Оьрсийчоьнан бакъонашларъярхойн хаамца, Еврокомиссино тIечIагIдина, Соьлжа-ГIалахь вайна Бакаев Зеламха Европе кхаьчна цахилар. Ша Германехь ву бохуш, Бакаевс къамел ден видео «хIоттийна» ю аьлла хета бакъонашларъярхошна, Оьрсийчоьнан омбудсмен Соьлжа-ГIала еанчул тIаьхьа.
Интернетехь Бакаевх видео яьржича, оршотдийнахь кехат дахьийтинера Европан комиссига бакъонашларъярхоша, иллиалархо Европе дехьаваьллий толлуш.
"Оцу видео тIехь верг баккъал а Бакаев Зелим ву, амма видеочуьра сурт Iедалхоша шаьш хIоттийна харц - тоьшалла ду. Тхуна хетарехь, Москалькова Нохчийчуьра дIаяхначул тIаьхьа яьккхина ю и видео, Зеламха дийна хиларх тешо. Тхо шеконашкахь ду, Зеламха чохь волу хIусам Германехь хиларх. Иза Нохчийчохь а ву, дозанал ара а ца ваьлла", - аьлла бакъонашларъярхочо.
Гоьваьлла иллиалархо Бакаев Зеламха байначу беттан 8 - чохь Соьлжа-ГIалахь варах дуьххьара "Кавказ.Реалии" портало бира хаам.
Иллиалархо Бакаев Зелимха вайна бохуш, хаамашкахь дестийна дийцар «сонта хIума ду» аьллера Нохчийчуьрчу зорбан министро Умаров Джамбулата.
Дпахначу кIирандийнахь Нохчийчохь вайна Бакаев Зеламха Германехь гучуваьлла аьлла, хаам баржийра меттигерчу телевизионехь, видео а гойтуш.
Оцу видеон талламаш бинчул тIаьхьа журналисташа дIакхайкхйира, видеоклип Германехь яьккхина ца хиларх.
Маршо Радион къамел хилира кIентан ненаца Маликица, цхьана а кепара кост кхаьчна дац цуьнгара хIинца а элира цо.