ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Германехь лаьцна Шема тIаме вахана хилла нохчи


Германерчу Бременехь полицино лаьцна «Исламан пачхьалкх» тобан могIаршкахь Шемахь тIом бина нохчийн къомах волу стаг, хаам бо Deutsche Welle.

ХIамбурган прокуратуран векало бинчу хаамца, Шема а вахана, иза дIакхетта хилла «тIом бечу тобанах».

Стохка Германин лерринчу сервисийн белхахоша Бременехь таллам бира «Исламан пачхьалкх» шех олучу тобанехь тIом бина аьлла шеко йолчу нохчашна.

Болчу хаамашца, 700 стаг ву Германина кхераме хила мега аьлла Iедалша шайн тидамехь латтош. Уьш дукхах берш бусалба нах бу.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG