ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Сибреха дIакхелхаш бу кавказхой


Нохчий, гIазгIумкий, ногIий, гIалгIай, гIумкий, бIеннашкахь баха ховшуш бу Оьрсийчоьнан къилбаседанехь

Алпаут Рамазан

Сибрех гIолехьа дахар лоьху шайна дуккха а кавказхоша – къаьсттина, Дагестанерчу, Нохчийчуьрчу, ГIалгIайчуьрчу бахархоша. Тюменна гонаха, масала, IаьIна кавказхойн доьзалш иттаннаш эзарнашкахь.

Официалан терахьашца, деккъа Тюменан махкахь 2010-чу шарахь бехара 19 эзар гIумкий, 16 эзар гIазгIумкий, 10,5 эзар нохчий, 5 эзар ногIий, 3 эзар гIалгIай. ТIаьххьарчу 40 шера чохь нохчийн терахь цигахь дебна, масала, 20-зза.

Бахархойн миграци алсамъяларе терра, хийцалуш ю уьш баьхначу децIера демографи а. Иза вуно дика го Дагестанехь. Хьалха дуьйна гIумкий алсам бехаш хиллачу Каякентан кIоштан Утамыш а, Алхаджакент а ярташкахь доьжна бахархойн терахь. Иштта гIумкех а, ногIех а яссалуш ю Баба-Юртан кIошт.

Къаьсттина лахделла бахархойн терахь гIазгIумкийн ларалучу Сулейман-Стальски кIоштехь. Цигахь массо а ярташкахь ду цхьа хьал – дIакхелхаш бу бахархой. Изза хьал ду кху аьхка ХIинжа-ГIалара шайна хьажийна куьйгалхо тIе ца оьцуш, митингашка бахархой бийлинчу НогIийн кIоштахь а.

«Кавказ-Реалиица» къамел динчу НогIийн кIоштан администрацин векалша бакъдира цигара бахархой Сибрех дIакхелхаш хилар. «Коьрта бахьана ду кIоштехь бан белхаш бацар» - элира цигарчу пресс-центро. Цо бахарехь, куьйгалло дерриг а до нахана болх хилийта. «Сацам бина кIоштехь инвестицийн парк хIотто, нахана белхан меттигаш нисъян, уьш йолах мукъа а йохуш» - бохура администрацин векало.

Сулейман-Стальски кIоштан векалша а боху шаьш долчуьра бахархой дIаэхар а бан белхар бацарна ду. «Тхо долчохь нах Советан пачхьалкхан заманахь доккхачу декъанна мехкдаьтталелорхой бара. И Iедал доьхча, нах Сибреха дIаэха буьйлабелира. Тхан кхузахь церан корматаллах дан хIума ма даций» - элира кIоштан куьйгалхочун гIовсо. Цо бахарехь, дIаоьхурш кегийнах бу.

Нохчийчуьра мехкдаьтталелорхой 90-чу шерашкахь шайн махкахь политикан хийцамаш хила боьлча дIабахара Сибрех, царалахь бара иштта дIа социалан хьелашкахь паргIато лоьхурш а.

Кавказера мигранташ тIеоьцуш болчу Тюменан махкахь ца лоьру Iедало а, бахархоша а къаьмнийн башхаллаш, цигахь массо а беха машаре, бехира дуккха а шерашкахь. Губернаторо Якушев Владимира а элира дукха хан йоццуш, мехкан Iедал дац къаьмнаш къестош.

«Къаьмнаш къестош дацарх» уггаре хьалха тоьшалла до цигара бахархой багарбеш арахецначу статистикан тоьшаллашкахь дуккха а къаьмнийн векалша шайн ненан меттанаш хууш а бацаро. Масала, статистикан документаша бахарехь, Тюменерчу гIумкашна, гIазгIумкашна, ногIашна ца хаьа, я вуно ледара хаьа шайн ненан мотт.

Цигахь «къаьмнаш къестош дацар» гучуделира кавказхошца бутт хьалха хиллачу инцидентехь а. Прессо хаамаш беш ма-хиллара, Сургутехь массех латар хилла тIаьххьарчу кIиранашкахь, летарш Iедалера низамхой а болуш.

Иштта, нисделира цигахь Сулейман-Стальски кIоштара схьаваьллачу дагестанхочо Гаджиев Артура Сургутерчу бахархошна дийнан делккъехь, гIали юккъехь урс деттар а, иза полисхочо тапча тоьхна вер а.

Гочдинарг - Чабаев Лоьма.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG