Бохам хилла Гуьмсера Азамат-юьрта боьдучу некъа тIехь, хаам бо Нохчийчуьрчу чоьхьарчу гIуллакхийн министраллан зорбанан сервисо. Вовшахкхеттарг ю «ВАЗ-21140» а, «ВАЗ-217030» а олу ши машен.
Некъахьовзам хилар бахьана долуш велла Гуьмсан кIоштан дарбанан хIусаме дIакхачийна волу «ВАЗ-21140» чохь хилла 56 шо долу стаг.
Цул сов, лазийна машенашна урхалла деш хилла ши стаг а, «ВАЗ-217030» машен чохь хилла некъахо а. Уьш реанимацехь бу.