ТIекхочийла долу линкаш

 
Ши адам дийна Нохчийчохь хиллачу некъахьовзамехь
ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Ши адам дийна Нохчийчохь хиллачу некъахьовзамехь


Маршо Радион архивера сурт.
Маршо Радион архивера сурт.

Некъахьовзам хилла «Кавказ» федералан новкъахь. «Лада-Калина» тIекхетта Toyota Land Cruiser машенна, хаам бо Нохчийчуьрчу чоьхьарчу гIуллакхийн министраллан зорбанан сервисо.

И бахьана долуш оцу маьIаргон делла «Лада-Калина» машенна урхалла деш хилла 49 шо долу стаг а, цуьнца машенахь хилла зуда а.

Хилларг толлуш ю полици.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG