахь-биса а аьлла, гIийлачарна шаьш гIодан дахана дара аьлла, дийцира Хабибулаев Гиланис.
Хабибулаев: "ТIом буьйцучохь харцонаш дукха хуьлу. «Информационная война» олу цуьнах. Гуьржийн маьрша нах а гина цигахь. Уьш кIелхьара а баьхна. Нохчаша кортошца буьрканах ловзарх аьлча, иза къайлахчу сервисаша долийна эладитта ду леррина. Гагры-гIала яьккхинчул тIаьхьа Малхбалерчу фронтехь Сухум-гIала яра яккха езаш. Оцу бахьанца психологин тIеIаткъам бара гуьржийн салташна беш, шуна а изза хир ду шуна бохуш".
25 шо дIадаьлла Абхазехь тIом дIабирзина лору. Абхаи йозуш йоцу пачхьалкх ша ю боху. Оцу ехачу хенахь цигахь кхин тоделла дац бохуш дуьйцу дахар. ХIун бахьанаш ду цуьнан аьллачу хаттарна иштта жоп ло Хабибулаев Гиланис.
Хабибулаев: "ТIом хиллачу меттехь шатайпа цамгар хуьлу. Со вайн махкахь ваьхна ву. Кегий нехан а, баккхийчеран а дог-ойла а цхьана кхечу агIор йоьрзу. Дуьненехьа йирзина хьулу. Балхана тIе йирзина ца хуьлу. Абхазехь а изза хьал ду. Къаьмнаш а дуккха а ду цигахь. Халонаш ю цаьргахь. Лулахоша царна гIодина, цигахь хьал тодалийта лаьара суна".
Дуккха а хан дIаяьлла гуьржашний, абхазашний юкъахь тIом хилла. Абхазаша муха туьду и зама хIинца? Гуьржашца абхазаш берта гIур бу аьлла хетий хьуна?
Шена цуьнах хетарг иштта довзуьйту Абхазехь тIом бинчу нохчийн юкъараллан коьртехь волчу Хабибулаев Гиланис.
Хабибулаев: "Оцу машарна реза волуш суна-м ца хаавелла цигахь цхьа а абхаз. Шайн йозуш йоцу пачхьалкх ю олу цара. Гуьржашца а маьрша баха кийча бу уьш, цара шайн пачхьалкх къобал яхь. Шаьш чIогIа бала а лайна, тIом а лайна, Оьрсийчоьно йина блокада а лайна, нах а белла шай боху цара. Иза дицделла дац шайна боху цара. Историн бала лайна къам ду абхазаш. Дуьне мел ду баьржина а бу уьш".
Абхазехь а, Карабахехь а, тIемаш боьлхучу кхечу меттигашкахь дIахьочу а, дIабаьхьначу а тIемашкахь дакъалаьцна нохчаша. Тахана а, Шемахь а, Иракъехь а дукха бу уьш.
Тахана Хабибулаев Гиланис лечкъош дац, оцу тIамехь дакъалацаро шен мел долу дахар хийцина хилар. Цига ца ваха хьекъал кхаьчнехьара ша маьрша говзалла а йолуш адам хила мегара элира цо.