ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

"Сан таро яц бераш школе кечдан..."


Дешаран шо долалуш бер ишколе дахийта кечдар атта гIуллакх дац. Къаьсттина халонга долу дешархошна тIе, кога дохар гIийла бохкучарна, чохь доьзалхой алсам болчарна.

Стенна аьлча, дахарехь зеделла ма хиллара, лаххара а иттех эзар ахча деза цхьана берана бедарш эца. Шена-м мелла а атта ду, ша а цIийнда а балхахь ду, мардена а, марнанна а пенсеш а догIу боху Соьлжа-ГIалин кIоштан яхархочо Медента.

Медент: "Ишколан духар эцна ас. Цхьана берана 7-8 эзар ахча-м деза, нагахь ахь езанаш ца эцахь. Тхога-м эцало. Марда а, марнана а пенси оьцущ бу. Тхойшиъ а ду балхахь. Доьзалш дукха болчара хIун до-м ца хаьа. ГIийла лол беттарш дукха-м бу".

БархI беран нана ю Шелковск кIоштера Маржан. Пхи бер ду цо ишколе дахийта кечдеш. Цо а билгалдоккху, Iедалера хуьлуш гIо а доцуш, хала а, атта а шаьш берашна цхьа чкъор барзакъ эцар.

Маржан: "Бакъдолуш тхуна цкъа а Iедалера, ишколера гIо хилла дац-кх! ДIаяздина-м ду тхо гIо дийр ду аьлла… Жимачу берийн хIумнаш а мел еза ю алахь! Цхьа эзар а, ши эзар а доьху - кх берийн кучамех а. Цхьайолу бедарш лург а эцна".

"Суна-м хала ду хIорш нисбан"

Болх-некъ цахиларна тIедогIуш хIума дац, берашна оьшург латто гIерташ ша-м хало хьоьгу, кхечара хIун до-м хаац боху Шелковск кIоштерчу Меднас а.

Медна: "И воккханиг ханнна жима велахь а, хьуна ма-гарра, кегийчарна санна хIума мегаш а вац. Ши эзар а делла хеча эцна ас цунна, ишта ши эзар а делла мачаш а эцна. Цхьайтта эзар дIа-м даьлла. Киншкаш цкъачунна эцна а яц. Эца йиш йоцурш со санна дуккха а хир бу. Болх -некъ бац. Суна-м хала ду хIорш нисбан, нахехь а дац кхин даладелла хьал".

Динчу зераша ма-гайттара, ишколе хьовсо бераш кечдар лазаме довлурш дукхе дукха бу. Царех цхьаъ ю Теркйист кIоштера 7 беран нана Тоийта а.

Кхаа берана цIерачара а гIо а деш, бедарш нисйина ша боху цо, ткъа шинна тIедоха, оьшург эца ницкъ ца кхочу. Тоийта ю дуьйцуш.

Тоийта: "Уггар йораха хIумнаш эцна ас. Кхаа берана 30 эзар дIа-м даьлла. Ши бер цIахь ца дитича а ца йолу. Уьш кечбан таро - м яц. Оцу кхаа берана барзакъ оьцуш а ненахоша гIо дина, ца динехь сан йиш а яцара".

"Йоккхах йолу ши йоI ишколе ца а йоьдуш юьсуш лаьтта"

Хеттаршка ваьлча гучу ма даллара, эшамехь бехарш, дог ца дохош бер ишколе хьажо таро йоцурш хIумма а кIезга а бац. Шен йоьIан доьзалх дуьйцуш ю аренца йолчу цхьана юьртара Зулпат.

Зулпат: "Сан йоьIан ялх бер ду. Царех пхиъ ишколехь хила дезаш ду. Церан цхьа бер а дахийта таро яц. Оха гIо а деш кхо бер кечдина. Болх белхьара къахьоьгур долуш вара нуц. Чохь пенси догIуш стагга а вац. Йоккхах йолу ши йоI ишколе ца а йоьдуш юьсуш лаьтта. Ца магийтахь а дан хIума-м дац ша Iедало гIо ца дахь".

ТIе-кога духа дац аьлла, бераш цIахь муха дуьту? Тарлуш дуй и саннарг кху 21-чу бIешарахь хила? Мискачаьрга гIоьналлин куьг кховдо дагахь буй те урхаллехь берш? Оцу а, кхечу хеттаршна а жоьпаш дала хIуьттуш ца карабора дешарх боьзначу балхахь болу хьаькамаш.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG