Мьянмерчу рохIинджех къахетта гIаьттинчу Кадыров Рамзанах бIаьрг буьзна Таджикистанерчу поэтессин Iазиз Адибин. Цо яржийна байт лела интернетехула беккъа цхьана цуьнан ненан маттахь.
Зудчо доггах шен дешан цIерга тосу Мьянмера къиза нах, турпалан дарже воккху Оьрсийчуьрчу регионан куьйгалхо.
Кхин ца алладаллал чIогIа аьлла хиларна, байт шен коллегийн-таджикийн гIоьнца нохчийн матте яьккхира Маршо Радионо.
Авторх ца кхардар а доьхуш, йовзуьйту оха иза! Цхьа бакъ ду, ерриг йоьшийла дац, яцъян а дийзира байт – дуьненан динех цхьаъ цхьаьнхьа а дилла ца магадо авторо.
Iазиз Адиба. Рамазон аш дарвахь…
Рамазон аш дарвахь,
Дамар-дарц цо шух дер!
Делах теша бохурш,
Шайх бен дош ца хетарш,
Иэхьах цинц а боцуш,
Лела адам хьийзош.
Бусалбанийн цIий ду
Дуьне ма-дду Iенаш,
Хиш ду цуьнан басахь.
Мьянмин паччахь ша ву
Цу харцонан коьртехь.
Делах теша бохуш,
Иза Iехо гIертарш,
Иблис ду шух доьлла.
Амма шу ларлолаш –
Рамазон аш дарвахь,
Дамар-дарц цо шух дер!
Таджикистанерчу Iазиз Адибас Кадыров Рамзан дашца вазвар тIех даккхийчех а дац – Азерчу бахархошлахь, къаьсттина кегийрхошлахь, цIе лелаш нохчо ву иза.
Делахь а, Мьянмица Кадыровн цIе йоьзначу поэтессина гIеххьачул тешнабехк хилла.
Москох Мьянмин векалтна хьалха гулам бина бусалбанаш полицино ца хьебеш битира.
Ца биллира официалехь бехк цхьаммо а Кадыровна цо цул тIаьхьа Соьлж-ГIалахь нана-йоккха митинг хIоттийча а.
Хийцамаш тIаьхьо хилира, гуламаш лаьттачу деношкахь Китай вахана лелла президент Путин цIехьа вирзича – Москох кхидIа а гуламе бовла гIоьртина бусалбанаш лийцира.
Хиллачех тера гулам бан гIоьртинарш лийцира Петарбухахь а.
Бусалба вежарий ир-кара хIиттийна Кадыров цIеххьана юхавелира – тоийта, кхидIа ца оьшу рохIинджаш гуламашкахь бийца, «митинган аз дIахезна дуьненна», Мьянма тергоне эцна Цхьанакхеттачу Къаьмнийн организацино, элира цо.
Дуьненан политикехь дерг дерриг хIеппи энд-толамца дерзаре догдохур вай.
Ткъа хIун хир ду Таджикистанерчу поэтессаc Iазиз Адибас язйинчу байтах? Йоьшуррий-те иза Кадыровна цуьнан гоно? Лур юй-те авторна еза машен, петар, ахча, я деккъа дIа «Нохчийчоьнан халкъан поэтесса» цIе а тиллина юьтур ю?
Хене юхахьаьжна, прецеденташ тергалйича, шена, я шен дена, нанна байт язйинчунна «паччахьо» беш хуьлу аьттонаш дагалаьцча, лораза йойла-х даций байт!