Малхбалерчу тIамехь шаьш Ялсамане кхаьчча санна гойтуш я махкахошка шайна тIаьхьа ДАIИШ-е дIакхойкхуш дукха нохчий хаалора хьалха интернет-хьостанашкахь.
Уьш я белла, я шайна тIаьхьадевлла лелачу цигарчу эскарех бевдда, лечкъарш лечкъаш, летарш лиэташ бохку, я лецна, тутмакхийн статусехь бу.
Боршачу нахах дерг – иза мелла а кхетадало, царна кхаьчнарг цара шаьш шайна лехнарг ду, амма бара цаьрца тIеман хьелашкахь цхьанна а мостагI хила йиш йоцу церан зударий, бераш.
Оцу тIаьххьарчу категорех, зударех, берех, сагатдо дуьнентIерачу массо а нохчаша.
ТIаьххьара кхочучу хаамашца, ДАIИШ-ера яьккхинчу Мосулан херцаршкара дIалехьийна вуно дукха дакъаза бевлла, лазийна къаной, зударий, бераш. Бу царалахь Оьрсийчуьра дIабахначу доьзалшкара зударий, бераш а.
Ши кIира гергга хьалха кхин а цхьа йоккха гIала мукъаяьккхира Иракъехь – Мосулна 50 чаккхарма юьстахлаьтта Талл-Афар. Цигахь, масийтта эзар вен а вуьйш, лаьцна 1300 ДАIИШ-хо. Уьш а, Мосулехь лецнарш а тутмакхийн хьесапехь кхобу Хаммам Эл-Алил цIе йолчу тIеман куьпахь. Царалахь дукхахберш овхIанхой, кавказхой бу, яздо меттигерчу Shafaq News портало.
Кхеташ ма-хиллара, цигахь лецначех дукханнийн а бу Иракъехь цхьаьнхьа бала хьоьгуш доьзалш.
Бераш лохучу кампанина юкъайоьллачу Оьрсийчуьрчу Раша Тудей телевизионан а, Кадыров Рамзанан векалан, сенаторан Сабсаби Зиадан а информацица, 48 кавказхойн, гIезалойн бер хааделла Мосулерчу берийн хIусамехь. Дукхахболучийн да-нана делла.
Оцу а, и санначу а берех доладан, уьш даймехкашка дерзон а атта дац. Дуьззина тоьшаллаш гулдан деза, уьш хьенан ду, церан гергарнаш муьлш бу Оьрсийчохь къастош.
ТIеман хьаьттахь шаьш дисинчу нохчийн берех дог а лозуш, церан ларш лохуш, уьш гергарчаьрга дIакхачадайта къахьоьгучаралахь бу Урдунерчу нохчийн хьалханчаш а. Масала, инарла Бено Самихь, парламентан депутат Бено Тамер а. Уьш шаьш меланна бечу балхаца зIенехь бу Сабсаби Зиадца а, цунна накъосталла дечу Иракъерчу хьукматашца а.
Прессехь хьахоза юьсучу Иракъерчу маьрша нохчийн кхин цхьа категори а ю тахана гIелонехь – оцу махкахь бIе шо сов хьалха дуьйна а беха вайнах.
Иракъехь хьох "шишани" аьлла хезча а ду кхераме, ца беза нохчий"
Иштачех дийцира Маршо Радиога царех сагатдечу урдунхочо Ахьмада. Цо дийхира шен цIе юьззина цаяккхар. Ахьмад арадаккха гIерта Иракъерчу нохчех долу цхьа йоккха стаг, воккха стаг. Уьш буьсуш бу ДАIИШ-о доладечу меттигехь, боху цо. Ткъа тIеман кIуьрлара бовла царна новкъарло йо Иракъехь а, Шемахь а йоккху «шишани» цIе яьккхича, эскархой луьра хьовзаро, царна нохчий цабезаро, элира Ахьмада.
Ахьмад: «Цигахь цхьа накъост ву вайн нехан бала кхочуш, тIамера дIагулбинчу зударийн, берийн куьпахь болх беш. Цо а накъосталла до нохчийн бераш лоьхучарна.
Иракъехь бехачу бухарчу нохчашкахь а ду вон хьал. Диала гIала ю йохийна, цигара цхьа йоккха стаг, воккха стаг арадаккха гIерта со кху муьрехь. Цушиннан кIант, йоI арадаладелла, ткъа уьш ца бовлало цкъачуннна. ДАIИШ ю цигахь, цо ца бовлуьйту дIаса.
Цу тIе йоккха стаг, айина ца йигахь, ша лелалуш а яц. Яа хIума а яц, язъелла.
Берех дерг. Ши де хьалха хезна суна, Кадыров Рамзана хьовсийна нах хIинца а дIа кхачабелла бац тIамера дIалехьийна бераш, зударий болучу метте.
Бераш, зударий чохь кхобучу лагершкахь а ду вон хьал - эскархоша а лелайо харцонаш, богIий, шайна луъурш дIабуьгу. ...Базар ю тIом, цигахь нах бохка а бухку, царна тIехь дерриг а леладо. Массо а агIонаша.
Иракъехь хьох "шишани" аьлла хезча а ду кхераме, ца беза нохчий, вай дерриг а дина, "Шишани, Шишани", бохуш, дозаллаш а детташ...".
Таханенна ала хала ду, мел Нохчийчуьра а, Европера дIабахана нохчий белла, тутмакхашлахь бу Малхбалехь. Иштта хала ду буодисина, девлла лелачу а, цигарчу Iедало дIагулдинчу а нохчийн берийн, церан нанойн терахьна тIаьхьакхиа а. Ткъа шеко яц уьш бIеннашкахь хилар.
ТIом баьл-баьллачохь шаьш хила беза моьттуш, массо а конфликташка дIалистинчу нохчийн барамах ойла йича, цара шайн къоман цIе дуьнене мел гезйохуьйту ойла йича, ала а тарлуш, Нохчийчоьнал арахьарчу тIемаша кху тIаьххьарчу ткъе пхеа шерачохь нохчашна цIерачу тIемаша динначул зен дина.