ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Мамонь Марчин, Полшера журналист: «Нохчийчу бахначу коллегашна ма-дарра гур дац цигара хьал»


Полшера журналист Момонь Марчин
Полшера журналист Момонь Марчин

КIира доккхур ду Къилбаседа Кавказе баьхкинчу Полшерчу журналисташа

Пресс-тур кечйина Оьрсийчуьрчу Горчаковн цIарахчу халкъан дипломатин тIекарлонан фондо а, Нохчийчоьнан кегийрхойн гIуллакхийн министралло а.

Шина а хьукмато шайн сайташ тIехь бечу хаамца, Европера хьеший буьгур бу Пятигорске хьажа а, Къозан-IоматIе а. Лур бу царна мехкан цхьацца куьйгалхой, юкъархой, иштта шайн коллегаш, журналисташ, ган аьтто а.

Нохчийчуьрчу хьостанаша дийцарехь, Iалашо ю арахьарчу журналисташна тIе Къилбаседа Кавказерчу дахарх долу бакъдерг ма-дарра дIакхачо, хIунда аьлча, дукха хьолехь негативехь гойту Европерчу журналисташа Нохчийчоь.

Маршо Радио талла хьаьжира, муьлш бу Полшера Кавказе баханарш, мел аьтто баларе сатуьйсу цара цигара дахар ма-дарра гайта.

Амма ца карийра Кавказе бахначу журналистех хаам цхьана а Полшерчу хьостанашкахь. Ца хезна оцу прес-турах лаьцна ерриг а Полшехь бевзаш болчу журналисташна а.

Нохчийчохь дукхазза хилла а, цигарчу тIемех, халчу дахарх, тIаьххьарчу шерийн хьолах яздина а, тахана а яздеш а болчу Полшин журналистех ву Мамонь Марчин. Цо ша ца кхета боху бакъдерг муха карор ду таханлерчу Нохчийчохь, цигарчу Iедало нахера хьал ган а, талламаш бан а тIебаьхкинчу журналисташна магош а ца хилча, бухара бахархой баьхьаш а ца хилча.

Дуьненан массо а маьIIехь бу ас гергарло леладен нохчий​

Мамонь: «Cан бIаьрг буьзинера шун жима къам йоккхачу Оьрсийчоьнах леташ. Оьрсийчоьно тхуна а йина дукха хьунаш. Цундела дара ас нохчех лаьцна дуккха а дийцар.

Шераш девлла, хIинца цигахь хьал меттахIуттуш ду бохуш дуьйцу.

Дуьненан массо а маьIIехь бу ас гергарло леладен нохчий. Уьш Европехь хилла ца Iа, Африкехь а тIехь бу. Царех болчу сайн доттагIашкахула дийца гIерта со карарчу хенахь, масала, документалан филмехула, стенна бахана нохчийн Шема тIом бан.

Шуна тIом лаьтта хIинца а, тхо долчохь цкъачунна машар бу. Амма Оьрсийчоь ю тIегIерташ. ДжовхIара (Дудаевс – МР) ма-аллара, Нохчийчоь яра юьхьанца, цул тIаьхьа Гуьржийчоь, Украина, сахьт дац оьрсий Полше кхача а. Цундела оьшу вайна вовшашца уьйр латтон".

Историца боьзна бух а болуш ю полшахойн Нохчийчоьне лаьтта интерес – цигахь Шемал Имаман заманахь лаьттинчу тIемашкахь нохчашкахьа летта шен махкахой, цигахь хIу а хецна, даха дисина царех дакъа, дуьйцу журналисто Мамонь Марчина.

Тхан нах шайн заманахь летта Шемал Имамца цхьаьна оьрсашна дуьхьал.​

Мамонь: "Тхан нах шайн заманахь летта Шемал Имамца цхьаьна оьрсашна дуьхьал. Иштта ламаст ду-кх. Суна бевзаш доьзалш бу Нохчийчохь 19-чу бIешарера дуьйна схьа полшахойн орамаш а болуш. Цара шайх «полшахойн тайп» олу».

Ша хаза а хеташ гIур вара Нохчийчуьра дахар Полшерчу прессехула довзийта, элира Мамонь Марчина. Амма ца теша иза шега Нохчийчохь бухарчу Iедало маьршша иза дойтур ду бохучух.

...Баханехь а, уьш Кадыровца барт а бина бахана

Мамонь: «Массарна а хаьа, журналисташ Нохчийчу а бахана, цигахь кино яккха йиш йолуш боцийла, я бу, нагахь санна цара Кадыровца барт бинехь. Кхин некъ бац.

Ткъа бакъдерг дийца, Нохчийчохь дерг ма-дарра гайта, суна хетарехь, бац некъ аьттехьа а. Нагахь санна полшахой цига баханехь а, уьш Кадыровца барт а бина бахана. Кхечу нахе иза далур а дац, соьга хаьттича».

Цундела ца теша дуккха а зеделларг долу Полшера журналист Мамонь Марчин Нохчийчу бахначу шен махкахоша цигара бакъдерг а дохьур ду, иза цIерачу прессехь довзуьйтур а ду бохучух.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG