Шен Соьлжа-ГIалахь Нохчийчуьрчу низамхошца шинарийн сарахь хиллачу кхеташонан жамIах йоккхаеш, «ерриг а санна, сайна низамхошкара а, талламчашкара а оьшу информаци хили суна», аьлла президентан цIарах Оьрсийчохь адамийн бакъонийн тергоечу Москалькова Татьянас РИА «Новости» агенталле.
Цо ша хIинццалц саготта яра боху «Новая Газето» Нохчийчуьрчу низамхоша вийна аьлла массех бутт хьалха цIерш яьхначу 27 стагах талламчаша кхаччош бакъдерг ца олуш. Ткъа хIинца тешна, боху, «байна бохуш буьйцучех цхьаберш дийна хиларх а, уьш лебеш хиларх а».
Вуьйцучу 27-ннах дийна волчу шинца пачхьалкхан коьртачу бакъоларъярхочунна ган йиш юйла а хаийтина Нохчийчуьрчу низамхоша. И аьтто шена луш хилча, Москальковас дехна полисхошка шаьш «бохург мел бакъ ду гайтар».
Массех бутт хьалха Нохчийчохь елхайо харцонаш талла гIоьртира президентан адамийн бакъонашкахула хьехамча волу Федотов Михаил а. Амма бирзира цуьнан таллам Кадыров Рамзан а, махкара бакъоларъярхой а хасторца. (Хьажа Кадыровн Instagram).
Москалькова Татьянас я Федотов Михаила бечу хаамашна официалехь дуьхьалхIуттур вац тахана Нохчийчуьра цхьа а вахархо. Кхераме ду иштаниг дан, ца лов иза цигарчу Iедало, сихха бекхам бо шех вон дош аьллачунна. Масалш бIеннашкахь лела прессехь, интернетехь.
Делахь а дац иза Нохчийчохь ца карабо Маршо Радиона парггIат дош олу нах бохург. Тхан къамел хилира, махка еъна Москалькова Татьяна «дерриг кхузахь дика ду» ала кийчча ю, иза рогIера харцо ю аьлла хетачу яхархочуьнца. Иза реза яра шен цIе ма-ярра яккха. Амма кхерама кIел ца хотторхьама, оха дийхира цуьнга шена шеггара кхин цIе тиллар.
ГIур яц Москалькова а, кхиберш а нахана юкъа
«Ламара алийша тIаккха», аьлла ястайолийра цо Москалькова еъна, яхча шегахь йисина хьу.
«Ламара»: "Москалькова а, кхиберш а, Путинан цIарх шаьш бакъонаш ларйо бохуш, Нохчийчу лела, официалехь докладаш йо, царех тешам цхьана а агIор бац.
Х1унда бац? Уьш иштта и бакъонаш хIаллакьечара лар а беш, цара аьллаче а боьлхуш, Нухажиев хуьлийла иза, кхин хуьлда иза, уьш болуче а боьлхуш, цара араяккха магош йолу информаци бен нахана йовзуьйташ а лела.
Х1унда ду иза иштта? Нохчийчохь тахана хIоьттина хьал вайна муха ду хаьа. ХIинцца, дуккха хан йоццуш, Турбинерчу шина кIантана тIехь лелош харцонаш ю, шаьш хьийзадо, аьлла, Тазбиевн а, Тарамовн а цIерачара хьал Iорадаьккхича хIун хилира?
Шайна шаьш стенна куьг таIийна ца хаьара, шаьш ледина... И ловзар цхьана а агIор нехан бакъонаш ларъяхьама лелош дац. Iедална хьалха еш йолчу "проверкех" тешам бац, цаьрца я бакъдерг а дац.
ГIур яц Москалькова а, кхиберш а нахана юкъа, шаьш тIелоцуш болу, 1едалхой юххера дIа а баьхна, цхьа стаг юххехь а воцуш, шаьш нахана юкъа а бевла, наха хIун боху хьовса.
"Собардел, со гIур ю, суна сайнна хьажа лаьа хьоле, сайнна йистхила лаьа нахе" ма ца боху!"
Прессехь даржаза дукха дийцарш ду Нохчийчохь лелаш. Доккхачу декъанна, дахначу Iай леццарх хIинца кхелах чекхбохуш болчу иттаннех, царна тIекхоьллинчу «террористаш» цIарх.
Цхьа а бакъдерг лаха ца вогIу кхуза
Шен гергара нах а бу «Ламарин» кестта кхеле кхачор болчу кегийрхошлахь. Цунна дика хаьа ша хьенан къа-бала балхабо, буьйцурш муьлш бу. Амма ца магадо цунна гергарчара цIерш яха.
«Ламара»: "Шелара хьал тахана а, селхана а ю со тхайн нахе Iорадаккхийта, вайга дийцийта, бохуш.
Бехк-гуьнахь доцуш, чудоьхкина бераш ду, цхьаболучарна хенаш тоьхна, ахчнаш деллачарна жимма лагIдина таIзар. И ахчa хьалххе дIадала дезий ца хууш бисинчарна кхин а тIе ницкъбина, ток еттийтина, 9-15 шераш хенаш тоха мега.
Х1унда бац тешам Нохчийчохь долчу хьолах? Цхьа а бакъдерг лаха ца вогIу кхуза - Iедал цIандан, Путин а, цуьнан го а ларбархьама леста и хьакамаш кху махка.
Нохчийчуьрчу нахана дийца ца лаьа бакъдерг. Аьлча, гергарчарна ницкъ бо, чохь дахкочу берашна а, гергара стаг вист ма хилли, хаза нехан cанна ницкъ бо, къизалла яллайо, етта. Церан гергара кхиберш а дIабуьгу.
"Делан дуьхьа, со ца яьхьа (со ца ваьхьа), сан кIант ву, вешин бераш ду", бохуш, адам ца даьхьа дийца, кхерийна. Цара массо а агIор адам охьа а таIийна, цхьа а бакъо а йоцуш, дист хила йиш а йоцуш, и доккхуш долу са а къиза доккхуьйтуш ду-кх кхузахь.
Хатта ма дезза дов а хаттий, волла бехкеверг чу. Ма де и таIзар хьайна лаьара, хьуна погонаш тIе седа божийта лаьара, алий. Амма ницкъ беш бу.
Адам кхерийна. Амма хьалхавала стаг вац махкахь. Хийла дIасайоьдуш, таксист хуьлда иза, кхин хуьлда, олуш хеза : "Хьажахь, мел хаза бу вайн мохк. Са ца даIало-кх, са ца даккхало-кх, дависарг".
Хийла олуш хезна суна: " Велара хьалха вала цхьа стаг, тIаьхьа хIуттар вара -кх, лийр велахь а".
Нехан дуьхьа, вайн хIаллакбеш болу кIентийн дуьхьа беш цхьа а болх бац
Москалькова еъна яхна. Ткъа дагахьбаллам бисина цо схьалехна а боцчу, дагаяьлла а боцчу, шайн гергарчу кегийнаха ловчу баланна сагатдечу гергарчаьргахь. Царех ша а ю «Ламара».
«Ламара»: "Адам тахана махкара арадолуш ду.
Польшера журналисташ баьхкина, "къематде", "дика ду цигахь"! Ду дера дика! Уьш шайнна раж а хIоттайой, х1окху хенахь шу кху ресторенехь хир ду, хIоккху хенахь хьо кхуза воьдуш ву, хIоккху хенахь ицце хьо сакъера воьдуш ву, олий тIеоьцу.
Хьуна хьалха эшарш лоькхуш, хьуна хьалха концерташ хIиттош, хьо садаIа а вуьгуш, мехкан хаззалла дIагойту. Ю и хаззалла Iаламат чIогIа, мохк хаза бу вайн.
Амма гIур бац и журналисташ чуьра бераш дIадигинчу нахе а, чудоьхкинчу оцу берашка бист хила, уьш гIур бац, церан цIеранаш ган, бистхила гIур бац. ХIунда г1ур бац? БогIуьйтур бац.
Махкахь нах бистхила ца баьхьа, тахана ахь цхьаъ аьлча а, хьайн Делан дуьхьа IадIе, ахь тхуна проблемаш йо, тхо кхоьру, тхо даха дезаш ду, олу. ТIаккха оцу адамиехь хIун паргIато ю суна-м хаац.
Москальковас бийриг шен болх бу. Нехан дуьхьа, вайн хIаллакбеш болу кIентийн дуьхьа беш цхьа а болх бац. Иза а, кхиберш а Iедал лардеш бу, Путин а, цуьнан го а".